Skip to content
Opens in a new window

[1] «Делан цӀа шех дина долу четар дуткъачу кӀадин итт шаршух а, сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эхангах а де. КӀадеш тӀехь говзачу балхаца тӀетегна каруб-маликийн суьрташ хила деза.

[2] ХӀора шаршун йохалла ткъе бархӀ дол, шоралла диъ дол хила еза. Шаршуш ерриш а цхьана барамехь хила еза.

[3] Пхи шаршу цхьаьна а, важа пхи шаршу цхьаьна а вовшахтесна хила еза.

[4] Сийначу кӀадих туьйдаргаш де хьалхарчу пхеаннах йистерачу шаршун цхьана агӀор, иштта де вукху пхеаннах йолчу йистерачунна а.

[5] Хьалхарчу пхеаннах йолчу йистерачу шаршуна тӀехь шовзткъе итт туьйдарг хила деза, шолгӀачу пхеаннах йолчу йистерачунна тӀехь а оццул хила деза. Церан туьйдаргаш дуьхь-дуьхьал хила деза.

[6] Шовзткъе итт дашо мӀара а яй, шаршуш цаьрца вовшахтаса, тӀаккха цхьа четар хир ду цунах.

[7] Газанан тӀергӀах шаршуш е четарна тӀехула лаца. Уьш цхьайтта хила еза.

[8] Цхьа шаршу йохалла ткъе итт дол, шоралла диъ дол хила еза. Ерриш а цхьана барамехь хила еза уьш.

[9] Царах пхи шаршу къастийна вовшахтаса, важа ялх а къастийна вовшахтаса. ЙолхалгӀа шаршу, шалха а йиллий, четарна хьалха нисъе.

[10] Пхеаннах йолчу йистерачу шаршун цхьана агӀор шовзткъе итт туьйдарг де, изза де ялханнах йолчу йистерачу шаршуна а.

[11] Шовзткъе итт цӀестан мӀара а яй, уьш туьйдаргех дӀатийса, тӀаккха дерригенах а цхьа четар хир ду.

[12] Четарна тӀетосучу шаршун совйолуш йолчух ах тӀехьарчу агӀонна чукхозуш йита.

[13] Шаршуйн йохаллех совйолуш ерг цхьацца дол четаран шина агӀор кхозуш йита, четар хьулдархьама.

[14] Ши кхалор е четарна тӀехула лаца – цхьаъ цӀен басар хьаькхна йолчу уьстагӀийн цӀоканех, важа хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсигах.

[15] Акацих ирахӀиттийна гураш кечде четарна.

[16] Итт дол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а хила деза уьш.

[17] ХӀора гуран ши зӀок хила еза, цхьаъ шолгӀачунна уллохь а йолуш.

[18] Четаран къилбехьа йолчу агӀор ткъа гур бе.

[19] Ткъа оцу гурашна шовзткъа дато бух бе: шиъ цхьана гурана – цуьнан шина зӀакарна, шиъ вукху гурана – цуьнан шина зӀакарна.

[20] Четаран къилбаседехьа йолчу агӀор ткъа гур бе.

[21] Царна шовзткъа дато бух бе, ши бух цхьана гурана а беш.

[22] Четаран тӀехьарчу, малхбузехьа йолчу агӀор ялх гур кечбе.

[23] Ши гур тӀехьарчу агӀор шина сонехь а кечбе.

[24] Уьш лахахь вовшахтесна хила деза, ткъа лакхахь цхьана чӀагарх дӀатесна хила а деза. Шина сонехь болу и ши гур иштта бина хила беза.

[25] Берриг а бархӀ гур хир бу, уьш тӀехӀитто ялхитта дато бух а болуш – хӀора гурана шишша бух.

[26] Акацих хьокхий кечде: пхиъ цхьана агӀор долчу гурашна,

[27] пхиъ вукху агӀор долчу гурашна, кхин пхиъ тӀехьарчу, малхбузехьарчу агӀор долчу гурашна.

[28] Юккъехь болу хьокха гурашна юккъехула цхьана йистера вукху йисте чекхбала беза.

[29] Гурашна тӀехула деши лаца, хьокхий чухӀитто чӀагарш а деших е, хьокхешна тӀехула а деши лаца.

[30] Хьайна лам тӀехь гайтинчу кепара четар дӀахӀоттаде.

[31] Сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а хьалха уллу кирхьа де. Цу тӀехь говза дина каруб-маликийн суьрташ хила деза.

[32] И кирхьа акацих бинчу беа бӀогӀамна тӀеолла. И бӀогӀамаш дешица кхелина а, шайна тӀехь дашо зӀакарш йолуш а, детих бинчу баххаш тӀехь лаьтташ а хила деза.

[33] Четаран лакхахь уллу мӀерех дӀатаса и кирхьа. Цунна тӀехьа дӀахӀоттаде бартбаран тӀорказ. Цу кирхьано еза чоь уггар езачу чоьнах дӀакъастор ю.

[34] Уггар езачу чохь долчу бартбаран тӀорказна тӀе негӀар дилла.

[35] Кирхьанна арахьа четаран къилбаседехьа йолчу агӀор стол хӀоттае, цунна дуьхьал четаран къилбехьа йолчу агӀор стогар хӀоттабе.

[36] Четарна чуволучу меттехь сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а шаршу кечъе, тӀехь говзачу суьрташца юьйцина йолу.

[37] И шаршу дӀаолла акацих пхи бӀогӀам кечбе, уьш дешица кхала. Царна тӀехь дашо мӀерий а де, и бӀогӀамаш тӀехӀитто пхи цӀестан бух а бе».

Арадаккхар — Chapters