[1] Везачу Элан дош кхечира соьга:
[2] «Адаман кӀант! Ӏамминхойн къомана дуьхьал вист а хилий, Соьгара болу хаам бе цуьнга.
[3] ДӀаала Ӏамминхошка: „ЛадогӀа Хьалдолчу Элан даше. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Аша сакъералуш: ‹Жолам-яӀ›, – олура, Сан еза меттиг сийсазъяьккхича, шу Исраилан махках доьлура, иза бассийначу хенахь, шу ЯхӀудан халкъах кхаьрдара, иза йийсаре дӀадуьгучу хенахь.
[4] Шу иштта леларна Аса шу малхбалехьарчу нахе дӀалур ду. Цара шун латта дӀалоцур ду, церан эскарша шун лаьтта тӀехь шайн меттамотт дӀахӀоттор бу, уьш шуна юкъахь баха а ховшур бу, шун стоьмаш а бууш, шун шура а муьйлуш.
[5] Ас Рабба-гӀала эмкалийн дежийла йина дӀахӀоттор ю, ткъа Ӏамминхойн мохк уьстагӀийн керт йина дӀахӀоттор бу. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла’.
[6] Хьалдолчу Эло боху: ‘Ярушалайм хӀаллакьхилар бахьана долуш тӀараш детташ, когаш бетташ, Исраил-махках даггара кхаьрдаш, шу сакъералуш хиларна,
[7] Аса Сайн куьг шуна дуьхьал дӀакховдор ду, Ас кхечу къаьмнашка талораш дойтур ду шуна. Ас кхечу къаьмнех дӀа а хадор ду шун къам, иштта кхечу мехкех дӀа а хедар бу шун мохк. Ас хӀаллакдийр ду шун халкъ, тӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла’“».
[8] Хьалдолчу Эло иштта боху: «Муаби-къомо а, СеӀир-къомо а дуьйцура: „ЯхӀудан къам кхидолу къаьмнаш санна ду“, – бохуш.
[9] Цундела Ас Муаби-мехкан дозанашкахь йолу гӀаланаш схьайохур ю, царна юкъахь мехкан уггар хаза гӀаланаш – Байт-Яшимут а, БаӀал-МаӀун а, Кхиръятим а – елахь а.
[10] Ас и мохк, Ӏамминхошца цхьаьна, малхбалерчу халкъашна дӀалур бу, кхечу къаьмнашна Ӏамминхой кхин дага а ца бахкийтархьама.
[11] Ас таӀзар дийр ду Муаби-къомана, тӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла».
[12] Хьалдолчу Эло иштта боху: «ЯхӀудан халкъана къиза бекхам барна, Эдоман къомо шех доккха къа а латийна, иза чӀогӀа бехке а хилла.
[13] И хӀума бахьана долуш, – боху Хьалдолчу Эло, – Ас Сайн куьг дӀакховдор ду Эдомна дуьхьал, цуьнан халкъ а, дийнаташ а хӀаллакдийр ду. Теманна тӀера Дадданна тӀе кхаччалц Ас цуьнан мохк бассор а бу, массо а туьро хӀаллаквина а хир ву.
[14] Сан къам долчу Исраилан халкъан гӀоьнца Ас бекхам бийр бу Эдомна. ТӀаккха цара Сан оьгӀазвахаре а, Сан дера хиларе а хьаьжжина, хӀума дийр ду цигахь. ТӀаккха бевзар бу царна Сан бекхам», – иштта боху Хьалдолчу Эло.
[15] Иштта боху Хьалдолчу Эло: «ПӀелаштамхоша къиза бекхам бора, ЯхӀудан халкъах уьш даггара кхаьрдара, бӀешерашкара дуьйна йолчу шайн инкарлонца халкъ хӀаллакдар лоьхура.
[16] И хӀума бахьана долуш, – боху Хьалдолчу Эло, – Ас Сайн куьг дӀакховдор ду пӀелаштамхошна дуьхьал. Ас кератхой а дӀабохур бу, хӀордан йистехь бисина берш а хӀаллакбийр бу.
[17] Ас чӀогӀа бекхам бийр бу, Сайн дераллица царна таӀзар а деш. Ас шайна тӀехь бекхам бича, хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла».