Skip to content
Opens in a new window

[1] Халкъан цхьа дакъа Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа, ткъе уьтталгӀачу шеран боьалгӀачу беттан пхоьалгӀачу дийнахь, со Кабар-хина уллохь ЯхӀуд-махкара йийсаре дӀабигначарна юкъахь а волуш, стигалш дӀаса а еллаелла, суна Делера долу суьрташ хӀиттира.

[2] Оццу беттан пхоьалгӀачу дийнахь (иза дара ЯхӀу-Яхин-паччахь йийсаре вигначу пхоьалгӀачу шарахь),

[3] соьга, динан да волчу Бузин кӀанте Яхьазкхиале, Везачу Элан дош кхечира, со хашадхойн махкахь Кабар-хина уллохь волуш. Цигахь суна тӀе Везачу Элан ницкъ боьссира.

[4] Суна, Яхьазкхиална, гира къилбаседехьара схьахьоькхуш долу дарц. Йоккха марха яра гуш, цунна юккъера стелахаьштигаш а лепаш, ткъа цунна гонах къегаш серлаюьйлуш яра. Мархина юккъехь, стелахаьштигаш долчохь, лепаш цӀаста санна йолу хӀума яра.

[5] Дарцана юкъахь диъ дийнат санна хӀума яра. ДӀахьаьжча, церан кеп адамийн сибатах тера яра.

[6] Делахь а цу хӀораннан а йиъ юьхь а яра, биъ тӀам а бара.

[7] Церан когаш нийса бара, ткъа коган кӀело аьттан берг санна яра, цӀандина цӀаста санна къегаш а яра.

[8] Церан еа а агӀонашкахь долчу тӀемашна кӀелахь адамийн куьйгаш дара.

[9] Деа дийнатан яххьаш а, тӀемаш а дара. Церан тӀемаш вовшех дозуш дара. Шаьш дӀадуьйлалучу хенахь уьш, дӀаса а ца доьрзуш, муьлххачу а агӀор дӀадахалора.

[10] Церан хӀораннан а хьалхара юьхь – адаман юьхь яра, аьтто агӀорниг – лоьман юьхь яра, аьрру агӀор – стеран юьхь яра, ткъа хӀораннан а тӀехьара юьхь аьрзунан юьхь яра.

[11] Церан шишша тӀам царна тӀехула дӀасабаржийна бара. ХӀораннан а шишша тӀам вукхуьнан тӀемех хьакхалуш бара. ХӀораннан а иштта кхин а шишша тӀам бара, цаьрца шайн догӀмаш къайладохура цара.

[12] Уьш хӀорра муьлххачу а агӀор дӀадахалора. Шайн са дӀагӀертачу агӀор доьлхура уьш, доьлхучу хенахь дӀаса а ца доьрзуш.

[13] Дийнатийн сибат, догуш долу кӀегий санна, къегаш дара, хаьштигех тера а дара. Цу дийнаташна юкъахь лелаш цӀе яра, иза, ткъес санна, серло етташ яра.

[14] Ткъес санна, сиха дӀасалелаш дара и дийнаташ.

[15] Цу дийнаташка хьаьжча, суна гира царна уллохь лаьттах кхеташ йолу йиъ чкъург, церан еа агӀонна уллохь.

[16] ХӀора чкъурган сибат цхьатерра дара. Уьш, хризолит олучу безачу тӀулгех йича санна, лепаш яра, ткъа цхьа чкъург кхечу чкъургана чохь йолуш санна хеталора.

[17] И чкъургаш дӀайоьлхучу хенахь дийнаташна хьалха йолчу муьлхха а еа агӀонгахьа дӀайигалора цаьрга. Чкъургаш дӀаса а ца йоьрзуш, дийнаташ нийсса дӀадоьлхура.

[18] Ткъа цу чкъургийн гонаш инзаре лекха дара – уьш массо а бӀаьргех дуьззина дара.

[19] И дийнаташ дӀадоьлхучу хенахь царна уллора чкъургаш а дӀаоьхура, ткъа нагахь уьш хьалаайаелча, и чкъургаш а цаьрца цхьаьна хьалаайалора.

[20] Дийнаташ шайн сино дӀаюьгучу метте дӀадоьлхура, уьш дахначу метте и чкъургаш а дӀайоьлхура цаьрца нийсса, хӀунда аьлча цу дийнатийн са цу чкъургаш чохь дара.

[21] И дийнаташ дӀадоьлхучу хенахь, чкъургаш а дӀайоьлхура, уьш сецча – совцура, уьш лаьтта тӀехула хьалаайаделча, цаьрца нийсса хьалаайалора чкъургаш а, хӀунда аьлча цу дийнатийн са цу чкъургаш чохь дара.

[22] Церан кортош тӀехула нартол санна йолу хӀума яра, ша санна цӀена исбаьхьа лепаш а йолуш.

[23] Цу нартол бухахь дӀасадахийтина церан тӀемаш дара, хӀораннан а тӀам вукхуьнан тӀомах кхеташ. Ши тӀам царна тӀехула дӀабоьдуш бара, ткъа вукху шина тӀомо церан дегӀ дӀахьулдора.

[24] Уьш дӀадоьлхучу хенахь суна церан тӀемийн гӀовгӀа хезара. Церан тӀемаша, дӀадоьдуш долчу доккхачу хино санна, гӀовгӀа йоккхура. И гӀовгӀа Ницкъболчун аз санна, я эскаран гӀовгӀа санна хеталора. И дийнаташ дӀадоьлхучуьра совццушехь, тӀемаш церан агӀонашна тӀедуьжура.

[25] Цу дийнаташа, саца а сецна, шайн тӀемаш охьадахийтича, церан кортошна тӀехуларчу нартолна тӀехулара аз схьахезара.

[26] Церан кортошна тӀехуларчу нартолна тӀехула саппир олучу безачу тӀулгах йинчу Ӏаршах тера хӀума яра. Цу тӀехь адаман сибатехь волу цхьаъ Ӏаш волуш санна хетара.

[27] Суна гира гӀодаюкъара дуьйна хьала, шена чуьра схьайолу цӀеран алу санна, иза лепачу цӀастанах тера хилар. Ткъа гӀодаюкъана охьа а цӀе летта лепаш санна йолу хӀума гира суна.

[28] ДогӀа догӀучу хенахь мархашна юккъера схьакхетта стелаӀад санна, серло яра цунна гонах йогуш.

Яхьазкхиал-пайхамаран тептар — Chapters