[1] «Хьайн ваша АхӀарон а, цуьнан кӀентий а исраилхошна юкъара схьа а къастабай, царах Суна гӀуллакх деш болу динан дай бе. Уьш АхӀарон а, цуьнан кӀентий: Надаб а, АбихӀу а, ЭлиӀазар а, Итамар а хила беза.
[2] Хьайн вешина АхӀаронна деза духарш де, цуьнан сий а, ларам а айархьама.
[3] Цу балхана Ас похӀма деллачу говзачу нахе дӀаала, Суна гӀуллакх деш динан да хила иза къобалван, АхӀаронна духарш кечде алий.
[4] Цара кечдан деза духарш хӀорш ду: некха тӀе уллу беза тӀоьрмаг а, ийпад а, тӀехула юху оба а, дуткъачу дуьйцинчу кӀадих коч а, чалба а, доьхка а. И деза духарш АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дайта, Суна гӀуллакх деш динан дай уьш хилийта.
[5] Пхьерашка деши а, сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а схьаэцийта.
[6] Деших а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а ийпад цӀе йолу тӀехула юху бедар говзаллица кечъяйта цаьрга.
[7] Белшашкахь ийпад дӀайоьхкуш ши гур хила беза, цаьрца ийпадан ши агӀо цхьаьнатесна хилийта.
[8] Ийпадна тӀехула доьхкуш, иза ша санна дина долу доьхка хила деза. Деших а, сийначу а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эхангах а, дуткъачу кӀадих а дина хила деза иза.
[9] Оникс цӀе йолу ши беза тӀулг схьа а эций, царна тӀехь Исраилан кӀентийн цӀераш язъе:
[10] ялх цӀе цхьана безачу тӀулга тӀехь, важа ялх вукху безачу тӀулга тӀехь, вокх-воккхачу кӀентан цӀе хьалха а язъеш.
[11] МухӀар дечу пхьере шина тӀулга тӀехь Исраилан кӀентийн цӀераш а язъяйтина, дашо беттанаш чу хӀиттадайта и тӀулгаш.
[12] Ийпадан гураш тӀехь чӀагӀъяйта и ши ботт. Цара Везачу Элана исраилхой дагахь латтор бу. Цунна хьалха АхӀарона шен белшаш тӀехь лелор ю и цӀераш, уьш дагахь латтийта.
[13] Деших беттанаш е.
[14] ЦӀеначу деших юьйцина ши зӀе а яй, уьш беттанаш тӀе дӀатийса».
[15] «Говзачу балхаца некха тӀе уллу беза тӀоьрмаг а бе. Ийпад санна, деших а, сийначу а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эхангах а, дуткъачу кӀадих а йина хила еза иза а.
[16] ЕакӀов а, шалха а хила еза иза, йохалла а, шоралла а цхьа ше а йолуш.
[17] Дашо беттанаш чохь деза тӀулгаш дахка безачу тӀоьрмагна тӀе беа могӀарехь. Цхьана могӀарехь рубин а, топаз а, изумруд а хилийта.
[18] ШолгӀачу могӀарехь карбункул а, саппир а, алмаз а хилийта.
[19] КхозлагӀчу могӀарехь яхонт а, агат а, аметист а хилийта.
[20] БоьалгӀачу могӀарехь хризолит а, оникс а, яспис а хилийта. Дашо беттанаш чу хӀиттийна хила деза уьш.
[21] ТӀулгаш шийтта хила беза Исраилан шийтта кӀентан цӀарах. ХӀора тӀулга тӀехь, мухӀарна тӀехь санна, Исраилан тайпанийн цхьацца цӀе язйина хила еза.
[22] ЦӀеначу деших юьйцина зӀенаш е безачу тӀоьрмага тӀе таса.
[23] Дашо ши чӀуг а яй, безачу тӀоьрмаган шина маьӀӀе дӀатаса уьш.
[24] Юьйцина ши зӀе оцу шина чӀагарх дӀатаса.
[25] Шина зӀенан важа ши юьхьиг хьалхарчу агӀор долчу ийпадан гурашна тӀехь йолчу шина баттах дӀатаса.
[26] Дашо ши чӀуг а яй, безачу тӀоьрмаган чухуларчу, ийпадна уллохь йолчу шина маьӀӀе дӀатаса уьш. Ши дашо чӀуг а яй, безачу тӀоьрмагна чухула ийпад йолчу агӀор дӀатаса уьш.
[27] Кхин а ши дашо чӀуг а яй, ийпадан гурана лахахьа, хьалха агӀор, доьхкарна тӀехула дӀатаса уьш.
[28] Беза тӀоьрмаг шен чӀагаршца сийначу эханган тӀергаца ийпадан чӀагарех дӀабехка, ийпадан доьхкарна тӀехула а болуьйтуш, ийпадах дӀа а ца къостуьйтуш.
[29] Ша Делан четар чу воьдуш, АхӀарона безачу тӀоьрмага тӀехь шен дагна уллохь Исраилан тайпанийн цӀераш лелор ю, Везачу Элана уьш массо а ханна дагахь латтийта.
[30] Безачу тӀоьрмага тӀе дахка Урим а, Тумим а олу деза тӀулгаш. Везачу Элана хьалха АхӀарон хӀуттуш цуьнан дагна уллохь хир ду уьш. Ша Везачу Элана хьалха а волуш, исраилхошна хӀун дан деза билгалдаккхаран хӀуманаш шен дагна уллохь лелор ю АхӀарона».
[31] «Ийпадаца юха оба е сийначу басахь.
[32] Цунна юккъехь корта чекхбаккха Ӏуьрг хила деза. ЭтӀа ца этӀийта цу Ӏуьрган йистош, кӀади а лоцуш, дӀатега еза.
[33] Обанан юьхах сийначу а, можачу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах дина оьргаш охка, царна юккъе гобаьккхина дашо горгалеш а тосуш.
[34] Дашо горгали а, уьйраг а уллуш, кечъе обанан юх.
[35] Оба АхӀаронна тӀехь хир ю иза волчуьра зов хазийта, Делан четаран езачу чоьнна чохь Везачу Элана хьалха хӀуттуш а, цу чуьра араволуш а иза ца кхалхийта.
[36] ЦӀеначу деших экъа е. Цу тӀехь, мухӀар тӀехь санна, язде: „Везачу Элана къобалдинарг“.
[37] Чалбанан хьалхарчу агӀор сийначу тӀергаца дӀатаса иза.
[38] АхӀарона иза шен коьрта тӀехь лело еза. Нагахь исраилхоша даьхна сагӀанаш кхачам боцуш хилахь, нехан бехк цо шена тӀе лоцур бу. Веза Эла оцу сагӀанашна резахилийта, массо а ханна АхӀарона шен коьрта тӀехь лело еза и экъа.
[39] Дуткъачу кӀадих коч йоза, иштта, чалба а, доьхка а де дуткъачу кӀадих. Доьхка тир яьккхина хила деза.
[40] АхӀаронан кӀенташна а е кучамаш а, доьхкий а, коьртах йоьхку хӀуманаш а. Цу духарша церан сий а, ларам а хуьлуьйтур бу.
[41] Хьайн вешина АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а тӀедуха и духарш. Царна тӀе даьтта а дуттуш, Суна леррина гӀуллакх дан къобалбе уьш, Сан дуьхьа уьш дӀа а къастош, тӀаккха Суна лерина гӀуллакх деш динан дай хир бу царах.
[42] Дуткъачу кӀадих, гӀодаюкъара гӀогӀаш тӀе кхаччалц дегӀ хьулдеш, бедар кечъе царна.
[43] И бедарш АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а тӀехь хила еза, уьш гуламан четар чу богӀуш а, езачу чоьнна чохь гӀуллакх дан сагӀа доккхучу кхерчана тӀе богӀуш а, царна тӀе бехк а биллина, уьш хӀаллак ца хилийтархьама. АхӀаронна а, цуьнан тӀаьхьенна а гуттаренна а тӀедиллина хӀума ду иза».