[1] Цул тӀаьхьа суна хезира, Дала мохь туххуш олуш: «Схьадуьйла кхуза, гӀалина таӀзар дан кечделларш, шайн карахь хӀаллакдаран герз долуш а хила».
[2] Къилбаседехьа дӀадирзина лаьттачу лакхара ков долчу агӀонера схьавогӀуш ялх стаг гира суна. Церан хӀораннан а карахь хӀаллакдаран герз дара. Цаьрца кхин цхьа стаг вара, шена тӀеюьйхина дуткъачу кӀадих йина йолу бедарш а йолуш, гӀодаюкъарчу доьхкарх дӀабихкина яздархочун гӀирс а болуш. Схьа а баьхкина, сагӀа доккхучу цӀестан кхерчана улло дӀахӀиттира уьш.
[3] Исраилан халкъан Делан олаллин нур, ша хиллачу каруб-маликана тӀера хьала а даьлла, Делан цӀийнан неӀсагӀина улло деара. ТӀаккха Везачу Эло дуткъачу кӀадих йина бедар а юьйхина, яздархочун гӀирс гӀодаюкъах дӀабихкина волу стаг Шена тӀекхайкхира.
[4] Цо элира: «Ярушалаймехула дӀа а гӀой, гӀалахь мел лелош долу дегаза хӀуманаш бахьана долуш гӀайгӀа еш, узарш деш болчу нехан хьаж тӀехь билгало е».
[5] Ткъа вукхаьрга Цо элира: «Цунна тӀаьхьа а хӀиттий, гӀалахула дӀагӀо, массо а хӀаллак а веш, цхьаннах а къинхетам а ца беш, цхьа а кхоа а ца веш:
[6] я воккха стаг а, я жима стаг а, я йоӀ а, я нана а, я бер а. Хьаж тӀехь билгало йолчу цхьана а стагах шу дӀа ма хьакхало. Иза хӀокху Сан цӀенна тӀера дӀадоладе». ТӀаккха цара и хӀума Делан цӀенна хьалха Ӏаш болчу къаношна тӀера дӀадолийра.
[7] Цаьрга Дала элира: «Сийсаздаккха Делан цӀа, цуьнан керт декъех хьалаюза. ХӀинца дӀагӀо!» Уьш, ара а бевлла, гӀалахь адамаш хӀаллакдан буьйлабелира.
[8] Уьш нах хӀаллакбан дӀабахча, со цигахь сецира. Лаьтта кхаччалц бертал охьа а таьӀна, аса элира: «Ва, Хьалдолу Эла, Ярушалаймана тӀе Хьайн дералла яржош, исраилхойх массо а тӀаьхьабиснарш хӀаллакбан воллу те Хьо?»
[9] Цо суна жоп делира: «Дукха къинош летийна Исраилан халкъан а, ЯхӀудан халкъан а наха. Цара берриг а мохк нах хӀаллакбарх хьалабуьзнера, ткъа гӀалахь харцонаш яржийнера. Адамаша шаьш-шайга бохура: „Веза Эла хӀокху махка тӀера дӀавахана, тхо Везачу Элана гуш дац“.
[10] Иштта, Ас цу нахах къинхетам бийр бац, уьш кхоор бац. Царах даьлларг церан шайн кортошна тӀе дожор ду Аса».
[11] Цул тӀаьхьа дуткъачу кӀадинан бедарш а юьйхина, гӀодаюкъах дӀабихкина яздархочун гӀирс болчу стага, юха а веана, элира: «Ахьа соьга мел аьлларг ас кхочушдина».