Skip to content
Opens in a new window

[1] Соьга Везачу Элан дош кхечира:

[2] «Адаман кӀант! Цунна кхел йийр юй те ахь? Хьуна лаьий те цӀий Ӏанийначу Ярушалайм-гӀалина кхел ян? Цо мел лелийна вониг цунна дӀагайта.

[3] ДӀаала цаьрга: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Ва гӀала, хьайна чохь цӀий Ӏенорна, ахь хьайна бохам ма боккху, хьайна цӀуш а беш, хьуо Суна хьалха бех ма йо.

[4] Айхьа Ӏанийна долу цӀий бахьана долуш, ахьа хьо бехке йина, айхьа бина цӀуш бахьана долуш, хьо Суна хьалха бех а йина. Хьан тӀаьххьара де тӀекхаьчна, хьан заманан чаккхе уллоеана. Цундела Ас кхидолу къаьмнаш хьох кхордуьйтур ду, массо а мехкаш хьох доьлуьйтур ду.

[5] Хьуна уллохь берш а, генахь берш а хьох боьлур бу, ва боьхаллина цӀеяхана, карзахаллех юьзнарг.

[6] Исраилхойн куьйгалхошка хьажал. Царах хӀораммо а хьуна чохь шен ницкъаца цӀий Ӏанадора.

[7] Ярушалайман бахархоша шайн дай-наний емалдо, кхечу мехкашкарчу нахана гӀело йо, бисина Ӏаш болу зударий а, бобераш а ледо.

[8] Ахьа Суна деза хетарш а ца лору, иштта Суна лерина шоьтан де а ца лору.

[9] Хьан бахархойх цхьаболчара кхечу нахана мотт бетта, уьш байъийтархьама. Цхьаболчара лаьмнашкахь йолчу езачу меттигашкахь цӀушна сагӀина еана яа хӀума а йоу, дегаза гӀуллакхаш а леладо.

[10] Цхьаберш шайн дайн зударшца дӀабуьйшу, ламаз доьхна болу зударий а хьийзабо цара.

[11] Цхьаверг шен доттагӀчун зудчуьнца лела, важа шен несаца лела, вукхо шен ден йоӀ йолу шен йиша хьийзайо.

[12] Ярушалаймехь ахчанах нах бойъу, юхалург деллачу ахчанна тӀера ял йоккху, шена уллохь волчуьнгара леварца са йоккху, ткъа Со вицвина цара’, – боху Хьалдолчу Эло.

[13] ‘Нах лебарца аша са яккхарна а, иштта шайна юкъахь цӀий Ӏенорна а, Аса сайн куьйгаш вовшахтоьхна.

[14] Сатохалур дуй те хьан даге, чохь са долуш санна хир дуй те хьан куьйгаш, Ас хьуна бекхам бечу заманахь? Веза Эла волчу Аса иштта элира, ткъа Айса аьлларг кхочуш а дийр ду Аса.

[15] Аса дӀасадаржор ду шу кхечу къаьмнашкахула а, дӀасакхуьссур ду шу кхечу мехкашкахула а. Суна хьалха шу цӀена цахилар чекхдоккхур ду Аса.

[16] Хьо кхечу къаьмнашна хьалха сийсазъяьккхина хир ю. ТӀаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла’“».

[17] ТӀаккха соьга Везачу Элера дош кхечира:

[18] «Адаман кӀант! Исраилан халкъ Суна хьалха боьханиг санна хилла дӀахӀоьттира. Кхерчахь тӀехула хӀутту гӀели а, цӀаста а, эчиг а, даш а санна хилира иза. Дети кхерчахь цӀандинчул тӀаьхьа дисина долу боьханиг санна ду и халкъ!

[19] Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: „Шу боьханиг санна хилла дӀахӀиттина дела, Ас шу дерриш а Ярушалаймана чу схьагулдийр ду.

[20] Дети а, цӀаста а, эчиг а, даш а, гӀели а цхьаьна а тухий, кхерчана юккъе дуьллу, цӀе марса а йоккху, уьш дашийтархьама. Аса а, Сайн оьгӀазаллица а, дераллица а шу схьа а гулдина, Ярушалайм-гӀалина чу а дехкина, лалор ду.

[21] Шу схьа а гулдина, Ас Сайн оьгӀазаллин цӀеран Ӏаь тухур ю шуна тӀе, тӀаккха шу цу юкъахь лелар ду.

[22] ЦӀергахь лелаш долу дети санна, шу а лелар ду цу юкъахь. ТӀаккха хуур ду шуна, Веза Эла волу Со вуйла, шуна тӀе Сайн дералла йоссийнарг“».

[23] ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира:

[24] «Адаман кӀант! ДӀаала Исраил-махке: „Дала бекхам бечу дийнахь хьо цӀанбаза бисина мохк а бу, хьан лаьтта тӀе догӀа а ца деана!“

[25] Мехкан пайхамарш зуламечу ойланашца вовшахтийсало, шен ижу а цоьстуш, гӀигӀ деш долу лом санна. Цара дуккха а нах хӀаллак а бо, цаьргара хьал а, жовхӀарш а схьа а доху, уьш бахьана долуш бисина Ӏаш болу зударий махкахь алсамбуьйлуш бу.

[26] Мехкан динан дайша Сан товрат-хьехамаш дӀа а тотту, Суна лерина хӀуманаш сийсаз а йоху, дезаниг деза доцучух дӀа ца къастадо, иштта хьанал дерг хьарамчух а дӀа ца къастадо. Цара Суна лерина шоьтан де а ца лору. И хӀума лелорца Цара Со а бехво.

[27] Мехкан куьйгалхой ижу дӀасаийзош йолчу берзалойх тера бу. Нехан цӀий а Ӏенош, уьш байъа а бойъуш, шайна са лоьху цара.

[28] Мехкан пайхамарш вочу пена тӀехь кир тухуш санна лела, хӀунда аьлча царна эрна суьрташ а го, цара харцболу пал а туьйсу. Цара боху: „Иштта олу Хьалдолчу Эло“, Веза Эла волчу Аса шайга хӀумма а ца дийцинехь а.

[29] Мехкан наха кхиберш Ӏехабо, талораш до, къечунна а, мискачунна а гӀелонаш йо, кхечу махкара тӀебаьхкина нах а хьийзабо.

[30] Пен тобан, пенна Ӏуьрг даьллачу метте мехкан дуьхьа дӀахӀотта стаг лийхира Ас, Соьга и мохк хӀаллак ца байтархьама, амма Суна иза ца карийра.

[31] Цундела Ас Сайн оьгӀазалла дӀагойтур ю царна, Сайн дераллин цӀерца Ас хӀаллакбийр бу уьш, цара мел лелийнарг царна дуьхьал доккхур ду Аса». Иштта боху Хьалдолчу Эло.

Яхьазкхиал-пайхамаран тептар — Chapters