Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Элан дош кхечира соьга:

[2] «Адаман кӀант! Хьо аьрхачу нахана юкъахь вехаш ву. Церан бӀаьргаш бу, амма царна хӀумма а ца го, церан лергаш а ду, амма царна хӀума а ца хеза, хӀунда аьлча уьш аьрха нах бу.

[3] Ткъа ахьа, адаман кӀант, хьо йийсаре дӀавуьгуш волчуха ларча кечъе, ткъа дийнахь, массарна а гучу хенахь, новкъа валий, хьайн меттера кхечу метте дӀагӀо. ТӀаккха кхета а мега уьш. Делахь а иза аьрха къам ду.

[4] Йийсарехь хьайна оьшуш йолу хӀуманаш а, хьо дӀаваха кечвеллийла хоуьйтуш, дийнахь араяха, ткъа суьйранна хьо а, йийсаре волуш санна, аравала.

[5] Уьш хьоьжуш болчу хенахь, хьайн пенах Ӏуьрг а даккхий, цигахула аравала.

[6] Царна гойтуш, хьайн ларча белш тӀе а йиллий, Ӏаржлучу хенахь дӀагӀо. Хьо муьлхачу агӀор воьду хьайна ца гайта, хьайн юьхь дӀакъовла, хӀунда аьлча Аса хьо дерриг а Исраилан халкъана масална дӀахӀоттийна».

[7] Аса дерриг а, сайга аьлла ма-хиллара, дира. Йийсарехь сайна оьшуш йолу хӀуманаш, схьа а эцна, дийнахь араехира, ткъа суьйранна, куьйгаца пенах сайна Ӏуьрг а даьккхина, бодашкахула ларча ара а яьккхина, массарна а гуш, иза сайн белш тӀе йиллира.

[8] Ӏуьйранна соьга Везачу Элан дош кхечира:

[9] «Адаман кӀант! Исраилан аьрхачу къомо, хьо хӀун деш ву аьлла, хьоьга хаьттирий те?

[10] ДӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: хӀара араяьккхина ларча – Ярушалайман баьчча а, цигахь долу дерриг Исраилан къам а ду“.

[11] ДӀаала цаьрга: „Со шуна билгало ю. Ас динарг шуна а тӀекхочур ду. Шу кхузара ара а дохур ду, йийсаре дӀа а дуьгур ду“.

[12] Царна юкъара волу баьчча, бодашкахь шен карара ларчанаш белшаш тӀе а ехкина, аравер ву. Иза цигара аравалийта, пенах Ӏуьрг доккхур ду. Ткъа цо шен юьхь дӀакъовлур ю, ша воьду некъ шена ца гайта.

[13] Ас цунна тӀе Сайн бой тосур ю, иза гураца схьа а лоцур ву. Цул тӀаьхьа иза Бавеле дӀавуьгур ву Аса, хашадхойн лаьтта тӀе, амма цунна и латта гур дац, иза цигахь лийр ву.

[14] Ас паччахьна уллохь мел верг – цуьнан тӀеман хьехамчаш а, цуьнан дерриг эскар а – массо а маьӀӀехула дӀасалоллур ду, ткъа Со баттара даьккхинчу туьраца тӀаьхьавер ву царна.

[15] Иштта, Ас шаьш кхечу къаьмнашкахула дӀаса а даржийча, кхечу мехкашкахула дӀаса а кхийсича, царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла.

[16] Амма царах кӀеззиг адам Аса туьрах а, мацаллех а, Ӏожаллин уьнах а кӀелхьардоккхур ду, цаьрга кхечу къаьмнашка шаьш Суна дуьхьал мел лелийна долчу вонех лаьцна дӀадийцийта. ТӀаккха уьш кхетар бу, Со Веза Эла вуйла».

[17] Юха а соьга Везачу Элан дош кхечира:

[18] «Адаман кӀант! Хьайн бепиг кхерарца даа, хи а мала вегорца, доьхначу дагца.

[19] Исраил-махкара долчу халкъе ахьа ала деза: „Хьалдолчу Эло Исраил-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а бахархойх лаьцна иштта дуьйцу: ‘Цара шайн бепиг баланехь дуур ду, хи а гӀайгӀанца мер ду, хӀунда аьлча церан махкахь дерриг а хӀума дӀадаьккхина хир ду, цара цу махкахь мел бехаш болчарна ницкъ бина дела.

[20] ХӀинцале а шайна чохь адамаш дехаш йолу ерриг а гӀаланаш хӀаллакйийр ю, дерриг а латта дассалур ду. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла’“».

[21] Соьга юха а Везачу Элера дош кхечира:

[22] «Адаман кӀант! Исраил-махкарчу наха хӀара кица хӀунда даладо: „Де дийне мел долу хан дӀайолу, хӀора сурт а дӀадолу“?

[23] Цундела дӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас дӀадоккхур ду и кица, исраилхошна юкъахь кхин далор дац и кица’“. Амма ала цаьрга: „ХӀора хӀоьттина сурт кхочушхуьлу хан тӀекхочу“.

[24] Исраилан халкъана юкъахь даьсса сурт я мекара пал кхин цхьаммо а лелор бац.

[25] Делахь а Веза Эла волчу Аса Сайна ала луург эр а ду, ткъа иза кхочуш а хир ду. ТӀаьхьататтар кхин хир дац. Шун деношкахь, ва аьрха халкъ, Айса аьлларг Ас кхочушдийр ду». Иштта боху Хьалдолчу Эло.

[26] Соьга Везачу Элан дош кхечира:

[27] «Адаман кӀант! Исраилан халкъана моьтту, хьуна хӀоьттина суьрташ дуккха а шераш дӀадаьлча бен кхочуш а хир дац, хинйолчу заманах бен хьо Соьгара болу хаамаш беш а вац.

[28] Цундела дӀаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло шуьга боху: цхьа а Ас аьлла долу дош кхин тӀаьхьатеттина хир дац, амма Ас аьлларг кхочушхир ду. Иштта боху Хьалдолу Эла волчу Аса“».

Яхьазкхиал-пайхамаран тептар — Chapters