Skip to content
Opens in a new window

[1] «ХӀорш ю тайпанийн цӀераш. Къилбаседехьа йолчу агӀор Хьетлонан некъана уллохула Хьаматан лаьмнийн дехьадовларан метте, цигара дӀа Хьацар-Ӏейнана тӀе кхаччалц (иза Дамасакхан кӀоштан доза ду. Цунна къилбаседехьа чохь Хьамат-гӀала йолу меттиг ю): малхбалехьарчу дозанна тӀера хӀордана тӀе кхаччалц Данан тайпанан лаьттан дакъа хир ду.

[2] Данан дозанна тӀера, малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа Ашаран тайпанна кхочур ду.

[3] Ашаран декъа тӀера, малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан важа дакъа Напталан тайпанан долахь хила деза.

[4] Напталан декъа тӀера дуьйна малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан дакъа Маннашан тайпанан хила деза.

[5] Маннашан долахь долчу декъа тӀера дуьйна малхбалехьара малхбузе кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа Эпрайман долахь хила деза.

[6] Эпрайман дозанна тӀера схьа, малхбалехьара дуьйна малхбузе кхаччалц долу цхьа дакъа Раабанан долахь хила деза.

[7] Раабанан дозанна тӀера, малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа ЯхӀудан тайпанна кхочур ду».

[8] «ЯхӀудан декъана уллохь малхбалехьара малхбузе кхаччалц ткъе пхиъ эзар дол шуьйра меттиг леринчу Ӏалашонна дӀакъастор ду. Цуьнан йохалла, вукху дакъойн ма-хиллара, хир ю. Цу лаьттан декъана юккъехь Делан цӀа хир ду.

[9] Аша Везачу Элана совгӀатна дала дезаш долу лаьттан дакъа йохаллехь ткъе пхиъ эзар, ткъа шораллехь – ткъа эзар дол хир ду.

[10] Динан дайшна лерина долу лаьттан деза дакъа иштта хир ду. Иза къилбаседехьа агӀор ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь хила деза, малхбузехьа агӀор – шоралла итт эзар дол, малхбалехь – шоралла итт эзар дол, иштта къилбехь дохалла ткъе пхиъ эзар дол хила а деза. Цу лаьттана юккъехь Везачу Элан еза меттиг хила еза.

[11] И латта Суна къобалбинчу а, ЦӀадукъин тӀаьхьенах болчу а, Сан дуьхьа ха дина болчу а динан дайшна дӀало. Исраилан халкъ тиладеллачу хенахь, уьш Суна уллора дӀа ца бевлира, левихой ма-бовллара.

[12] И латта, левихойн лаьттан декъана уллохь а долуш, церан долахь хир ду, ткъа лаьттан езачу кӀоштахь иза чӀогӀа деза дакъа хир ду.

[13] Левихошна а кхочур ду лаьттан езачу кӀоштах цхьа дакъа. И дакъа, динан дайн декъана уллохь а долуш, хир ду ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь а, итт эзар дол шораллехь а. Езачу кӀоштах долу левихойн дакъа йохалла ткъе пхиъ эзар дол хир ду, ткъа шоралла – итт эзар дол хир ду.

[14] Цу лаьттах цхьа а дакъа я дохка а, я хийца а йиш яц церан. Иштта цхьана стеган карара вукхун кара дӀадала а йиш яц и тоьлла латта, хӀунда аьлча иза Везачу Элан долахь долу деза латта ду.

[15] Важа долу лаьттан дакъа, ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь а, пхи эзар дол шораллехь а долу, гӀалин дола а даьккхина, дӀалур ду, иза деза хир дац. Цу лаьтта тӀехь адамаша гӀишлош а йийр ю, цигахь дежийлаш а хир ю, ткъа гӀала цу лаьттана юккъехь хир ю.

[16] ГӀалин барам иштта хила беза: къилбаседехьара агӀо диъ эзар пхи бӀе дол, къилбехьа йолу агӀо – диъ эзар пхи бӀе дол, малхбалехьара а, малхбузехьара а йолу агӀонаш – диъ эзар пхи бӀе дол хила еза.

[17] ГӀалин шен дежийлаш хир ю. Уьш къилбаседехьа а, къилбехьа а ши бӀе шовзткъе итт дол хир ю, иштта малхбалехьа а, малхбузехьа а йолчу агӀор ши бӀе шовзткъе итт дол хир ю.

[18] Лаьттан езачу кӀоштан йистошкахь йисина меттиг – итт эзар дол малхбалехьа а, оццул малхбузехьа а – гӀаларчу белхалошна даа хӀума кхио лерина хир ю.

[19] Исраилан халкъан массо а тайпанех болчу гӀалин белхалоша болх бийр бу цу йисинчу меттехь.

[20] Дерриг и схьакъастийна долу латта деакӀов хила деза – ткъе пхиъ эзар дол йохаллехь а, оццул шораллехь а долуш. Иштта схьакъастийначу лаьтта чу йогӀуш хир ю лаьттан еза кӀошт а, гӀала тӀехь йолу латта а.

[21] Лаьттан езачу кӀоштана а, гӀалин дола яьккхинчу меттигна а шинна а агӀор долу дисина латта элан долахь хир ду. Ткъе пхиъ эзар дол дохаллехь йолчу езачу кӀоштан малхбалехь и латта Исраил-мехкан малхбалерчу дозанна тӀе кхаччалц хир ду, ткъа езачу кӀоштан малхбузехь и латта Исраил-мехкан малхбузерчу дозанна тӀе кхаччалц хир ду. Цу лаьттан ший а дакъа элан долахь хир ду, ткъа царна юккъехь еза кӀошт хир ю, чохь Делан цӀийнан еза меттиг йолу.

[22] Иштта, левихойн латта а, гӀалина дӀаделла латта а – элан долахь долчу лаьттана юккъехь нисло. Элан латта Бен-Яманан а, ЯхӀудан а тайпанийн лаьттана юккъехь нисло.

[23] Ткъа кхечу тайпанашна латта иштта дӀадекъа деза: малхбалехьара малхбузе кхаччалц цхьа дакъа Бен-Яманна кхочу.

[24] Бен-Яманан дозанна тӀера малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан цхьа дакъа ШимӀин тайпанна кхочур ду.

[25] ШимӀин дозанна тӀера малхбалехьара дуьйна малхбузе кхаччалц долу цхьа дакъа Иссарханна кхочу.

[26] Иссарханан декъана тӀера малхбалехьара малхбузе кхаччалц долу цхьа дакъа Забулана кхочу.

[27] Забулан декъа тӀера малхбалехьа йолчу йистана тӀера малхбузехьа йолчу йистана тӀе кхаччалц долу цхьа дакъа Гадина кхочу.

[28] Гадин къилбехьа долу доза, къилбехьа йолчу Тамарина тӀера дуьйна Мериба-Кхадеш олучу шовданна тӀе а кхаьчна, цигара Мисар-мехкан дозанехь долу хин йистехула Дуьненаюккъерачу хӀордана тӀе кхочу.

[29] Иза ду аша исраилхойн тайпанашна юкъахь, кхаж а тосуш, дӀадекъа дезаш долу латта, церан лаьттан дакъош а хӀорш ду», – боху Хьалдолчу Эло.

[30] «ХӀорш ю гӀалина чуьра араволийлаш. ГӀалин къилбаседехьа йолу агӀо йохаллехь йиъ эзар пхи бӀе дол хир ю.

[31] ГӀалин кевнаш исраилхойн тайпанийн цӀераш техкина хир ду. Къилбаседехьа долу кхо ков Раабан а, ЯхӀудан а, Левин а цӀераш йолуш хир ду.

[32] Малхбалехьа йолу агӀо а йиъ эзар пхи бӀе дол хир ю йохаллехь, цигахь а кхо ков хир ду: Юсупан а, Бен-Яманан а, Данан а цӀарах.

[33] Къилбехьа йолу агӀо а хир ю йиъ эзар пхи бӀе дол. Цигахь а хир ду кхо ков: ШимӀин а, Иссарханан а, Забулан а цӀарах.

[34] Малхбузехьа йолу агӀо а хир ю йиъ эзар пхи бӀе дол йохаллехь. Цу агӀонгахь долу кхо ков Гадин а, Ашаран а, Напталан а цӀарах хир ду.

[35] ГӀалина гонах йолу меттиг йохалла юьстича, ерриг а берхӀитта эзар дол хир ю. Ткъа оцу дийнахь дуьйна цу гӀалин цӀе, „Цигахь Веза Эла ву“ аьлла, хир ю».

Яхьазкхиал-пайхамаран тептар — Chapters