Skip to content
Opens in a new window

[1] Соьга Везачу Элан дош кхечира:

[2] «Адаман кӀант! Соьгара болу хаам а беш, дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Тийжа а тийжаш, ала: ‹Маржа-яӀ оцу дийнан!›

[3] Иза уллохь ду, Везачу Элан де. Кхоьлина хир ду и халкъашна гӀайгӀане долу де.

[4] Мисар-махкана тур дуьхьал дер ду. Цуьнан адам хӀаллакдан доладелча а, цуьнан бахам схьабаьккхича а, Мисар-мохк шен бух тӀе кхаччалц шайна йохийна гича а, Хушан халкъ, кхераделла, Ӏадийна хир ду.

[5] Хуша а, ПӀатӀа а, Луда а мехкийн халкъаш а, Хуба-мохк а, дерриг а эделла долу халкъ а, иштта Дала ваӀданца беллачу махкара бахархой а туьро хӀаллакбийр бу’.

[6] Иштта боху Везачу Эло: ‘Мисар-мехкан гӀортораш хӀаллакьхир ю, южур ю цуьнан сийлалла а, дӀадер ду цуьнан ницкъ болуш хилар а, цуьнан дозалла а, Мигдолана тӀера Савейна тӀе кхаччалц массо а туьро вожор ву’. Иштта боху Хьалдолчу Эло.

[7] ‘Бассийначу мехкашна юкъахь а иза уггар а бассийнарг хир бу, яссийначу гӀаланашна юкъахь а уггар а яссийнарш хир ю цуьнан гӀаланаш.

[8] Со Веза Эла вуйла хуур ду царна, Ас Мисар-махкана тӀе цӀе а хьажийна, цуьнан гӀортораш хӀаллакьхиллачул тӀаьхьа.

[9] Цу дийнахь хинкеманашца Соьгара геланчаш гӀур бу, шена кхерам бац бохуш, Ӏаш долу Хуша-къам кхеро. Мисар-махкана таӀзар дечу оцу дийнахь уьш кхерарна Ӏадийна хир бу. И де билггал тӀекхочуш ду!’

[10] Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Ас Бавелан паччахье Набухди-Нецаре Мисар-мехкан тобанаш хӀаллакйойтур ю.

[11] Иза ша а, кхечу къаьмнашна юкъара уггар а къиза долу цуьнан эскар а Ас Мисар-махкана тӀе хьажор ду, и латта хӀаллакдайтархьама. Цара шайн тарраш хьала а даьхна, дерриг а латта декъех хьаладузур ду.

[12] Ас Нил-хин гаьннаш а дакъор ду, ткъа латта къизачу нахана дӀа а духкур ду, кхечу махкарчу нехан карахула Ас дассор ду и латта. Иза Ас боху, Везачу Эло’.

[13] Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас цӀуш а бохор бу, Нуп-гӀалара харцделанаш а хӀаллакбийр бу. Мисар-махкахь кхин хир вац куьйгалхо. Ас кхерам тосур бу Мисар-махкахь бехаш болчеран даг чу.

[14] Ас ПатӀрус-кӀошт яссор ю, ЦоӀан-гӀалина тӀе цӀе хьажор ю, ткъа Ну-гӀалина кхел йийр ю.

[15] Ас Сайн оьгӀазалла Мисар-мехкан Син цӀе йолчу чӀагӀонна тӀе йоссор ю, Ну-гӀалахь дерриг адам а хӀаллакдийр ду.

[16] Ас Мисар-махкана тӀе цӀе хьажор ю, ткъа Син лазаршка хьийзайойтур ю, Ну-гӀала а хӀаллакьхир ю, дийнан юккъехь Нуп-гӀалина тӀелетар бу мостагӀий.

[17] Ана-гӀалара а, ПӀи-Басатара а кегий нах туьро хӀаллакбийр бу, ткъа тӀаьхьабиснарш йийсаре дӀабуьгур бу.

[18] Тахьпанхьас-гӀалахь де кхулур ду, Ас цигахь Мисар-мехкан дукъ кагдинчул тӀаьхьа, цигахь дӀабер бу цуьнан кура ницкъ а. Мархаш йогӀур ю Мисар-махкана тӀе, ткъа цуьнан гӀаланийн бахархой йийсаре гӀур бу.

[19] Иштта кхел йийр ю Ас Мисар-махкана, тӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла’“».

[20] Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа цхьайтталгӀачу шеран хьалхарчу беттан ворхӀалгӀачу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира:

[21] «Адаман кӀант! Ас Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунан куьг кагдина. Иза цхьаммо а, лоьралла а деш, дӀа а ца дихкина, цуьнгахь тур хьалаайа ницкъ хилийтархьама».

[22] Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Со дуьхьал ву Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунна. Ас ший а куьг кагдийр ду цуьнан, кагдинарг а, кагдаза дерг а, Ас дожор ду цуьнан карара тур.

[23] Аса мисархой кхечу къаьмнашкахула дӀасабаржор а бу, уьш кхечу мехкашкахула дӀасакхуьссур а бу.

[24] Ткъа Бавелан паччахьан куьйгаш Ас чӀагӀдийр ду, цуьнан кара Сайн тур а лур ду, ткъа пирӀунан куьйгаш Ас кегдийр ду. Иза цунна хьалха, валлал чӀогӀа лазийнарг санна, узарш деш хир ву.

[25] Ас Бавелан паччахьан куьйгаш чӀагӀдийр ду, ткъа пирӀунан куьйгаш гӀорасиза охьагӀур ду. Ас Сайн тур Бавелан паччахьан кара дӀаделча, ткъа цо иза Мисар-махкана тӀе хьалаайича, царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла.

[26] Аса мисархой кхечу къаьмнашкахула дӀасабаржор а бу, уьш кхечу мехкашкахула дӀасакхуьссур а бу. ТӀаккха хуур ду царна Со Веза Эла вуйла».

Яхьазкхиал-пайхамаран тептар — Chapters