[1] «Делан четар дан деза болх муха кхочушбан хууш волчу Бацалиала а, ОхӀлиаба а, Везачу Эло хьекъал а, говзалла а елла мел болчу наха а дерриг а Везачу Эло тӀе-ма-диллара дан деза».
[2] Мусас Бацалиал а, ОхӀлиаб а, Везачу Эло говзаллаш елла а, даггара лелаш болу а массо а нах тӀекхайкхира и болх бан.
[3] Исраилхоша Делан четар дарна еана хӀуманаш Мусагара схьаийцира оцу пхьераша шайн болх бан. Ткъа халкъо хӀора Ӏуьйранна а кхин а схьакхоьхьуш бара иза волчу шайн лаамехь бахьаш болу, совгӀатна лерина гӀирсаш.
[4] Юха Делан четарна тӀехь болх беш болу пхьераш, шайн болх а сацийна, тӀебаьхкира.
[5] Цара Мусага элира: «Везачу Эло бе аьллачу белхашна оьшучул а сов кхоьхьу наха гӀирсаш».
[6] ТӀаккха Мусас халкъе дӀакхайкхадайтира, я стага а, я зудчо а Делан четарна лерина хӀумма а ма я аьлла. Цул тӀаьхьа наха совцийра кхоьхьуш йолу хӀуманаш.
[7] Бан беза белхаш кхочушбарна оьшучул сов ма яра хӀинцале а схьакхехьна хӀуманаш!
[8] Белхаш бечарна юкъара уггар а говза пхьераш Делан четар дан хӀиттира. Дуткъачу кӀадих а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а итт шаршу а йина, царна тӀе говзачу куьйгашца дина каруб-маликийн суьрташ тийгира цара.
[9] ХӀора шаршу йохалла ткъе бархӀ дол, шоралла диъ дол яра. Уьш ерриш а цхьана барамехь йинера.
[10] Пхи шаршу вовшах а хоьттина, важа пхиъ а вовшаххоьттира цара.
[11] Сийначу кӀадих туьйдаргаш дира цара хьалхарчу пхеаннах йистерачу шаршун цхьана агӀор, иштта вукху пхеаннах йолчу йистерачунна а туьйдаргаш дира.
[12] Хьалхарчу пхеаннах йолчу йистерачу шаршуна тӀехь шовзткъе итт туьйдарг дира цара, шолгӀачу пхеаннах йолчу йистерачунна тӀехь а оццул дира. Церан туьйдаргаш дуьхь-дуьхьал нисдира цара.
[13] Шовзткъе итт дашо мӀара а йина, шаршуш цаьрца вовшахтесира пхьераша, тӀаккха цхьа четар хилира цунах.
[14] Юха газанан тӀергӀах четарна тӀехула лаца цхьайтта шаршу йира цара.
[15] Уьш йохалла ткъе итт дол а, шоралла диъ дол а яра, цхьайтте а цхьана барамехь а йолуш.
[16] Пхи шаршу цхьаьний, ялх шаршу цхьаьний вовшахтесира цара.
[17] Пхеаннах йолчу йистерачу шаршуна тӀе шовзткъе итт туьйдарг тийгира, ткъа иштта ялханнах йолчу йистерачу шаршуна тӀе а шовзткъе итт туьйдарг тийгира.
[18] Уьш туьйдаргех дӀатасархьама, цара шовзткъе итт цӀестан мӀара йира, тӀаккха дерригенах а дийнна цхьаъ хилира.
[19] Четарна тӀехула лаца ши кхалор а йира пхьераша, цхьаъ цӀен басар хьаькхна йолчу уьстагӀийн цӀоканех, важа хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсигах.
[20] Акацин дечигах ирахӀиттийна гураш кечдира цара четарна.
[21] Гураш итт дол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а дара.
[22] ХӀора гуран ши зӀок йинера цара, цхьаъ шолгӀачунна уллохь а нисйина. Четаран дерриг а гураш иштта динера цара.
[23] Четаран къилбехьа йолчу агӀор хӀоттийнарг ткъа гур бара.
[24] Оцу ткъа гурана уьш тӀехӀитто шовзткъа дато бух бинера пхьераша: цхьана гуран шина зӀакарна кӀел ши бух, вукху гуран шина зӀакарна а ши бух.
[25] Четаран къилбаседехьа йолчу агӀор хӀотто а ткъа гур бира цара.
[26] Царна шовзткъа дато бух а бира, ши бух цхьана гурана кӀел а хӀоттош.
[27] ТӀехьарчу, малхбузехьарчу агӀор бинарг ялх гур бара.
[28] Ши гур тӀехьарчу агӀор шина сонехь а бира.
[29] Лахахь вовшахтеснера и шиъ, ткъа лакхахь цхьана чӀагарх дӀатесира. Шина сонна болу и ши гур иштта бинера.
[30] Иштта, бархӀ гур бара, уьш тӀехӀитто ялхитта дато бух а болуш – хӀора гурана кӀел шишша бух.
[31] Акацин дечигах хьокхий дира цара. Пхи хьокха четаран цхьана агӀор долчу гурашна лерина бара,
[32] важа пхиъ вукху агӀор долчу гурашна лерина бара, кхин пхиъ тӀехьа агӀор долчу гурашна а бара.
[33] Юккъехь болу хьокха кечбира цара, гурашна юккъехула четаран цхьана йистера вукху йисте кхаччалц.
[34] Гурашна а, хьокхешна а тӀехула деши лецира пхьераша, хьокхий чухӀитто чӀагарш а деших йира.
[35] Дуткъачу кӀадих а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах кирхьа дира цара. Цу тӀехь говзаллица каруб-маликийн суьрташ а дира.
[36] Кирхьанна акацих биъ бӀогӀам а бина, царна тӀе деши а лецира, тӀехь дашо зӀакарш а йира. БӀогӀамашна биъ дато бух а бира.
[37] Четарна чуволлучу олла тӀехь тир яьккхина йолу шаршу йира пхьераша дуткъачу кӀадих а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а.
[38] Цу шаршуна пхи бӀогӀам бира, тӀехь мӀараш а еш. БӀогӀамийн лакхенашна а, царна тӀера дӀатосургашна а тӀе деши лецира, ткъа лахахь цӀестан пхи бух бира цара.