[1] Соьга Везачу Элан дош кхечира:
[2] «Адаман кӀант! Цора-гӀалин баьччане дӀаала, Хьалдолчу Эло иштта боху алий: „Хьо чӀогӀа кура ю. Ахьа боху: ‘Со – Дела ву, хӀорда юккъехь Ӏарша тӀехь Ӏаш ву со’. Амма хьо адам ду, Дела вац, хьан Делан хьекъалалла ду моьттуш хьо велахь а.
[3] Хьуна моьтту хьо Даниалачул сов хьекъал долуш ю, къайлаха дерг дерриг а хьайна хуур ду а моьтту хьуна.
[4] Хьайн хьекъалца а, кхетамца а гулдина ахьа хьайн дерриг а хьал а, хьайн хазни чуьра деши а, дети а.
[5] Хьайн доккхачу хьекъалаллица а, айхьа йохкаэцар лелорца а гулдина ахьа хьайн хьал, цундела хьан коьрте куралла йоьссина и хьал бахьана долуш.
[6] Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Хьуна Делан санна хьайн хьекъалалла ду моттар бахьана долуш,
[7] Ас кхечу мехкашкара нах схьабалор бу хьуна дуьхьалбаха, уьш кхечу къаьмнашна юкъахь уггар къиза нах бу. Цара шайн тарраш хьан хазаллина а, хьекъалаллина а дуьхьалдохур ду, цара хьан исбаьхьалла а дӀайоккхур ю.
[8] Цара хьо эхарта чу вохуьйтур ву, хӀордана юккъехь хӀаллаквийр ву хьо.
[9] ТӀаккха эр дуй ахьа хьо воьчарна хьалха: ‹Со – Дела ву›? Хьо хӀаллаквечеран карахь хилча, хьо кхидерш санна долу адам хир ду, Дела хир вац
[10] Хийрачу махкарчу нехан карах лийр ву хьо, акха лела жӀаьла санна. Иза Ас иштта аьлла дела хир ду’. Иштта элира Хьалдолчу Эло“».
[11] Везачу Элан дош кхечира соьга:
[12] «Адаман кӀант! Велха Цора-гӀалин паччахьна, цуьнга дӀа а ала: „ХӀара боху Хьалдолчу Эло: ‘Хьо кхачамаллин кеп яра, хьекъалаллех вуьззина вара, хьо уггар хазаниг а вара.
[13] Хьо Делан Ӏедан-бешахь вара, хьан бедарш тайп-тайпанарчу дезачу тӀулгашца кечйина яра: рубинца а, топазца а, алмазца а, хризолитца а, ониксца а, ясписца а, саппирца а, карбункулца а, изумрудца а. Церан гураш хьуна тӀехь говза а, хаза а деших дина дара. И дерриг а хьо кхоьллинчу дийнахь хьуна кечдина дара.
[14] Хьо къобалдина каруб-малик дара, Ас хьо гӀаролхо санна хӀоттийнера. Хьо иштта Делан безачу лам тӀехь а вара, цӀе санна, лепаш долчу тӀулгашна юкъахь а лелара хьо.
[15] Хьо цӀена вара хьайн некъашкахь хьо кхоьллинчу хенахь дуьйна, хьуна чохь зулам карадаллалц.
[16] Айхьа леладо шуьйрра йохкаэцар бахьана долуш, хьо къизаллех а вуьзна, ахьа хьайх къинош а летийна. Ас хьо боьха хӀума санна, Везачу Элан лома тӀера чукхоьссина. Ас дӀалаьллина хьо лардеш хилла долу каруб-малик, цӀе санна, лепаш долчу тӀулгашна юккъера дӀалаьллина Ас хьо.
[17] Хьан хазалла бахьана долуш куралла йоьссина хьан даг тӀе, хьайн дозалла бахьана долуш хьекъалалла а хӀаллакдина ахьа. И хӀума бахьана долуш Ас хьо лаьттах тоьхна, паччахьашна хьалха хьо юьхьӀаьржачу хӀоттийна Ас.
[18] Ахьа дукхазза а къинош леторна а, ахьа харцахьа йохкаэцар лелорна а, хьайн еза меттигаш ахьа бехйина. Хьуна чуьра цӀе схьаяьккхина Ас, цо хьо дӀа а кхаьллина. Хьо, чим бина, дӀахӀоттийна Ас, хьоьга хьожуш мел волчунна хьалха.
[19] Хьо девзаш мел хилла долу къаьмнаш, инзардевлла, Ӏадийна ду. Хьан чаккхе къемате яра, ткъа хьо кхин цкъа а хир яц’“».
[20] Соьга Везачу Элан дош кхечира:
[21] «Адаман кӀант! ЦӀадан-гӀалина дуьхьал вист а хилий, цунна дуьхьал Соьгара болу хаам бе.
[22] ДӀаала цуьнга, Хьалдолчу Эло хӀара боху алий: „ЦӀадан-гӀала, Со хьуна дуьхьалвер ву. Хьуна чохь Со гӀаравер ву. Ас шайна кхел йинчул тӀаьхьа а, Сайн возалла шайна юкъахь Аса гучуяьккхинчул тӀаьхьа а, хуур ду хьан адамашна, Со Веза Эла вуйла.
[23] Ас хьуна тӀе Ӏожаллин ун а хьажор ду, хьан урамашкахь цӀий а Ӏанадойтур ду. ГӀалара адам царна гонах болчу мостагӀийн карах хӀаллакьхир ду. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла.
[24] Исраилан халкъана гонах йолчу а, цунна кхиссарш йинчу а пачхьалкхаша кхин цкъа а, коканийн коьллаша я кӀохцалша санна, лазор яц иза. ТӀаккха хуур ду исраилхошна Со Хьалдолу Эла вуйла“».
[25] Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Шаьш дӀасадаржийна долчу къаьмнашна юкъара Айса Исраилан халкъ схьагулдича, Аса Сайн возалла гойтур ю массо а халкъашна хьалха. ТӀаккха Исраилан халкъан бахархой шайн долахь болчу а, Аса Сайн ялхо волчу Якъубана белла болчу а махкахь Ӏийр бу.
[26] Уьш цу тӀехь цхьанххьара а кхерам боцуш бехар бу, цара цӀенош а дийр ду, кемсийн бошмаш а югӀур ю. Уьш кхерам боцуш Ӏийр бу, царна кхиссарш еш хиллачу, царна гонахарчу массо а къаьмнашна тӀехь Ас кхел йича. ТӀаккха хуур ду царна, Со церан Веза Дела вуйла».