Skip to content
Opens in a new window

[1] Делан Сино со, хьала а айина, Делан цӀийнан малхбалехьа долчу кевнна улло схьавалийра. Цигахь суна ткъе пхиъ стаг гира. Царна юкъахь халкъан куьйгалхой болу Ӏазуран кӀант Яъзан-ЯхӀу а, БенъяхӀун кӀант Палти-ЯхӀу а вара.

[2] ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Адаман кӀант! Хьуна хьалха лаьтташ берш зуламе ойла йолу нах бу, цара хӀокху гӀаларчу адамашна вон хьехарш до.

[3] ХӀокхара боху: „Цкъачунна а вайна цӀенош ден йолу хан тӀе ца кхаьчна. Цу гӀалахь вай кхерамехь дац, цигахь вай яй чу тесна жижиг санна ду“.

[4] Цундела ахьа, адаман кӀант, царна дуьхьал Делера болу хаамаш бан беза. Вало, бе и хаамаш».

[5] Цул тӀаьхьа суна тӀе Везачу Элан Са доьссира. Цо соьга элира: «Везачу Эло иштта боху ала: „Шайна юкъахь ахьа иштта олуш ма ду, Исраилан халкъ. Хьан дагахь мел дерг Суна хууш ма ду!

[6] Дукха адам хӀаллакдина аша кху гӀалахь, цуьнан урамаш декъех а дузуш“.

[7] Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Аша цигахь байъина охьабехкина нах – жижиг ду, ткъа и гӀала – яй бу, амма Ас шу цигара арадохур ду.

[8] Шу туьрах кхоьруш ду, амма Ас и тур шуна тӀехьажор ду. – Иштта боху Хьалдолу Эла волчу Аса. –

[9] Цу гӀалара ара а даьхна, Ас шу хийрачу махкарчу нехан кара дӀа а лур ду, шуна кхел а йийр ю.

[10] Шу туьро хӀаллакдийр ду, Исраил-махкахь Аса таӀзар дийр ду шуна. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.

[11] ХӀара гӀала шуна кхераме боцу яй хилла дӀахӀуттур яц, ткъа шу цу чохь долу жижиг санна маьрша хир дац. Ас шуна кхузахь, берриг Исраил-махкахь, таӀзар дийр ду.

[12] ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. Сан парзашца шу ца лелара, Аса тӀедехкинарш кхочуш а ца дора аша, ткъа шайна гонах дехаш долчу къаьмнаша тӀелаьцна бакъонаш аша ларйора“».

[13] Аса Делера болу хаамаш бечу хенахь БенъяхӀун кӀант Палти-ЯхӀу кхелхира. Лаьтта охьа а воьжна, корта а таӀийна, аса мохь туххуш элира: «Хьалдолу Эла, Хьо Исраилан халкъах дийна висина мел волу стаг хӀаллакван воллу те?»

[14] ТӀаккха соьга Везачу Элера дош кхечира:

[15] «Адаман кӀант! Хьан вежарех – хьан гергарнаш болчу вежарех а, дерриг а Исраилан халкъах а лаьцна – Ярушалаймехь бехаш болчара боху: „Далла гена а бевлла, бехаш Ӏаш бу уьш, ткъа хӀара латта тхуна, тхайн долахь долуш санна, схьаделла ду“.

[16] Цундела ахьа цу нахе дӀаала: „Хьалдолчу Эло боху: ‘И нах Аса генарчу махка дӀабахийтинехь а, уьш кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасабаржийнехь а, цхьана ханна Со царна деза цӀа санна хир ву уьш дӀабаханчу мехкашкахь’“.

[17] Кхин а ала цаьрга: „Хьалдолу Эла волчу Аса шу массо а къаьмнашкара схьагулдийр а ду, шу дӀасадаржийначу мехкашкара юхадерзор а ду, ткъа Исраил-махкара латта шуна юха дӀа а лур ду Аса“.

[18] Сан халкъо, ша цига юхадирзича, берриг а дегаза а, ирча а цӀуш схьа а гулбина, уьш хӀаллакбийр бу.

[19] Ас царна шалхо йоцуш долу дог а лур ду, иштта керла са а кхуллур ду Ас царна чохь. Царна чуьра церан тӀулган дегнаш дӀа а даьхна, царна дилханан дегнаш кхуллур ду Аса.

[20] Цу тайпана Сан парзашца лелар бу уьш, Сан тӀедехкинарш, лар а деш, кхочушдийр ду цара. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву.

[21] Амма шайн дегнашца дегаза а, ирча а болчу цӀушна тӀебирзинчаьрга хьаьжжина, царах даьлларг церан шайн кортошна тӀе дожор ду Аса». Иштта боху Хьалдолчу Эло.

[22] ТӀаккха каруб-маликаш, шайн тӀемаш дӀаса а даржийна, стигала хьаладевлира, чкъургаш а царна уллохь яра. Исраилан халкъан Делан сийлаллин нур а дара царна тӀехула.

[23] Везачу Элан сийлаллин нур, гӀалина юккъера хьала а даьлла, цунна малхбалехьа болчу лам тӀехула дӀахӀоьттира.

[24] Ша хӀоттийначу суьртехь Делан Сино со, хьала а айина, Бавел-махка юхавалийра, Исраил-махкара йийсаре дӀабигначу нахана тӀе. ТӀаккха и сурт соьгара дӀаделира.

[25] Везачу Эло суна мел гайтинарг Исраил-махкара йийсаре дӀабигначаьрга дӀадийцира аса.

Яхьазкхиал-пайхамаран тептар — Chapters