Skip to content
Opens in a new window

[1] Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа уьтталгӀачу шеран уьтталгӀачу беттан шуьйтталгӀачу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира:

[2] «Адаман кӀант! Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунна дуьхьал вист а хилий, цунна а, берриг а Мисар-махкана а дуьхьал Соьгара болу хаам бе.

[3] Иштта ала: „Хьалдолчу Эло боху: ‘Мисар-мехкан паччахь волу пирӀун, Со хьуна дуьхьал ву, хьо боккха саьрмик санна ву, хьан Нил-хин гаьннашна юкъахь Ӏуьллуш болу. Ахь боху: ‹ХӀара Нил-хи сан ду, иза аса кхоьллина а ду›.

[4] Амма Аса хьан мочхалех мӀара а тесна, хьан пелагашна тӀе хьан хиш чуьра чӀерий а латийна, хьо цу Нил-хи чуьра схьабоккхур бу, хьан пелагашна тӀелеттачу чӀерашца цхьаьна.

[5] Ас хьо яьссачу аренгахь охьакхуссур бу, хьо а, хьан хиш чуьра берриг а чӀара а. Хьо даьссачу кха тӀе охьабужур бу, цхьаммо а хьуна гӀо а дийр дац. Ас хьо лаьттахь лелачу акхарошний, стигаларчу олхазаршний дӀалур бу, цаьрга баийта.

[6] ТӀаккха хуур ду берриг а Мисар-махкахь бехаш болчарна, Со Веза Эла вуйла. Исраилан халкъо хьоьгара, Мисар-махкара, гӀо лехча, хьо, эрз санна, ледара гӀортор ма яра.

[7] Цара хьо шайн куьйгашца схьалаьцча, хьо бекъабелла дӀабелира, церан ерриг а белшех кӀохцалш а дохуьйтуш. Уьш хьох шайна гӀортор ян хӀиттича, ахьа, каг а белла, церан берриг а букъ лазийра’.

[8] Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Ас хьуна тӀе тур хьалаойур ду, хьан адамаш а, дийнаташ а хӀаллак а деш.

[9] Бассалур бу Мисар-мохк, тӀаккха хуур ду мисархошна Со Веза Эла вуйла. ‹ХӀара Нил-хи сан ду, хӀара ас кхоьллина а ду› ахь алар бахьана долуш,

[10] Со хьуна а, хьан хишна а дуьхьалваьлла. Ас бассор бу Мисар-мохк Мигдолара дуьйна Савейнина тӀе кхаччалц а, цигара Хушин дозанна тӀе кхаччалц а.

[11] Мисар-махкахула я адаман, я дийнатан ког а ловзур бац. Шовзткъа шарахь цигахь цхьа а стаг хир вац вехаш.

[12] Даьссачу латтанашна юкъахь уггар баьсса мохк бина дӀахӀоттор бу Ас Мисар-мохк. Шовзткъа шарахь цуьнан гӀаланаш йохийначу гӀаланашна юкъахь хир ю. Аса дӀасабаржор бу мисархой кхечу къаьмнашкахула а, уьш кхечу мехкашкахула дӀасакхуьссур а бу’.

[13] Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Шовзткъа шо дӀадаьлча, Ас схьагулбийр бу мисархой кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасабаржийначуьра.

[14] Ас юхабалор бу мисархойн йийсархой, уьш схьабевлла долчу ПатӀрусан лаьтта тӀе схьабалор бу Ас уьш, амма церан пачхьалкх кхин чӀагӀъелла дӀахӀуттур яц.

[15] Иза кхечу пачхьалкхашна юкъахь уггар гӀийла пачхьалкх хилла лаьттар ю, кхин цкъа а кхечу пачхьалкхел лакха а ер яц. Ас кӀеззиг бийр бу уьш, кхин цкъа а кхечу къаьмнашна тӀехь куьйгалла а деш дӀа ца хӀиттийта.

[16] Исраил-мохк кхин цкъа а хир бац Мисар-махках бозуш. Цунна дагахь лаьттар ду ша Деле гӀо а ца доьхуш, Мисар-махке гӀо а дехна, латийна долу къинош. ТӀаккха хуур ду царна Со Хьалдолу Эла вуйла’“».

[17] Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа ткъе ворхӀалгӀачу шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира:

[18] «Адаман кӀант! Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара шен эскар гӀелдина, Цора-гӀалина дуьхьал цаьрга тӀом а бойтуш. Массо а тӀемалойн месаш тилла дӀаевлла, церан белшаш лахъелла, амма царна хӀумма а ца делла цара бинчу балхана дуьхьал».

[19] Цундела Хьалдолчу Эло боху: «Ас Мисар-махкара латтанаш Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна дӀалур ду, цуьнга мисархойн лаьтта тӀехь талораш а дайтина, церан бахам шен тӀемалошна, алапа санна, дӀабалийта.

[20] Ас царна мисархойн латта цара бинчу балхана дуьхьал совгӀатна дӀалуш ду, хӀунда аьлча цара Сан дуьхьа бина и болх». Иштта элира Хьалдолчу Эло.

[21] «Цу дийнахь Ас Исраилан халкъана цуьнан ницкъ юхаберзор бу. Ткъа хьо, Яхьазкхиал, Ас цаьрга маьрша вистхуьлуьйтур ву. ТӀаккха царна хуур ду Со Веза Эла вуйла».

Яхьазкхиал-пайхамаран тептар — Chapters