[1] Везачу Элан дош кхечира соьга:
[2] «Адаман кӀант, СеӀир-ломана дуьхьал вист а хилий, Соьгара болу хаам а беш,
[3] дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘СеӀир-лам, Со хьуна дуьхьал ву. Ас Сайн ницкъ хьуна тӀе а берзор бу, хьох бассийна а, бохийна а мохк бийр бу.
[4] Хьан гӀаланаш йоха а йина, царах саьлнаш йина дӀахӀиттор ю Ас, хьо бассор бу Ас, тӀаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла.
[5] Гуттара а Сан халкъана дуьхьал хьан мостагӀалла а дара, ткъа цунна хала киртиг тӀехӀоьттинчу хенахь, царна тӀехь долу таӀзар кхоччуш хилча, ахь Сан халкъ дӀаделира, туьре хӀаллакдайтархьама.
[6] Цундела дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, – боху Хьалдолчу Эло, – хьо Айса Ӏожалле дӀакховдор бу аьлла, и Ӏожалла хьуна тӀаьхьаяьлла лелар ма ю. Хьо цӀий ца Ӏенош ца сацалора, и цӀий хьуна тӀаьхьадаьлла лелаш ду.
[7] Ас СеӀир-лам, шена тӀехь цхьа а адам ца дуьтуш, бассор бу, Ас цу лам тӀе воьдург а, цигара юхавирзинарг а хӀаллаквийр ву.
[8] Ас лаьмнаш декъех хьаладузур ду, уьш массо а гунаш тӀехь а, тогӀеш чохь а, массо а Ӏаннаш чохь а Ӏохкуш хир ду, туьро хӀаллакдина.
[9] Ас массо а ханна бассор бу хьо, хьан гӀаланашкахь вехаш цхьа а стаг хир вац, тӀаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла.
[10] Ахьа бехира: ‹И ший а къам а, ший а мохк а сан хир бу, оха уьш схьабохур бу›, цигахь Веза Эла волу Со хиллехь а.
[11] Цундела дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, – боху Хьалдолчу Эло, – уьш цабезарна ахь царна гайтинчу цабезаме а, эмгаралле а хьаьжжина, Со хьоьца а хир ву. Аса хьуна кхел ярехула царна хуур ду, Со муха ву.
[12] ТӀаккха хуур ду шуна, аша Исраил-мехкан лаьмнашна, кхиссарш а еш, мел дийцинарг Веза Эла волчу Суна хезна хиллийла. Аша бохура: ‹Исраилан мохк бассийна! Иза тхоьга баийта схьабелла бу!›
[13] Иштта Суна дуьхьал аша дозалла а дора, кура къамелаш а дора’“.
[14] Хьалдолчу Эло боху: „Дерриг а дуьне доккхадечу хенахь, Ас хьо бассор бу.
[15] Исраил-мохк бассийча, шу а дара даккхийдеш. Ткъа хӀинца Аса шуна а дийр ду цунна диннарг. СеӀир-лам а, берриг а Эдом-мохк а бассор бу. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла“».