[1] «Нагахь цхьаммо сту я уьстагӀ, лачкъа а бина, бехь я бохкахь, цо старана дуьхьал пхи сту а, уьстагӀна дуьхьал биъ уьстагӀ а бала беза.
[2] ХӀума лачкъо чуваьлла къу цхьаммо вийнехь, къуьнан цӀий вийначунна тӀехь хир дац,
[3] амма дийнахь иза делахь, къу вийначунна тӀехь цӀий ду. ХӀума лачкъийначо ша дина зе дӀатакха деза, амма цуьнан дӀадала хӀума дацахь, цо дина зе меттахӀоттош, иза вохка веза.
[4] Нагахь къуьнехь цо лачкъийна хӀума – сту белахь, я вир елахь, я уьстагӀ белахь а – дийна караяхь, цуьнгара ши мах баккха беза.
[5] Нагахь цхьаммо шен арахь я кемсийн бешахь дажош долу даьхни дӀа а хецна, нехан дӀайийна аре талхаяхь, шен арахь я кемсийн бешахь кхиъна тоьлла долу сурсаташ дӀадала деза цо.
[6] Нагахь цхьаммо цӀе латаяхь, ткъа цу цӀеро, коканашкахула яржа а яьржина, лулахочун цӀевнаш я арахь долу ялта, я ерриг а ялтин аре дӀакхаллахь, цӀе латийначо цу цӀеро дина зе меттахӀотто деза.
[7] Нагахь цхьаммо шен лулахочуьнга Ӏалашдан дато ахча я хӀуманаш лахь, амма цуьнан цӀа чуьра уьш лачкъаяхь, къу схьакарийча, цуьнга шалха мах охьабиллийта беза.
[8] Нагахь къу кара ца вахь, лулахочо, Далла хьалха а веана, шега еллачу хӀуманашна ша тӀе ца кхевдина аьлла, чӀагӀо ян еза.
[9] Шина стагана юкъахь муьлхха а хӀуманах лаьцна – я старах, я вирах, я уьстагӀах, я бедарх, я яйначу хӀуманах – къовсам белахь, и гӀуллакх Далла хьалха дахьа деза. Дала бехке винчо шен довхочунна шалха мах бала беза.
[10] Нагахь цхьаммо шен уллорачуьнга Ӏалашъян я вир, я сту, я уьстагӀ, я кхин долу даьхни лахь, амма и даьхни делча, я лазийча, я цхьанна а ца гуш, лачкъийча,
[11] Везачу Элана хьалха даьхни схьаэцначо чӀагӀо ян еза, шега деллачу даьхнина ша тӀе ца кхевдина аьлла. Даьхнин дас иза тӀеэца деза, вукхо мах бала а ца беза.
[12] Нагахь даьхни схьаэцначух цхьаммо и даьхни лачкъийнехь, цунах богӀу мах даьхнин дена дӀабала беза и даьхни тӀелаьцначо.
[13] Нагахь даьхни экхано цистинехь, бухайисина чарх дӀагайта еза, тӀаккха хӀусамдена даьхних мах бала безар бац.
[14] Нагахь цхьаммо шен уллорачуьнгара лело даьхни а далийна, и даьхни, цуьнан да уллохь а воцуш, лазадахь я лахь, цунах мах бала беза.
[15] Ткъа нагахь даьхнин да уллохь хиллехь, мах бала ца беза. Даьхни лелориг мах белла хиллехь, иза цунах богӀу мах хир бу».
[16] «Нагахь маре яхаза йоӀстаг Ӏеха а йина, цуьнца цхьаъ дӀавижахь, йоӀах богӀу мах дӀа а белла, иза яло еза цу стага.
[17] Ткъа нагахь йоӀан да цуьнга иза яхийта реза ца хилахь, йоӀах томана богӀу мах дӀабала беза.
[18] Жинашца тайнарг дийна ма йита.
[19] Бежанца дӀавижнарг ве.
[20] Веза Эла воцучу, кхечу деланашна сагӀа доккхург хӀаллакве.
[21] ТӀевеана стаг ваца а ма ве, цунна ницкъ а ма бе, хӀунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тӀедаьхкина Ӏаш.
[22] Йисина Ӏачу зудчунна а, байшна а зе ма де.
[23] Нагахь ахь царна зе дахь, Соьга уьш кхайкхича, церан мохь Суна хезар ма бу.
[24] ОьгӀазваханчу Аса туьраца дойур ду шу, тӀаккха шун зударий бисина Ӏаш хир бу, шун бераш а байлахь дуьсур ду.
[25] Нагахь Сан халкъана юкъара къечу стаге духалург айхьа ахча деллехь, духалург ахча луш болу вуьш санна ма хила цуьнца – ял а ма яккха цуьнгара ахчанна тӀе.
[26] Нагахь закъалтана уллорачуьнгара айхьа бедар эцнехь, малх дӀабузале юхало иза цунна,
[27] хӀунда аьлча и бедар йоцург кхин духар дац цуьнан, дегӀ дохдеш долу. ДӀа муха вуьжур ву иза, тӀетесна хӀума а йоцуш? Цо Сайга кхайкхича, Суна хезар ду, хӀунда аьлча Со къинхетаме ву.
[28] Далла а ма ле, халкъана тӀехь хӀиттийначу хьаькамашна неӀалт а ма кхайкхаде.
[29] Хьалха чудерзийна ялта а, кемсийн мутта а, зайтдаьтта а Суна шен хенахь схьало. Дуьххьара шайн хилла кӀант а схьало Суна.
[30] Иштта шайн дуьххьара хилла сту а, ка а Суна схьало. ВорхӀ дийнахь шайн наношца а дитий, борхӀалгӀачу дийнахь схьало уьш.
[31] Шу Сан долахь долу халкъ ду, цундела акхароша цистинчу даьхнин жижиг ма даа, дӀало иза жӀаьлешна».