[1] Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа, ворхӀалгӀачу шеран пхоьалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь Исраилан халкъан масех къано веара со волчу, Везачу Элах дагавалархьама. Уьш, схьа а баьхкина, суна хьалха охьахевшира.
[2] ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира:
[3] «Адаман кӀант! Вистхила Исраилан халкъан къаношка. Ала цаьрга: „Хьалдолчу Эло боху: ‘Шу Сох дагадовла даьхкина? Дийна волчу Сайх Аса чӀагӀо йо, шу Сайх Аса дагадовлуьйтур дац аьлла’. Иштта боху Хьалдолчу Эло“.
[4] Царна тӀехь кхел йийр ю ахь? Уьш бехке бе, адаман кӀант! Царна дагадаийта церан дайша лелийна мел долчу дегазчу хӀуманех лаций.
[5] ДӀаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло шуьга боху: ‘Айса Исраилан халкъ хаьржинчу дийнахь, Якъубан тӀаьхьенах болчарна тӀе айдинчу куьйгаца Аса чӀагӀо а йора, царна Со дӀа а вовзуьйтура Аса Мисар-махкахь. Сайн куьг хьала а айина, Аса элира: ‹Со шун Веза Дела ву›.
[6] Цу дийнахь Ас царна дош делира, уьш, Мисар-махкара ара а баьхна, Айса церан дуьхьа теллинчу лаьтта тӀе дӀабига, уггар хазачу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе.
[7] Ас царна тӀедиллинера, шайна хьалхара боьха цӀуш дӀабаха, шаьш мисархойн цӀуш бахьана долуш ма бехде аьлла, хӀунда аьлча Со церан Веза Дела ву!
[8] Амма уьш Суна дуьхьалбевлира, царна ца лаьара Соьга ладогӀа, цхьаммо а шайна хьалхара боьха цӀуш дӀа ца бехира, я мисархойн цӀушна букъ а ца берзийра. ТӀаккха Ас сацам бира Сайн дералла царна тӀе охьаӀано а, Мисар-махкахь ерриг а Сайн оьгӀазалла царна тӀе яхийта а.
[9] Амма и хӀума Ас Сайн цӀеран дуьхьа дира, Сайн цӀе уьш юкъахь Ӏийначу халкъашна хьалха ца йожийта, Ас уьш Мисар-махкара арабохучу хенахь дӀадовзийтинчу халкъашна юкъахь Сайн цӀе ца йожийта.
[10] Аса уьш, Мисар-махкара ара а баьхна, яьссачу аренга схьабалийра.
[11] Ас царна Сайн парзаш а делира, иштта Сайн тӀедехкинарш дӀа а хаийтира. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула билггал вехар ву.
[12] Ас Сайн шоьтан денош а делира царна, Суна а, царна а юкъахь билгалонаш а хилла дӀахӀиттина долу, иштта царна дӀахаийтархьама, Со уьш Сайн дола бохуш волу Веза Эла вуйла.
[13] Амма Исраилан халкъ Суна дуьхьалделира яьссачу аренгахь. Цара Сан тӀедехкинарш кхочуш а ца дора, иштта Сан парзаш дӀа а тоттура. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула вехар ма ву. Цара Сан шоьтан денош чӀогӀа сийсаз а дохура. ТӀаккха Ас сацам бира яьссачу аренгахь Сайн дералла царна тӀе йоссо, уьш хӀаллак а беш.
[14] Амма Сайн цӀеран дуьхьа Аса иза кхочуш ца дира. Исраилан халкъ Мисар-махкара арадоккхуш гина долчу къаьмнашна хьалха Суна ца лаьара Сайн цӀе сийсазъяьккхина хилар.
[15] Ас айдинчу куьйгаца цу яьссачу аренгахь чӀагӀо йира царна, уьш шуьрех а, мазах а буьзначу, уггар хазачу, Айса царна дӀабала билгалбаьккхинчу махка уьш схьабалор бац аьлла,
[16] хӀунда аьлча Исраилан халкъо Сан тӀедехкинарш дӀа а тоттура, Сан парзаш кхочуш а ца деш, лелара иза, Ас шайна делла долу шоьтан денош а сийсаздохура, хӀунда аьлча церан дегнаш шайн цӀушна тӀегӀерташ дара.
[17] Амма Ас царах къинхетам а бира, уьш яьссачу аренгахь хӀаллак а ца бира.
[18] Со яьссачу аренгахь церан берашка вистхилира. Ас элира цаьрга: ‹Ма гӀолаш шайн дайша дӀакхехьначу некъашкахула, цара шайна тӀедехкинарш кхочуш а ма делаш, ма бехделаш шаьш, церан цӀушна тӀе а товжий.
[19] Со – шун Веза Дела ву. Сан парзаш кхочуш а деш, лела, Сан тӀедехкинарш, лар а деш, кхочушде.
[20] Ас шайна делла долу шоьтан денош дӀакъастаде, царах Суна а, шуна а юкъахь йолу билгало хилийтархьама а, Со шун Веза Эла хилар цаьрга шуна дагадаийтархьама а›.
[21] Амма церан бераш а Суна дуьхьалдевлира. Уьш Сан парзашца ца лелара, цара Аса тӀедехкинарш лар а ца дора, кхочуш а ца дора. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула вехар ма ву. Цара Сан шоьтан денош а сийсаздохура. ТӀаккха Ас сацам бира яьссачу аренгахь царна тӀе Сайн дералла охьаӀано а, цаьрга Сайн оьгӀазалла кхачийта а.
[22] Амма Сайн цӀеран дуьхьа Сайн куьг юхадаьккхира Аса иза кхочушдечуьра. Исраилан халкъ шайна хьалха Мисар-махкара арадаьккхинчу къаьмнашна хьалха Суна ца лаьара Сайн цӀе сийсазъяьккхина хилар.
[23] Аса кхин цхьа чӀагӀо а йира цу яьссачу аренгахь. Айдинчу куьйгаца Ас чӀагӀо йира уьш кхечу къаьмнашкахула дӀасабаржо а, кхечу мехкашкахула дӀасакхисса а.
[24] Иза Аса дира, хӀунда аьлча Исраилан халкъо Сан тӀедехкинарш кхочуш а ца дора, Сан парзаш дӀа а тоттура, Ас шайна делла долу шоьтан денош сийсаз а дохура, шайн бӀаьргашца шайн дайн цӀушна тӀегӀерташ а бара уьш.
[25] Ас царна вон парзаш а, дахарна тӀе ца доьду тӀедилларш а делира.
[26] Ас магадора, шайн сагӀанашца цара шаьш бехдар – цара мелхо а шайн дуьххьарлера бераш цӀерах чекхдохуьйтура. Аса и хӀуманаш дар магадора, уьш Ӏадорхьама. ТӀаккха царна хуур ма дара, Со Веза Эла вуйла’“.
[27] Цундела вистхила Исраилан халкъе, адаман кӀант. ДӀаала цуьнга: „Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Суна тешаме а ца лелаш, кхин ишттачу тайпана а Со дола хийтира шун дайшна.
[28] Аса царна ваӀданца лур ду аьллачу лаьтта тӀе уьш схьабалийначул тӀаьхьа, уьш шайн сагӀанаш даха буьйлабелира, шайна лекха гунаш я тӀехь луьста гӀа долу дитташ мосазза ги. Шайн дийнаташ дагоран сагӀанаш дахарца а, хаза хьожа йогӀу хӀума ягорца а, чагӀаран сагӀанаш дахарца а цара Со оьгӀазвахийтира.
[29] Ас цаьрга хоьттура: ‹Шу тӀе оьхург хӀун гу бу?› – бохуш. (Цундела хӀинца а сагӀа доккху ‹гу› олу цунах.)’“.
[30] ХӀинца дӀаала Исраилан халкъе: „Хьалдолчу Эло боху: ‘Шайн дайша санна, аша Далла хьалха шаьш бех ца до ткъа, Суна тешаме а ца хуьлуш, церан дегазчу цӀушна тӀаьхьахӀуьттуш?
[31] Шайн сагӀанаш цӀушна а дохуш, шайн бераш цӀерах чекх а дохуьйтуш, хӀинцалерчу денна тӀекхаччалц аша Суна хьалха шаьш бех ма до. Аса хьо Сайх дагадолуьйтур ду ткъа, ва Исраилан халкъ? Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, – боху Хьалдолчу Эло, – Аса шу Сайх дагадовлуьйтур ма дац!’“»
[32] «Аша боху: „Тхо кхин къаьмнаш санна, кхечу мехкашкара долу халкъаш санна хир ду, дечигна а, тӀулгана а Ӏамал а еш“. Амма аша бохург цкъа а хир ма дац!
[33] Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, нуьцкъалчу куьйгаца а, тӀекховдийначу пхьаьрсаца а, охьаӀанийначу дераллица а шуна тӀехь паччахьалла дийр ма ду Аса.
[34] Нуьцкъалчу куьйгаца а, тӀекховдийначу пхьаьрсаца а, охьаӀанийначу дераллица а Ас шу кхечу къаьмнашна юкъара ара а дохур ду, шаьш дӀасадаржийначу мехкашкара схьа а гулдийр ду.
[35] Аса цхьана а ден долахь йоцчу яьссачу аренга схьагулдийр ду шу, юьхь-дуьхьал а хӀиттийна, шуна кхел йийр ю Аса.
[36] Ас кхел йийр ю шуна, шун дайшна мисархойн яьссачу аренгахь ма-ярра». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
[37] «Сайн коьжалгана кӀелхула лоьлуьйтур ду Аса шу, иштта Сайца бинчу бертан декхарш кхочуш а дойтур ду.
[38] Суна дуьхьалбевлларш а, Суна дуьхьал аьрха лелларш а шуна юкъара схьакъастор бу Ас. Шаьш бехаш болчу махкара Ас уьш арабохур белахь а, уьш цкъа а Исраил-махкана чубогӀур бац. ТӀаккха хуур ду шуна Со Веза Эла вуйла.
[39] Ткъа хьо, Исраилан халкъ, – боху Хьалдолчу Эло, – дало, шух хӀора, шайн цӀуйн гӀуллакх а деш лела! Амма цул тӀаьхьа, аша Соьга ла ца догӀахь, Сан еза цӀе аша кхин сийсазйохур ма яц шайн сагӀанашца а, шайн цӀушца а!
[40] Сан махкахь болчу безачу лам тӀехь, лекхачу Исраилан лам тӀехь, – боху Хьалдолчу Эло, – Суна гӀуллакх а деш, лелар ду дерриг а Исраилан халкъ. Ас цигахь хазахетарца тӀеоьцур ду шу. Цигахь Со хьоьжур ву аша Суна лерина мел долчу хӀумане а, шун тоьллачу сагӀанашка а, шун дезачу совгӀаташка а.
[41] Шаьш дӀасадаржийначу кхечу къаьмнаш юкъара Аса шу ара а даьхча, кхечу мехкашкара Аса шу схьа а гулдича, шу, хаза хьожа йогӀу хӀума санна, тӀеоьцур ду Аса. Кхечу къаьмнашна хьалха шуьгахула дӀагойтур ду Аса Со веза хилар.
[42] Ас шун дайшна ваӀданца лур бу аьллачу Исраил-махка шаьш схьадалийча, хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.
[43] Цигахь шуна дагадогӀур ду Суна хьалха шаьш бехдеш долу шайн лелар а, шаьш мел лелийна хӀуманаш а. Шун дог дер ду шаьш мел дина вонаш бахьана долуш.
[44] Ва Исраилан халкъ, хьан вочу некъашка а, гамдинчу гӀуллакхашка а ца хьожуш, ткъа Сайн цӀеран дуьхьа Аса хьо лелийча, хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла». Иштта элира Хьалдолчу Эло.
[45] Соьга юха а Везачу Элан дош кхечира:
[46] «Адаман кӀант! Къилбехьа дӀаверза. Къилбанна дуьхьал вист а хилий, къилбанан аренан хьуьнна дуьхьал Делера болу хаам кхайкхабе.
[47] Къилбанан хьуьне дӀаала: „ЛадогӀа Везачу Элера долчу даше. Хьалдолчу Эло боху: ‘Хьох цӀе лато воллу Со, ткъа оцу цӀеро хьан дерриг а дитташ – къона я декъа уьш делахь а – дӀакхоллур ду. Латийна алу йовр яц, ткъа хӀорра а къилбехьара дуьйна къилбаседе кхаччалц морцур ву.
[48] ТӀаккха адамашна хуур ду Аса, Везачу Эло, и цӀе латийнийла а, иза дӀаяйа йиш йоцийла а’“».
[49] ТӀаккха аса, Яхьазкхиала, элира: «Маржа-яӀ, Хьалдолу Эла! Халкъо сох лаьцна боху: „ХӀетал-металшца дуьйцуш-м вац те иза?“»