[1] Иштта дара суна хӀоьттина долу Везачу Элан сийлаллин сурт. Сайна иза гича, голаш тӀе лаьтта охьа а воьжна, сайн юьхь лаьтта улло кхаччалц охьатаӀийра аса. Суна Вистхуьлучун аз хезира. Цо соьга элира: «Адаман кӀант! ХьалахӀотта хьайн когаш тӀе, Со хьоьга вистхила воллу».
[2] Соьга Иза вистхуьлучу хенахь, суна чу Делан Са а деана, Цо со сайн когаш тӀе ирахӀоттийра. Къамел Деш Верг хезира суна.
[3] Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Ас хьо Исраилан халкъ долчу вохуьйту. Цу аьрхачу халкъо Суна букъ берзийна. Таханлерчу денна тӀекхаччалц уьш а, церан дай а, Суна дуьхьал а буьйлуш, лелаш бу.
[4] Уьш чӀогӀа аьрха а, къиза а дегнаш долуш бу. Ас уьш болчу вохуьйту хьо. Ахьа цаьрга дӀаала деза: „Иштта боху Хьалдолчу Дала!“
[5] Иза чӀогӀа духахьара тайпа ма ду. Амма цара хьоьга ладогӀахь а, я ла ца догӀахь а, шайна юкъахь пайхамар вехаш хилар хоийла царна.
[6] Амма хьо, адаман кӀант, царах ма кхера. Хьо ишттачу церан къамелах а ма кхера. Кхера ма кхера, хьуна гонах уьш кӀохцалш а, коканан коьллаш а санна белахь а, сту лоцучу гезгашна юкъахь Ӏаш санна хьо хилахь а. Церан къамелех а, царах а ма кхера, уьш духахьарчу тайпанах белахь а.
[7] Ас бохург цаьрга дӀаала, цара ладогӀахь а, ла ца догӀахь а. Уьш аьрха нах ма бу.
[8] Ткъа ахьа, адаман кӀант, Ас хьайга бохучуьнга ладогӀа, уьш санна, аьрха а ма хила. Хьайн бага а гӀаттаяй, Ас хьайна лун долу дешнаш дӀадаа».
[9] ТӀаккха суна сайга схьакховдийна долу куьг гира, цу куьйгахь хьарчийна тептар дара.
[10] Цо и тептар суна хьалха схьадаьстира: оцу тептаран шинна а агӀонна тӀехь тийжарийн а, белхарийн а, узарийн а дешнаш дара яздина.