Skip to content
Opens in a new window

[1] Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Хьайна хьалхара гуш дерг дӀадаа, дӀадаа и хьарчийна тептар. Цул тӀаьхьа, ваха а гӀой, Исраилан халкъе вистхила».

[2] ТӀаккха Аса сайн бага гӀаттийра, Цо соьга и тептар дӀадаийтира.

[3] ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Хьайн кийра Ас хьайга дӀалучу хӀокху тептарх буза, иза дӀа а кхаллий». И тептар аса дӀакхаьллира, тӀаккха сан бага, моз кхаьллича санна, марзъелла дӀахӀоьттира.

[4] Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Исраилан халкъ долчу а гӀой, цаьрца Сан дешнашца къамел де.

[5] Аса хьо хьуна хууш боцу а, хийра а мотт буьйцучарна тӀе ца вохуьйту, амма Исраилан халкъ долчу вохуьйту.

[6] Аса хьо ца вохуьйту, хьуна ца бевза хала мотт буьйцучу дуккха а долчу къаьмнашна тӀе. Уьш болчу а вахана, цаьрга хьо вистхилча, цара хьоьга ладугӀур дара.

[7] Ткъа Исраилан халкъо хьоьга ладугӀур дац, хӀунда аьлча цунна Соьга ладогӀа а ца лаьа. Дерриг а Исраилан халкъ атта къар ца луш а, чӀогӀа дегнаш долуш а ду.

[8] Амма Аса хьо, уьш санна къар ца луш а, чӀогӀа дог долуш а вина, дӀахӀоттор ву.

[9] Алмаз тӀулгал а чӀогӀа ду, иштта чӀогӀа хир бу хьан корта а. Хьо царал а къар ца луш хир ву. Царах кхера а ма кхера, ийза а ма ло, иза юхахьадаьлла халкъ делахь а».

[10] Цо соьга кхидӀа а элира: «Адаман кӀант! Ас хьайга мел олу дош хьайн дагца тӀеэца, хьайн лергашца дӀа а лаца.

[11] Бавел-махка йийсаре дӀабигначу хьайн къомах берш болчу а гӀой, цара хьоьга ладогӀахь а, ла ца догӀахь а, цаьрга дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Дала!“»

[12] ТӀаккха со Делан Сино хьалаайира. Сайн букъ тӀехьа суна чӀогӀачу гӀовгӀанан аз хезира. Оцу озо олура: «Ша Ӏаш волчу меттехь Везачу Элан сийлаллина хастам хуьлда!»

[13] Суна иштта дийнатийн тӀемаш вовшахъхьекхалуш а хезира, царна уллорачу чкъургаша еш йолу гӀовгӀа а хезира. Иза стигал къекъарх тера яра.

[14] Делан Сино со, хьала а айина, дӀаваьхьира. Догдоьхна, са карзахдаьлла вара со. Везачу Элан куьг дара суна тӀехь чӀоггӀа лаьтташ.

[15] Тал-Авивехь Кабар-хина уллохь Ӏаш болу йийсарехь берш болчу вахара со. ВорхӀ дийнахь Ӏийра со цигахь, царна юкъахь, чӀогӀа догдоьхна а волуш.

[16] ВорхӀ де дӀадаьлча, соьга Везачу Элан дош кхечира:

[17] «Адаман кӀант! Ас Исраилан халкъан гӀаролхо вина хьох. Соьгара болу хаам хьайна мосазза хези, Сан цӀарах цаьрга дӀахьедар дан деза ахьа.

[18] Ас зуламхочуьнга: „Хьо лийр ву!“ алахь, ахьа цуьнга иза дӀаала деза, цу стаге, харц некъа тӀера дӀавала аьлла, дӀахьедан а деза, цуьнга шен са кӀелхьардаккхийтархьама. Ахьа иза ца дахь, и стаг шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа цуьнан цӀийх Аса хьоьгара жоп доьхур ду.

[19] Амма ахьа цуьнга дӀахьедар динчул тӀаьхьа иза къинош леточуьра ца сацахь, иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа ахьа хьайн дахар кӀелхьардоккхур ду.

[20] Нагахь санна бакъахьа леларг, шен нийсачу некъа тӀера а ваьлла, харцдерг лело волалахь, Аса цунна новкъарло а йийр ю, иза лийр а ву. Иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ахьа цуьнга дӀахьедар ца дина дела. Цо дина бакъахьара гӀуллакхаш Суна дагадогӀур дац, ткъа цуьнан цӀийх Ас хьоьга жоп доьхур ду.

[21] Нагахь ахьа бакъахьа лелачуьнга, къинош ма летаде аьлла, дӀахьедахь, ткъа цо къинош а ца летадахь, иза билггал дийна вуьсур ву, хӀунда аьлча цо тидам бира шега динчу дӀахьедарх. Ткъа хьо хьайн са кӀелхьардаьккхина хир ву».

[22] Цул тӀаьхьа суна тӀе Везачу Элан ницкъ боьссира, Цо соьга элира: «Хьала а гӀаттий, аренга дӀагӀо, цигахь Со вист хир ву хьоьга».

[23] Хьала а гӀаьттина, со аренга дӀавахара. Цигахь лаьтташ Везачу Элан сийлалла дара, суна Кабар-хина уллохь гинарг санна долу. ТӀаккха со сайн юьхь лаьтта тӀе кхачош охьавуьйжира.

[24] ТӀаккха, суна чу Делан Са а доьссина, Цо со когаш тӀе ирахӀоттийра. ТӀаккха Иза соьга вистхилира: «Хьайн цӀа а гӀой, цу чохь дӀакъовлало.

[25] Хьо, адаман кӀант, машшашца дӀа а воьхкур ву, хьо нахана юкъахь ца лелавалийтархьама.

[26] Ас хьан мотт хьан къамкъаргах дӀалатор бу, хьо вист ца хилавалийтархьама а, хьоьга и нах дӀа ца хьебайтархьама а, хӀунда аьлча иза аьрха халкъ ду.

[27] Цул тӀаьхьа, Ас хьоьца кхидӀа а къамел дича, хьан бага хьалагӀатталур ю, хьан цаьрга ала йиш хир ю: „Хьалдолчу Дала иштта боху!“ ЛадогӀа луучо ладогӀа, ладогӀа ца луучо ла ма догӀа, хӀунда аьлча иза аьрха халкъ ду».

Яхьазкхиал-пайхамаран тептар — Chapters