Skip to content
Opens in a new window

[1] Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа цхьайтталгӀачу шеран кхоалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира:

[2] «Адаман кӀант! Мисархойн паччахь волчу пирӀуне а, дерриг а цуьнан халкъе а дӀаала: „Хьайн сийлахь хиларца хьо хьаьнца нисво ахьа?

[3] Хьажал Ливанун-ломара баганан дитт санна болчу Ашур-махке, шена тӀехь хаза гаьннаш а долуш, ӀиндагӀ луш гӀа а долуш болчу. Цуьнан бохь мархашна юкъахь бара.

[4] Хино и дитт кхиадора, бухарчу хиша иза лакхадаьккхира. Уллохула дӀаоьхуш долу хин татолаш гонах долчу дитташна тӀе дӀаоьхура.

[5] Вукху диттел а лекха дара иза, шена тӀехь деха гаьннаш а долуш, хӀунда аьлча цунна тӀедогӀуш кхоччуш дукха хи дара.

[6] Стигаларчу олхазарша цуьнан гаьннашна юкъахь шайн бенаш дора, лаьттарчу акхароша цуьнан гаьннашна кӀел шайн кӀорнеш йора. Дуьненара сийлахь къаьмнаш цуьнан ӀиндагӀехь дехаш дара.

[7] Лекха а долуш, хаза дара и дитт, шена тӀехь деха гаьннаш а долуш, цуьнан орамаш а хих Ӏаьбна дара.

[8] Делан бешахь долу баганан дитт цуьнца дуста ца лора. Зоьзан дитташ цуьнан зуьгалгех тар ца лора, пхонан дитташ цуьнан гаьннашца нис ца лора. Делан бешахь долу цхьа а дитт цуьнан хазаллица дуста ца лора.

[9] Дуккха а гаьннаш а делла, Аса иза хаздинера, цундела Ӏеданера массо а дитташ, Делан бешахь долу массо а дитташ цунах хьоьгуш дара“».

[10] Цундела Хьалдолчу Эло иштта элира: «Хьо, стоммачу гаьннашна тӀехула хьала а баьлла, иштта лакхабаларна а, хьо сийлахь хиларна хьан дог курадаларна а,

[11] Ас и дитт къаьмнийн баьччанан кара дӀаделира, цуьнга, цо лелийначу харцонашка хьаьжжина, цунна хьакъ дерг дайтархьама. Ас Сайн бешара дӀадаьккхина иза.

[12] Уггаре къизачу кхечу къаьмнаша иза, хада а дина, дӀатесира. Цуьнан гаьннаш лаьмнаш тӀе а, тогӀеш тӀе а охьаэгна. Кегдина долу цуьнан кегий гаьннаш массо а боьранашна чуэгнера, дерриг а къаьмнаш, иза ша долчохь а дитина, цуьнан ӀиндагӀера дӀадаханера.

[13] Дамардарц хилла Ӏуьллучу цу дитта тӀехь стигалара тайп-тайпана олхазарш дара, иштта цуьнан гаьннаш юкъахь лелаш хьуьнхара акхарой а яра.

[14] Иза дина, дика хи молуш долу цхьа а дитт, ша доккха хилча, кура ца далийта а, иза, шен лакхалла бахьана долуш, вукху диттийн гаьннашна юкъара хьала а даьлла, мархашна тӀекхача ца гӀертийта а. ХӀунда аьлча, уьш массо а, кхидолу адамаш санна, Ӏожалле дӀахьажийна бу, уьш а, вуьш адамаш санна, белла нах дӀабохуьйтучу метте дӀабохуьйтур бу».

[15] Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Иза эхарте кхаьчначу дийнахь, Ас цунна тезет хӀоттадайтира. Иза бахьана долуш Аса бухара хи а дӀалакъийра, цунна тӀедогӀу хиш а совцийра, ткъа даккхий хиш кхин дӀа а ца дахийтира. Ливанун-мохк а, гӀайгӀане бина, дӀахӀоттийра Ас, ткъа дерриг а дитташ дара маргӀалдулуш.

[16] И дитт охьадужуш хезна долу къаьмнаш, кхерадаларна, дегадайтира Аса, Ас иза, эхарте дӀабаханчу вукхарна тӀаьхьа, бух боцучу Ӏин чу дӀахьажийча. ТӀаккха хӀинцале а лаьттан буха даханчу Ӏеданера массо а диттийн а, Ливанун-махкара уггар дика а, беркате а долчу, хи муьйлучу диттийн а дог Ӏебира оцунах.

[17] Уьш цуьнца цхьаьна эхарте дӀакхаьчна. ХӀинца уьш туьро хӀаллакбиначарах дӀакхетта. И дитташ, цу лекхачу диттан ӀиндагӀехь, вукху къаьмнашца цхьаьна дехаш хиллера.

[18] Иштта, Ӏеданерачу муьлхачу диттан нисдала йиш яра хьоьца, хьан сийлаллица а, лакхаллица а? Амма хӀинца, вукху дитташца нийсса, хьо эхарте дӀахьажийна, хьо сунтбаза болчаьрца а, иштта тӀемашкахь хӀаллакбина болчаьрца а цхьаьна Ӏуьллур ду. Иза хир ду пирӀунна а, цуьнан дерриг а халкъана а». Иштта боху Хьалдолчу Эло.

Яхьазкхиал-пайхамаран тептар — Chapters