[1] Везачу Элан дош кхечира соьга:
[2] «Адаман кӀант! Цкъа ши зуда хилла – цхьана ненан ши йоӀ.
[3] Шаьшшиъ къона йолчу хенахь дуьйна Мисар-махкахь церан нахаца лелаш хилла и шиъ. Мисар-махкахь церан накхош хьекхийна, куьг тохаза йолу накхойн юьхьигаш Ӏийдина.
[4] Йоккхаха йолчун цӀе УхӀулат яра, жимаха йолчун – УхӀулибат. И йижарий Сан бара, цара Суна кӀентий а, зудабераш а дора. УхӀулат – иза Шамран-гӀала ю, ткъа УхӀулибат – иза Ярушалайм-гӀала ю.
[5] УхӀулат, Суна тешаме а йоцуш, нахаца лелара. Иза ашурхой болчу шен безаргашца лела марзъеллера. Уьш бара сийна духарш дуьйхина болу тӀемалой а, мехкадай а, меттиган куьйгалхой а. Уьш массо а хаза къонахой бара, говза дошлой болу.
[7] ТӀаккха иза берриг а оцу къоначу кӀенташца лела йолаелира, ткъа уьш Ашур-махкара уггар тоьлла кегий нах бара. Боьхачу лаамех а юьзна, ша мел лелла цӀуш бахьана долуш, ша Далла хьалха бехйира цо.
[8] Мисар-махкахь йолуш ша долийна долу нахаца лелар ца дитира цо. Иза къона йолчу хенахь божарий буьйшура цуьнца, цуьнан куьг тохаза йолу накхойн юьхьигаш Ӏуьйдура цара, шайн хьайна хилар цунна тӀе а дассадора.
[9] ТӀаккха Аса иза шен безаргийн кара дӀаелира. Иза ашурхошца лела марзъеллера, церан кара Аса иза дӀа а елира.
[10] Цара иза ерзина яьккхира, цуьнан кӀентий а, зудабераш а схьадехира цара, ткъа иза ша туьраца йийра. Цунна и таӀзар динчу хенахь зударша иза, сийсазйохуш, юьйцура.
[11] Цуьнан жимаха йолу йиша УхӀулибат и дерриг а гуш яра, амма цунна нахаца лела лаар кхин а чӀогӀа гена даьллера, иза шен йишел а чӀогӀа нахаца лелаш яра.
[12] Иза ашурхошца – мехкадайшца а, меттиган куьйгалхошца а, хаза духарш дуьйхина болчу тӀемалошца а, говза дошлошца а – лела марзъелира. Уьш берриш а тоьлла къонахой бара.
[13] Суна гира, цо а ша Суна хьалха бехйина хилар. ШолгӀа йиша а хьалхарчун некъа яьллера.
[14] УхӀулибатан Суна тешаме цахилар кхин а генадаьллера. Шена пенаш тӀехь басаршца дехкина цӀен духар дуьйхина хашадхойн божарийн суьрташ гича, цо шен нахаца лелар кхин а алсамдаьккхира.
[15] Хашадхоша гӀодаюккъехь доьхкарш леладора, церан кортош тӀе техкина хаза чалбанаш яра. Уьш берриш а, тӀехьаьжча, лакхарчу даржехь болчу тӀеман хьаькамех тера бара, Хашад-махкахь бина болчу бавелхойн элех тера а болуш.
[16] УхӀулибат цаьрца, цкъа дӀахьожжушехь, массаьрца а лела марзъелла. Цо бавелхой болчу шен геланчаш бахийтира.
[17] Ткъа уьш, схьа а баьхкина, УхӀулибатан меттахь цуьнца дӀабийшира. Шайн боьха леларца цара иза Далла хьалха бехйира. Иштта ша бехйича, иза шен безаргех, дог а даьлла, дӀайирзира.
[18] УхӀулибата цхьаннах а хьул ца дора шен нахаца лелар, цо шен дегӀ божаршна дӀаделира. ТӀаккха Со цунах дӀавирзира, цуьнан йишех ма-верззара.
[19] Амма иза нахаца лелачуьра ца сецира. Цо ша къона хилла зама дагаоьхуьйтура, ша Мисар-махкахь нахаца лелар шена дагахь а латтош.
[20] Виран санна, дегӀ долчу а, бокъий санна хьайна болчу а шен безаргашца леларан лаамех юьзна яра иза.
[21] УхӀулибат, хьуна дагаеана хьо къона хилла йолу зама, Мисар-махкахь хьан везарго хьайн накхойх куьйгаш а Ӏуьттуш, куьг тохаза йолу накхойн юьхьигаш Ӏуьйдуш хилла йолу зама».
[22] Цундела, УхӀулибат, Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьуна кӀордийна хьайн безаргаш, амма Ас массо а маьӀӀера уьш кхуза схьакхойкхур бу, тӀаккха цара хьуна го бийр бу.
[23] Ас уьш берриш а схьабалор бу: берриг а хашадхойх болу бавелхойн элий, Пакхудера а, ШуӀагара а, КхуӀагара а божарий, цаьрца цхьаьна Ашур-махкара элий а. Уьш берриш а хаза къонахой бу, мехкадай а, меттиган куьйгалхой а, лакхарчу даржера болу тӀеман хьаькамаш а. Ткъа уьш берриш а говза дошлой бу.
[24] Уьш хьуна тӀелетар бу герзашца а, гӀудалкхашца а. Церан йоккха тоба хир ю, доккхачу а, жимачу а турсашца а, гӀемашца а. Цара хьуна го бийр бу, ткъа Ас хьо церан кара дӀалур ю, цаьрга хьуна тӀехь кхел яйтархьама. Иштта цара, шайн Ӏадаташка хьаьжжина, хьуна таӀзар дийр ду.
[25] Сайн эмгаралла Ас хьуна дуьхьал йоккхур ю, уьш, оьгӀаз а бахана, хьуна дуьхьал бевр бу, цара хьан мара а, лергаш а дохур ду, ткъа хьох тӀаьхьадиснарг туьро хӀаллакдийр ду. Цул тӀаьхьа цара хьоьгара кӀентий а, зудабераш а схьадохур ду, ткъа диснарг цӀарца дагор ду.
[26] Цара хьан хаза духар а, жовхӀарш а дӀадохур ду.
[27] Ас сацор ду хьан боьха лелар а, хьан нахаца лелар а, ахь Мисар-махкахь долийна долу. Хьо оцу леларе кхин цкъа а лаамца хьоьжур яц, ткъа Мисар-мохк дагабогӀур а бац хьуна».
[28] Хьалдолчу Эло иштта боху: «ХӀинца Ас хьо хьуна ца безаш болчеран кара дӀалуш ю, хьан дог шайх дӀадирзинчеран кара.
[29] Цара гойтур бу хьуна шайн цабезам, цара, ахьа къахьегна даьккхинарг дӀа а даьккхина, хьо ерзина юьтур ю. Хьан нахаца лелар а, боьха лелар а, кхахьпалла а массарна а гуш хир ду, хьо юьхьӀаьржачу а хӀоттош.
[30] И дерриг а хьуна дийр ду, хӀунда аьлча хьо кхечу къаьмнашца лела марзъелира, церан цӀушна Ӏамалъярехула хьо бех а еш.
[31] Хьо хьайн йишас дӀакхехьначу некъа тӀе елира. Цундела Ас хьоьга дӀалур бу цуьнан таӀзаран кад».
[32] Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьайн йишин кад ахьа дӀамер бу. Иза кӀорга а, шуьйра а бу. Массо а хьох кхордуьйту цо. И кад буьззина ма бу!
[33] Хьо ехна а хир ю, цо гӀайгӀанех юзур а ю хьо. ХӀаллакьхиларан, Ӏожаллин кад хьан йиша йолчу Шамран-гӀалин ма бу.
[34] И кад ахьа дӀамер бу берриг а, ткъа иза кагбелча, цуьнан аьхкашна тӀе мотт хьоькхур бу ахьа, хьайн накхош а схьадохур ду ахьа. И иштта хир ду, иза Ас, Хьалдолчу Эло, аьлла дела».
[35] Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «Со виц а вина, Суна букъ берзорна, ахь бала лан беза хьайн боьха леларна а, хьайн нахаца леларна а».
[36] Везачу Эло соьга элира: «Хьо кийча вуй УхӀулатна а, УхӀулибатна а кхел ян? Цара лелийна мел долу дегазчу хӀуманех лаций дӀаала цаьрга.
[37] Уьш нахаца лелла, церан куьйгаш тӀехь нехан цӀий ду. Шайн цӀушца а лелла уьш. Шаьш Суна бина болу кӀентий а цара, цӀерах чекх а бохуьйтуш, цӀушна кхачанна дӀалора.
[38] Суна дуьхьал а бовлуш, кхин а иштта хӀуманаш дора цара: оццу хенахь цара Сан еза меттиг бех а йора, Суна лерина шоьтан денош сийсаз а дохура.
[39] Шайн бераш шайн цӀушна сагӀина даьхьначу дийнахь, цара Сан еза меттиг, чу а бовлий, сийсазйоккхура. Иштта лелара уьш Сан цӀа чохь.
[40] Иза дина а ца Ӏаш, цара кхечу мехкашкара баьхкинчу нахана тӀаьхьа шайн геланчаш бохуьйтура. Уьш схьабаьхкича, хьо, хьайн юьхь а юьлий, бӀаьргашна басар а хьокхий, хьайна тӀе жовхӀарш а духий, дӀахӀуттура.
[41] ТӀаккха шу хаза кечбинчу метта довлура. Цу метта хьалхахь лаьтташ хаза кечйина стол а хуьлура, цунна тӀехь лаьтташ Сан хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, Сан даьтта а долуш.
[42] Хьан цӀенна чуьра хезаш хуьлура тойне гулъеллачу тобанан гӀовгӀа. Оцу тойне схьабалабора яьссачу аренгара мелла болу нах. Цара зударшна хаза хӀазарш а, исбаьхьа таьжнаш а лора.
[43] ТӀаккха Аса элира: „Нахаца а лелаш, ямартло еш йолу и зуда гӀелъеллехь а, цуьнца божарша кхахьпалла леладо“.
[44] Божарий юх-юха а иза йолчу оьхура, кхахьпа долчу санна. Иштта боьха лелаш йолчу УхӀулатна а, УхӀулибатна а тӀеоьхура уьш.
[45] Амма бакъахьа лелаш болчу божарша царна бехк буьллур бу. Цара кхел йийр ю царна, нахаца лелаш а, цӀий Ӏенош а болчу зударшна санна, хӀунда аьлча уьш нахаца лелаш а бу, церан куьйгаш цӀийх дуьзна а ду».
[46] Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Схьагулъе адамийн тоба, цаьрга УхӀулатна а, УхӀулибатна а тӀехь ницкъ байта а, къола дайта а.
[47] Цул тӀаьхьа гулбеллачеран тобано царна тӀе тӀулгаш кхуьссур ду, таррашца уьш цоьстур а бу, цу зударийн кӀентий а, зудабераш а дойур а ду цара, иштта церан цӀенош а дохор ду.
[48] Ас иштта сацор ду кху махкахь боьха лелар, кхиболчу массо а зударшна хӀара хӀума дӀахьедар а деш, уьш нахаца ца лелийтархьама.
[49] Шуна таӀзар дийр ду шун боьха лелар бахьана долуш, иштта цӀушна Ӏамал а еш, аша летийначу къиношна жоп дала дезаш а ду шу. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла».