Skip to content
Opens in a new window

[1] Цу стага со малхбалехьа дӀадерзийна лаьтташ долчу кевнна тӀе вигира.

[2] ТӀаккха малхбалехьара схьайогӀуш Исраилан халкъан Делан сийлалла гира суна. Цуьнан аз, хӀордан гӀовгӀа санна, чӀогӀа дара, Цуьнан сийлаллин нуьрах латта серладаьллера.

[3] Суна хӀоьттина долу сурт, хьалха, Дела Ярушалайм хӀаллакьярхьама веанчу хенахь Суна хӀоьттинчу суьртах тера дара, иштта Кабар-хина уллохь Суна хӀоьттинчу суьртех тера а дара. ТӀаккха со бертал вуьйжира.

[4] Везачу Элан сийлалла малхбалехьа дӀадерзийна лаьттачу кевнехула Делан цӀа чу делира.

[5] ТӀаккха со, Сино хьала а айина, чоьхьарчу керта ваьккхира. Суна гира, Везачу Элан сийлалло дерриг а Делан цӀа хьаладуьзна хилар.

[6] Стаг суна уллохь лаьтташ волчу хенахь, Делан цӀа чуьра суна цхьаъ сайга вистхуьлуш хезира.

[7] Оцу озо соьга элира: «Адаман кӀант! ХӀара меттиг Сан Ӏаршан меттиг а, иштта Сан когийн кӀело лаьтта меттиг а ю. Со Сайн Исраилан халкъана юкъахь массо а ханна вехар волу меттиг ю хӀара. Исраилан халкъо – я наха а, я церан паччахьаша а – кхин цкъа а Сан еза цӀе бехйийр яц, Суна тешаме а доцуш, кхечу деланашна Ӏамал ярца а, шайн сагӀа доккхучу гунашна тӀехь шайн паччахьийн декъий дӀадохкарца а.

[8] Цара шайн неӀсагӀа Сан неӀсагӀина улло хӀиттадора, иштта шайн неӀарш Сан неӀаршна улло хӀиттайора. Тхуна юкъахь цхьа пен бен боццушехь, цара Сан еза цӀе сийсазйохура шаьш лелочу вочу хӀуманашца. Цундела Сайн оьгӀазвахарца дӀакхаьллира Аса уьш.

[9] ХӀинца цара Суна уллора дӀадаккха деза, Суна тешаме а боцуш, шаьш кхечу деланашна Ӏамал яр а, шайн паччахьийн декъий а, тӀаккха Со царна юкъахь массо а хенахь вехар ву.

[10] Ткъа хӀинца ахьа, адаман кӀант, Исраилан халкъе дӀадийца хӀокху Делан цӀийнах лаьцна, шаьш лелийначу харцонашна уьш юьхьӀаьржачу а хӀиттийна, цаьрга кхунна тӀера бустамаш дахийтархьама.

[11] Царна шаьш лелийнарг бахьана долуш эхь хетахь, дӀагайта царна Делан цӀа, хӀара муха дина ду а, кхуьнан чуволу а, араволу а меттигаш а дӀагайта царна. ХӀара муха дина ду а, кхуьнан массо а парзаш а, кхуьнан куц а, кхунна лелаш болу товрат-хьехамаш а дӀабийца царна. Церан дуьхьа дерриг а дӀаязде, цаьрга цуьнан массо а куц лардайтархьама а, цуьнан массо а парзаш кхочушдайтархьама а.

[12] ХӀара бу Делан цӀийнан товрат-хьехам: ломан боххьера цунна гонах мел дерг а – уггаре дезаниг ду. Иштта бу Делан цӀийнан товрат-хьехам!»

[13] ХӀорш бу сагӀа доккхучу кхерчан барамаш, цхьа шира доллий, цхьа шей цхьана даларан барам лерича. Кхерчана гонах саьнгар цхьа дол кӀорга яра, шоралла а цхьа дол яра. Саьнгарна арахула хӀоз бара, лакхалла цхьа ше а йолуш. Иштта бара сагӀа доккхучу кхерчан бух.

[14] Лаьтта тӀехь болчу саьнгаран буха тӀера дуьйна лахарчу кхерчан хӀазарна тӀе кхаччалц йолу юкъ ши дол яра. Оцу хӀазаран шоралла цхьа дол яра. Лахарчу хӀазарна тӀера кхерчан лакхарчу хӀазарна тӀе кхаччалц йолу юкъ йиъ дол яра, ткъа оцу хӀазаран шоралла а цхьа дол яра.

[15] СагӀа доккхучу кхерчан юкъ ша диъ дол лекха яра, цу чуьра хьалайолуш йиъ маӀа яра.

[16] СагӀа доккхучу кхерчан юкъ шийтта дол еха а, шийтта дол шуьйра а яра – иза ша еакӀов яра.

[17] Кхерч тӀехь лаьттачу меттиган йохалла дейтта дол яра, иштта цуьнан шоралла а дейтта дол яра. Ткъа цунна гонах хӀоз бара, ахдол лекха а болуш, ткъа хӀазарна гонах йолу саьнгар цхьа дол шуьйра яра. Цу кхерчана тӀе боьду лами малхбалехьарчу агӀор бара.

[18] Цу стага соьга элира: «Адаман кӀант! Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Иштта ду дийнаташ дагоран сагӀа даккхарна а, цунна тӀе цӀийн цинцаш тохарна а лерина долу сагӀа доккхучу кхерчана а лерина долу парзаш, иза бина баьлча.

[19] Ткъа ахьа, – боху Хьалдолчу Эло, – Суна гӀуллакх а деш, Суна тӀегӀерташ болчу, ЦӀадукъин тӀаьхьенах болчу, иштта левихойн тайпанах болчу динан дайшна къиношна тӀера сагӀа даккха цхьа сту дӀало.

[20] Цунах схьадаьллачу цӀийх цхьажимма сагӀа доккхучу кхерчан еа маӀана тӀе а, иштта цуьнан беа соне а, цунна гонах болчу хӀазарна тӀе а хьакха. Иштта, цӀан а бай, базбе иза.

[21] Къинойх долчу сагӀина лерина старгӀа схьа а эций, ягае иза ха долчу меттигехь, Делан цӀенна арахь.

[22] ШолгӀачу дийнахь, тӀехь цхьа а сакхт доцу бож гезаршна юкъара схьа а эций, къинойх долу сагӀа даккха цунах хьалха санна, сагӀа доккху кхерч цӀанбе, стараца ма-цӀанбарра.

[23] Хьо и хӀума дина ваьлча, бежана юкъара цхьа а тӀехь сакхт доцу старгӀа а, иштта жена юкъара тӀехь сакхт доцу уьстагӀ а схьабалабе.

[24] И дийнаташ Везачу Элана хьалха дӀахӀиттаде. Динан дайша, царна тӀе туьха а тесна, царах Везачу Элана дийнаташ дагоран сагӀа доккхур ду.

[25] ВорхӀ дийнахь къинойх долу сагӀа даккха цхьацца бож ялае. Иштта бежана юкъара тӀехь сакхт доцу цхьацца старгӀа а, иштта жена юкъара цхьа а сакхт тӀехь доцу уьстагӀ а балабе.

[26] ВорхӀ дийнахь цара сагӀа доккху кхерч оцу тайпана цӀанбан беза, иза баз а беш.

[27] И денош чекхдевллачул тӀаьхьа, борхӀалгӀачу дийнахь, иштта кхин а тӀаьхьарчу деношкахь а динан дайша цу сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш а дохур ду шуна тӀера. Ткъа Со шуна реза хир ву“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.

Яхьазкхиал-пайхамаран тептар — Chapters