Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эло Мусага элира: «ПирӀун волчу а гӀой, дӀаала цуьнга: „Везачу Эло, Ӏебархойн Дала, иштта боху хьоьга: ‘ДӀахеца Сан халкъ цуьнга Суна Ӏибадат дайта’.

[2] Нагахь санна дӀахеца ца лууш, ахь иза кхин а сецадахь,

[3] Везачу Эло шен таӀзар хьан арахь лаьттачу даьхнина тӀе дерзор ду. Хьан говрашна, варрашна, эмкалшна, стерчашна, уьстагӀашна, гезаршна тӀе даьӀнаш долу луьра ун кхетар ду.

[4] Везачу Эло исраилхойн а, мисархойн а даьхни доькъур ду. Исраилан халкъан даьхнина юкъара цхьа а хьайба лийр дац“».

[5] Юха хан билгалъяьккхира Везачу Эло: «Кхана Ас дийр ду иза кху лаьтта тӀехь».

[6] ШолгӀачу дийнахь Ша аьлларг кхочушдира Везачу Эло. Мисархойн дерриг а бежанаш делира, ткъа исраилхойн цхьана а хьайбанна хӀумма а ца хилира.

[7] ПирӀуно хьовса бахийтира, исраилхошна зен хиллий, амма церан цхьа а хьайба ца деллера. Юха а дог а чӀагӀдина, халкъ дӀа ца хийцира пирӀуно.

[8] Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: «Канашкахь пешара юкъ схьа а эций, Мусага ирхкхоссийта иза, пирӀунна а гуш.

[9] Берриг а Мисар-махкахь цу овкъарх чан а гӀаьттина, адамашна а, даьхнина а, ноткъа а еш, чевнаш хир ю».

[10] Пешара юкъ а эцна, пирӀунна хьалха хӀоьттира Муса а, АхӀарон а. Мусас юкъ ирхкхоьссича, адамашна а, даьхнина а тӀехь чевнаш хӀиттира, ноткъа а йолуш.

[11] Бозбунчаш Мусана дуьхьал ца бовла белира, хӀунда аьлча уьш а, массо а мисархо санна, тӀехь чевнаш йолуш бара.

[12] Амма Везачу Эло чӀагӀдинера пирӀунан дог, цо ла ца дуьйгӀира вежаршка, Везачу Эло Мусага ма-аллара.

[13] Юха Везачу Эло Мусага элира: «Кхана хьалххе хьала а гӀаттий, пирӀунна тӀе а гӀой, дӀаала цуьнга: „Везачу Эло, Ӏебархойн Дала, боху: ‘ДӀахеца Сан халкъ цуьнга Суна Ӏибадат дайта.

[14] ХӀинца Ас Сайн дерриг а таӀзарш дохкуьйтур ду хьуна а, хьан уллорачарна а, халкъана а тӀе, Соьга кхочуш дуьнен тӀехь цхьа а воцийла хьуна хаийта.

[15] Сан куьг шуна тӀехула айина ду, хьо а, хьан халкъ а лаьтта тӀера дӀадаккхал цамгар яийта ницкъ бу Соьгахь.

[16] Ас Сайн ницкъ гайта витина хьо, дуьнен тӀехь массо а адамна Сайн цӀе йовзийта.

[17] Амма хьо хӀинца а Сан халкъана дуьхьало еш ву, иза дӀа ца хоьцуш.

[18] Цундела Ас кхана, хӀоккху хенахь, Мисара кхоьллинчхьана а ца хилла йолу къора тухур ю.

[19] Хьайн даьхни а, арахь дерг дерриг а къайладаккха. Арахь дисинчу адамашна а, даьхнина а тӀе къора а кхетта, уьш хӀаллакьхир ду’“».

[20] Везачу Элан дешнех кхерабеллачу пирӀунан цхьаболчу уллорачара сихонца шайн леш а, даьхни а цӀеношкахь дӀагулдира.

[21] Ткъа Везачу Элан дешнаш дагаца тӀе ца лаьцначара шайн леш а, даьхни а арахь дитинера.

[22] Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг стигала хьалакховдаде, адамашна а, даьхнина а, арарчу бацана а, берриг а Мисар-махкана а тӀе къора кхетар ю».

[23] Мусас шен Ӏаса стигала хьалахьажийра. Везачу Эло, стигал а къовкъийна, къора туьйхира. Лаьттах детталуш стелахаьштигаш дара, серладуьйлуш. Берриг а Мисар-махкана тӀе къора туьйхира Везачу Эло.

[24] Къора яра схьайогӀуш, цунна юккъехула лепаш стелахаьштигаш а дара. Мисар-махка тӀе адам даха хиъначхьана ца хилла йолу чӀогӀа къора яра иза.

[25] Арахь дерг адамна тӀера даьхнина тӀе кхаччалц хӀаллакдира къорано, буц а дӀаяьккхира, дитташ а кегдира.

[26] Амма исраилхой Ӏаш болчохь, ГӀашанахь, къора ца туьйхира.

[27] Мусага а, АхӀароне а схьа а кхайкхина, пирӀуно элира: «ХӀинца ас къа латийна. Веза Эла бакъ ву, ткъа со а, сан халкъ а бехке ду.

[28] ДоӀа де Везачу Эле, къора а, стигал къекъор а сацаде алий. Ас дӀадохуьйтур ду шу, кхин сеца ца деш».

[29] Мусас цуьнга элира: «Ас, гӀалех ара а ваьлла, Везачу Эле куьйгаш а айина, доӀа ма-диннехь, стигал а къекъар яц, къора а соцур ю. ТӀаккха хуур ду хьуна латта Везачу Элан дуйла.

[30] Амма суна хаьа, хьо а, хьан уллоранаш а хӀинца а Делах, Везачу Элах, ца кхоьрийла».

[31] Вета а, мукх а хӀаллакдинера, хӀунда аьлча мекхо кан хецнера, ткъа ветано хӀу теснера.

[32] ТӀаьхьа кхуьуш долу дела, кӀена хӀумма а ца хиллера.

[33] ПирӀун волчуьра ара а ваьлла, Везачу Эле куьйгаш кховдийра Мусас. Стигал къекъар а, къора а сецира, лаьтта тӀе оьху догӀа а дӀатийра.

[34] ДогӀа а, къора а, стигалан къекъар а сецна а гина, хьалха санна, харцо йира пирӀуно. Иза а, цуьнан уллоранаш а юха а дуьхьалбевлира.

[35] Дог а чӀагӀдина, исраилхой дӀа ца хийцира пирӀуно, Везачу Эло Мусагахула ма-аллара.

Арадаккхар — Chapters