Skip to content
Opens in a new window

[1] ТӀаккха суна хьалахьаьжча, каруб-маликийн кортошна тӀехула йолчу нартолна тӀехь йолу хӀума гира. Иза саппир олу беза тӀулг санна лепара, иштта паччахьан гӀантан куьцехь а яра иза.

[2] Дуткъачу кӀадинан бедарш йолчу стаге Везачу Эло элира: «Каруб-маликашна бухахь йолчу хьийзачу чкъургашна юккъехула чекх а валий, канаш юззий, каруб-маликашна юкъара догуш долу кӀегий схьа а эций, уьш гӀалина тӀе дӀасакхисса». Со хьоьжучу хенахь и стаг дӀавахара.

[3] Каруб-маликаш Делан цӀийнан къилберачу агӀор лаьтташ дара, и стаг чкъургашна юккъе дӀавахча. ТӀаккха цхьана мархо цӀийнан чухулара керт хьалаюьзира.

[4] Цул тӀаьхьа каруб-маликашна тӀехула йолу Везачу Элан сийлалла, хьалаайа а елла, неӀсагӀехьа дӀайолаелира, тӀаккха Делан цӀа оцу мархах хьаладуьзира, ткъа ерриг а керт Везачу Элан сийлаллин нуьрах хьалаюьзира.

[5] Каруб-маликаша лестош долчу тӀемийн гӀовгӀа арахьарчу кертахь а хезаш яра, Нуьцкъала Дела вистхуьлуш ма-хаззара.

[6] Дуткъачу кӀадих йина бедарш юьйхина волчу стаге: «Каруб-маликаш долчуьра чкъургашна юккъехь догуш долу кӀегий схьаэца», Везачу Эло аьллачул тӀаьхьа, и стаг, мархина юккъе а ваьлла, цхьана чкъургана улло дӀахӀоьттира.

[7] ТӀаккха каруб-маликех цхьаммо, царна юккъехь йогуш йолчу цӀарна тӀе куьг дӀа а кховдийна, цигара кӀегий схьа а эцна, уьш дуткъачу кӀадих йина бедарш юьйхина волчу стаге дӀаделира. Уьш схьа а эцна, и стаг аравелира.

[8] Каруб-маликийн тӀемашна бухахь адаман куьйгаш долуш санна хетара.

[9] ДӀахьаьжча, суна гира каруб-маликашна уллохь йиъ чкъург, хӀора маликана уллохь цхьацца чкъург а йолуш, ткъа и чкъургаш хризолит олучу безачу тӀулгех йича санна лепаш яра.

[10] ХӀора чкъурган кеп цхьатерра яра, ткъа цхьа чкъург кхечу чкъургана чохь йолуш санна хеталора.

[11] И чкъургаш дӀайоьлхучу хенахь каруб-маликашна хьалха йолчу муьлхха а еа агӀонгахьа цаьрга дӀайигалора. Чкъургаш дӀаса а ца йоьрзуш, каруб-маликашка нийсса дӀайигалора. Еа юьхьан хӀора агӀор цаьрца цхьаьна чкъургаш а дӀаяхалора, цхьанхьа а дӀаса а ца йоьрзуш.

[12] Церан дерриг а дегӀ – букъ а, куьйгаш а, тӀемаш а, иштта йиъ чкъург а – бӀаьргех дуьззина дара.

[13] Хьалха суна «хьийза чкъургаш» олу чкъургаш яра уьш.

[14] Цу хӀора каруб-маликан йиъ юьхь яра: хьалхара юьхь – каруб-маликан юьхь яра, шолгӀаниг – адаман, кхозлагӀниг – лоьман, ткъа йоьалгӀаниг – аьрзунан юьхь яра.

[15] Каруб-маликаш хьалаайаделира. И дийнаташ суна Кабар-хина уллохь гинарш дара.

[16] Уьш дӀадоьлхучу хенахь царна уллора чкъургаш а дӀаоьхура, ткъа цара шайн тӀемаш хьалаайдича, лаьттара хӀаваэ хьаладовла, и чкъургаш цаьрца нийсса хьалайоьлхура.

[17] Уьш лаьттачу хенахь, чкъургаш а лаьттара, ткъа уьш хьалаайаделча, уьш а цаьрца нийсса хьалаайалора, шайна чохь цу дийнатийн са долу дела.

[18] ТӀаккха Везачу Элан сийлалла, Делан цӀийнан неӀсагӀина уллора дӀа а даьлла, каруб-маликашна тӀехула сецира.

[19] Ткъа уьш, шайн тӀемаш хьала а айдина, суна а гуш, лаьттара хьаладахара. Уьш дӀадоьлхучу хенахь царна уллохь чкъургаш а дӀаоьхура. Уьш Везачу Элан цӀийнан малхбалехьа долчу кевнна хьалха дӀахӀиттира, ткъа Исраилан халкъан Делан сийлалла царна тӀехула яра.

[20] Суна дагадеара и дийнаташ: уьш Кабар-хина уллохь Исраилан халкъан Далла бухахь хилла долу дийнаташ дара. Суна хиира уьш каруб-маликаш хилар.

[21] Церан хӀораннан а йиъ юьхь а яра, биъ тӀам а бара, ткъа цу тӀемаш кӀел адаман куьйгаш долуш санна а хетара.

[22] Церан яххьаш суна Кабар-хина уллохь гиначу дийнатийн яххьех тера яра. Ткъа ша дӀадолалучу хенахь хӀора дийнат муьлххачу а агӀор дӀадахалора.

Яхьазкхиал-пайхамаран тептар — Chapters