[1] Соьга Везачу Элера дош кхечира:
[2] «Аша Исраил-махкахь стенна даладо хӀара кица: „Дайша муьста кемсаш йоу, ткъа берийн цергаш леха“?»
[3] Хьалдолчу Эло боху: «Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, Исраил-махкахь кхин и кица далор ма дац аьлла.
[4] Дерриг а адамийн дахар Сан карахь ду – ден я кӀентан дахар Суна бен а дац. Къинош летош верг ву лийр верг.
[5] Масала, вехаш ву, бакъдерг а, нийсо а лелош волу цхьа бакъахьара стаг.
[6] Цо лаьмнашкахь цӀушна Ӏамал еш даьккхинчу сагӀанах хӀума а ца йоу, цо Исраилан халкъан цӀушна доӀанаш а ца до, иза шен лулахочун зудчуьнца а ца лела, шен зудчун ламаз доьхначу хенахь цунах хьакха а ца ло.
[7] Цо адамашна гӀело а ца йо, шегара декхар эцначунна цо закъалтана елла хӀума а дӀало. Цо къола а ца до, мецачунна яа хӀума а ло, тӀехь хӀума йоцуш висинчунна тӀеюха хӀума а ло.
[8] Цо, тӀера ял а йоккхуш, юхалург ахча а ца ло, ша вониг лелорах лар а во, къовсамашкахь нийсонца кхел а йо.
[9] Иза Сан парзашца а лела, цо Сан тӀедехкинарш лар а до. Иза Сан лаамехь верг ву, цундела иза вехар а ву» – боху Хьалдолчу Эло.
[10] «Ткъа, масала, цуьнан кӀант талорхо хила тарло, нехан цӀий а Ӏенош, шен дас цкъа а ца лелийначу гӀуллакхех муьлхха а деш волу. Нагахь цо лаьмнашкахь цӀушна Ӏамал еш даьккхинчу сагӀанах хӀума яахь, я иза шен лулахочун зудчуьнца лелахь,
[12] я къечунна гӀело еш, цуьнгара хӀума цо схьаяккхахь, я декхар оьцуш закъалтана елла хӀума дӀа ца лахь, иза цӀушна Ӏамал еш лелахь, иштта кхидолу дегаза хӀуманаш цо леладахь,
[13] тӀера ял а йоккхуш, цо юхалург ахча лахь, вехар вуй те и стаг? Вехар вац. И хӀуманаш лелош мел верг лийр ву, цуьнан цӀий цунна шена тӀехь а хир ду.
[14] Ткъа, масала, нагахь оцу вочу стеган кӀант хилахь, цу кӀантана шен дас мел лелорг гур ду. Цо, шен дас лелорг шена гуш доллушехь, и санна долу хӀуманаш ца леладо:
[15] лаьмнашкахь цӀушна даьккхинчу сагӀанах хӀума а цо ца яахь, шен лулахочун зудчуьнца а иза ца лелахь,
[16] адамашна цо гӀело а ца яхь, иштта ша юхалург деллачу ахчанна закъалтана делларг дӀа а лахь, цо къола а ца дахь, мецачунна яа хӀума а лахь, тӀехь хӀума йоцуш висинчунна тӀеюха хӀума а цо лахь,
[17] къечун дог а ца дохош, тӀера ял а йоккхуш, цо ахча юхалург а лахь, Сан тӀедехкинарш а деш, Сан парзашца иза лелахь, и стаг шен дас лелийнарг бахьана долуш лийр вац. Иза билггал вехар ву.
[18] Ткъа цуьнан дас адамаш къизаллица баца а бора, шен къомах болчарна къоланаш а дора, шен халкъана юкъахь вонаш а леладора. Ша летийна къинош бахьана долуш иза лийр ву.
[19] Ахьа хоьтту: „Дас лелийнарг бахьана долуш кӀант жоьпе хӀунда ца озаво?“ КӀант, бакъдерг а, нийсо а лелош, Сан парзаш лар а деш, уьш кхочуш а деш леларна, билггал вехар ву.
[20] Къинош летийнарг лийр ву, ткъа кӀантана, шен дас лелийнарг бахьана долуш, таӀзар дийр дац, шен кӀанта летийначу къиношна дена а дийр дац таӀзар. Делан лаамехь волчун дика цунна бен ца догӀу, вониг лелочун вон цунна бен догӀуш ца хиларе терра.
[21] Ткъа зуламхочо, къинош леторан некъ а битина, Сан парзаш лар а деш, бакъдерг а, нийсо а лелаяхь, иза билггал вехар ву, лийр а вац.
[22] Цо мел лелийна вонаш дагадоуьйтур дац. И стаг, ша дина нийса хӀуманаш бахьана долуш, вехар ву.
[23] Вочу стеган Ӏожалла тӀеярах там хуьлий те Суна? – боху Хьалдолчу Эло. – Мелхо а, шен харцнекъа тӀера дӀа а вирзина, иза вехаш хилар Суна тамехь хир дара.
[24] Амма нагахь санна бакъахьа лелаш верг ша дӀахьочу некъа тӀера валахь, иза вонаш дан волалахь, зуламхочо ма-леллора, вехар вуй ткъа иза? Цо мел дина дика лорур дац. Суна тешаме ца хиларна а, ша къинош леторна а, и стаг лийр ву.
[25] Амма аша боху: „Везачу Элан лелар нийса дац!“ ЛадогӀал, Исраилан халкъ! Сан лелар дуй те нийса доцург? Шун лелар ма дац нийса!
[26] Нагахь санна Делан лаамехь верг, шен нийсачу некъа тӀера а ваьлла, вонаш деш волалахь, и хӀума бахьана долуш лийр ву. Ша лелийна зуламаш бахьана долуш лийр ву иза!
[27] Амма зуламхо, ша лелийначу вонаш тӀера дӀа а вирзина, бакъдерг а, нийсо а лелош волалахь, цо шен са кӀелхьардоккхур ду.
[28] Ша мел лелийна харцдерг а хиъна, царна тӀера иза дӀаверзарна, иза вехар ву, лийр а вац.
[29] Ткъа Исраилан халкъо боху: „Везачу Элан лелар нийса дац!“ Исраилхой, Сан лелар дуй те нийса доцург? Шун лелар билггал нийса дац!
[30] Цундела Ас кхел йийр ю шуна, исраилхой. Ас хӀора стагана, цуьнан леларе хьаьжжина, кхел йийр ю. – Иштта элира Хьалдолчу Эло. – Цундела, Со волчу юха а дерзий, шаьш мел лелош йолчу харцонашна тӀера дӀадовла! Къа бахьана долуш шаьш гал ма дийлийта.
[31] ДӀадаха шайна уллора шаьш летийна долу къинош, хийцадалийта шайн дегнаш а, шайн синош а. Хьо дала хӀунда деза, Исраилан халкъ?
[32] Со муьлххачу а стагана Ӏожалла тӀеярах там хуьлуш вац, – боху Хьалдолчу Эло. – Къиношна тӀера дӀа а дерзий, дехаш хилийша!»