[1] ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира:
[2] «Адаман кӀант! Кемсийн таьлланг муха тоьлур ю кхечу диттийн гаьннел? Хьуьнхахь хуьлучу кхечу дитташна юкъахь иза цхьа бен ма яц, и кемсийн таьлланг?
[3] Хьоьга цхьа а пайден хӀума ялур юй кемсийн таьллангах? Цунах хьостам балур буй, цу тӀе хӀума хьалаолла?
[4] Адамаша и таьллангаш цӀера юкъа кхуьссу. Иза шинна а юьхьигна тӀера дика яьгча, га юккъера Ӏаржделча, цхьана хӀуманна пайденна юй те иза?
[5] Дагаза долчу хенахь а дацара иза цхьанна а хӀуманна пайденна, ткъа хӀинца-м, иза цӀеро, дага а дина, Ӏарждиначул тӀаьхьа, муххале а дац пайденна».
[6] Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Хьуьнхара кхидолчу диттийн гаьннаш санна, кемсийн таьлланг адамаша цӀерга кхуьйсуш ма-хиллара, изза дийр ду Аса Ярушалайман бахархошца.
[7] Со царна дуьхьалвер ву. Цхьана ханна уьш цӀерах кӀелхьарбевллехь а, хӀинца цӀаро уьш дӀакхоллур бу. Со царна дуьхьалваьллачу хенахь хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.
[8] Уьш Суна тешаме цахилар бахьана долуш, Ас бассор бу хӀара мохк» – боху Хьалдолчу Эло.