Skip to content
Opens in a new window

[1] ЯхӀу-Якхам-паччахьо ЯхӀуд-махкахь паччахьалла дечу кхоалгӀачу шарахь Бавел-мехкан паччахьо Набухди-Нецара, ван а веана, Ярушалайм-гӀалина го лецира.

[2] ТӀаккха Хьалдолчу Эло цуьнан кара вахийтира ЯхӀуд-мехкан паччахь волу ЯхӀу-Якхам. ЯхӀу-Якхам-паччахь а, кхин дӀадигна долу адамаш а Набухди-Нецара ШанӀар-махкара шен делан цӀа чу дӀадигийтира. Ткъа Ярушалайм-гӀалара Делан цӀа чуьра цхьайолу еза хӀуманаш, шен дола а яьхна, шайн делан цӀа чуьра хазнина тӀе дӀаяхьийтира цо.

[3] Паччахьо омра дира шен кертарчу хьаькамийн куьйгалхочуьнга Ашпеназе, исраилхойн тоьллачу паччахьийн а, элийн а цӀийнах бевлла болу къонахой шена тӀе схьабалабе аьлла.

[4] Уьш хила безара шайн догӀмашца цхьа а сакхталла а йоцуш, юьхьсибатца хаза а болуш, муьлхха а Ӏилма Ӏамо кхетам а болуш, Ӏилма девзаш а болуш, кӀорггера хьекъал а долуш, паччахьан цӀа чохь гӀуллакх дан ларор болу къонахой. Царна Ӏамор ду хашадийн мотт бийца а, цу маттахь долу тайп-тайпанара тептарш деша а.

[5] Иштта паччахьо тӀедиллира хӀора дийнахь царна шен цӀа чуьра мала чагӀар далар а, яа хӀума ялар а. КхидӀа а тӀедиллира цо и къонахой кхаа шарахь кхетош-кхиор а, и хан дӀаяьлча, уьш шена тӀебалор а.

[6] Цу къонахошна юкъахь бара ЯхӀудан тӀаьхьенах болу Даниал а, Хьанан-ЯхӀу а, Мишаал а, Ӏазар-ЯхӀу а.

[7] Паччахьан кертара хьаькамийн коьртачу куьйгалхочо церан цӀераш хийцира. Даниалх – Бел-Ташацар элира, Хьанан-ЯхӀух – Шадрак элира, Мишаалах – Мешак элира, ткъа Ӏазар-ЯхӀуна Ӏабди-Нага боху цӀе тиллира.

[8] Паччахьан цӀа чуьра юучуьнца а, паччахьо молучу чагӀарца а ша Далла гергахь бехлур вац аьлла, нигат дира Даниала. Цундела цо дийхира Ашпеназе Далла гергахь хьарам йолчу юучух а, маларх а ша хьакха ца валийтар.

[9] Дала нисдира паччахьан кертара хьаькамийн куьйгалхо цуьнца дика хилар.

[10] Цу коьртачу куьйгалхочо Даниале элира: «Кхоьру со сайн олахочух, сайн паччахьах. Цо ша хӀоттийна шуна и даар-малар далар. Нагахь санна цунна шун хенара болчу къонахойл шун яххьаш гӀелъелла гахь, сан корта боккхуьйтур бу аш паччахье».

[11] ТӀаккха Даниала ша а, шен кхо накъост а ларван коьртачу куьйгалхочо хӀоттийначу гӀаролхочуьнга дехар дира:

[12] «Зехьа ахьа хьайн леш итт дийнахь. Балийтахьа тхуна баа беккъа хасстоьмаш а, мала хи а.

[13] ТӀаккха хьожур хьо тхан яххьашка а, паччахьан юург-мерг йиъначеран яххьашка а. Цул тӀаьхьа хьайн лех хьайна луъург дер ахь».

[14] Даниала аьлларг а дина, цо итт дийнахь зийра уьш.

[15] Итт де даьлча, церан яххьаш а, догӀмаш а паччахьан кхача бууш Ӏийначарел хаза хилла карийра.

[16] Цул тӀаьхьа гӀароло, ойла ца керчаш, церан юург а, чагӀар а, схьа а оьций, царна баа хасстоьмаш лора.

[17] Цу веа а къонахчунна массо а тайпана тептарех кхетар а, Ӏилма хаар а, хьекъал а делира Дала. Ткъа Даниална, цул совнаха, гина гӀенаш а, самах дуьхьалхӀуьтту суьрташ а тида хаар делира.

[18] Йийсарехь болчарна юкъара хаьржина массо а къонахой паччахьна гайта йиллина хан тӀекхаьчначу хенахь, паччахьан кертара коьртачу куьйгалхочо уьш Набухди-Нецар-паччахьна тӀебалийра.

[19] Ша цаьрца къамелаш дича, паччахьна билгалделира цу массо а къонахошна юкъахь цхьа а Даниале а, Хьанан-ЯхӀуга а, Мишаале а, Ӏазар-ЯхӀуга а кхочуш ца хилар. ТӀаккха хӀорш бисира паччахьан кертахь гӀуллакх дан.

[20] Муьлххачу а хьекъал-кхетам оьшучу гӀуллакхехь а, паччахьо хӀуъа хаттар дича а, цунна карабора уьш уьттазза алсам хууш шен пачхьалкхера мел болчу бозбунчел а, эвлаяэл а.

[21] Иштта Ӏийра цигахь Даниал, Къуреш-паччахь хӀоьттина хьалхара шо тӀекхаччалц.

Даниал-пайхамаран тептар — Chapters