[1] Везачу Элан ницкъ боьссира суна тӀе, Цуьнан Сино, цигара дӀа а ваьккхина, тогӀи чу охьавоссийра со. Цу тогӀи чохь дукха даьӀахкаш яра.
[2] Цо цу даьӀахкашна го баккхийтира соьга, ткъа Суна гира тогӀин бухахь йолу уьш чӀогӀа дукха хилар. Со инзарвелира и даьӀахкаш вуно якъаелла хилар бахьана долуш.
[3] ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Адаман кӀант! Денлур юй те и даьӀахкаш?» Ас жоп делира: «Хьалдолу Эла! Иза Хьуна цхьанна хаьа».
[4] Везачу Эло соьга элира: «Соьгара хаам а беш, дӀаала оцу даьӀахкашка: „Екъа даьӀахкаш! ЛадогӀа Везачу Элан даше!“
[5] Иштта боху Хьалдолчу Эло хӀокху даьӀахкашка: „Ас шуна чу са доуьйтур ду, тӀаккха шу денлур ю.
[6] Ас шуна кӀозйохург а, дилха а юхадерзор ду, шуна тӀе чкъор а далор ду, цул тӀаьхьа шуна чу са а дуьллур ду, тӀаккха шу денлур ю. Иштта хуур ду шуна Со Веза Эла вуйла“».
[7] Ас Везачу Элера болу хаам бора, сайна тӀе-ма-диллара. Аса хаам бечу хенахь тата санна йолу цхьа гӀовгӀа елира. Юха и даьӀахкаш вовшашна тӀеттӀа йоьлхура.
[8] Суна гира царна тӀе кӀозйохург а, дилха а дуьллуш, цул тӀаьхьа царна тӀе чкъор озийра, амма царна чохь са дацара.
[9] ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант, Соьгара болу хаам а беш, дӀаала сине: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ва са, массо а маьӀӀера хьайн Ӏаь тохий, хӀокху хӀаллакбиначарна чу са даийта, тӀаккха уьш денлур бу’“».
[10] Цо Суна тӀе-ма-диллара, Ас Хьалдолчу Элера болу хаам бира. ТӀаккха цу декъашна чу са деара, уьш ден а делла, хьалагӀевттира. Уьш доккха эскар хиллал чӀогӀа дукха бара.
[11] ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант! ХӀара даьӀахкаш Исраилан дерриг а халкъ ду. Цара боху: „Тхан даьӀахкаш якъаелла, тхан сатийсам а дӀабаьлла, хиндерг тхох дӀа а хаьдда“.
[12] Цундела, Соьгара болу хаам а беш, дӀаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сан халкъ, Ас шун къуббанаш схьайостур ю, цул тӀаьхьа Ас шу, шайн кешнашкара ара а даьхна, Исраилан махка юхадалор ду.
[13] Аса, шун къуббанаш схьа а йиллина, цу чуьра шаьш арадаьхча, хуур ду Сан халкъ долчу шуна Со Веза Эла вуйла.
[14] Ас шуна чу Сайн Са дуьллур ду, шу ден а лур ду. Цул тӀаьхьа Ас шу шайн лаьтта тӀе даха охьаховшор ду. ТӀаккха хуур ду шуна Веза Эла волчу Аса иштта аьллийла а, ткъа Айса аьлларг Аса кхочушдинийла а’“».
[15] Соьга юха а Везачу Элан дош кхечира:
[16] «Адаман кӀант, хьайна цхьа гӀаж схьа а эций, цу тӀе дӀаязде: „ЯхӀудан тайпа а, цуьнца бертахь болу исраилхой а“. Цул тӀаьхьа шолгӀа гӀаж схьа а эций (иза Эпрайман гӀаж ю), цу тӀехь а дӀаязде: „Юсупан тайпа а, цуьнца бертахь долу дерриг Исраилан халкъ а“.
[17] Цул тӀаьхьа и ши гӀаж, цхьа гӀаж йолуш санна, цхьаьна дӀалаца хьайн куьйгахь.
[18] Хьан халкъо хьайга, и хӀун ду бохуш, хаттар дича,
[19] цуьнга дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Эпрайман карахь йолу Юсупан гӀаж а, цуьнца бертахь долу Исраилан тайпанаш а Ас ЯхӀудан гӀожаца цхьаьна дӀалоцур ду, цхьа гӀаж санна. Уьш Сан карахь цхьаъ санна хир бу’“.
[20] Айхьа тӀехь яздина йолу ши гӀаж царна хьалха хьайн куьйгахь латтае.
[21] ДӀаала халкъе: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Шаьш дӀабаханчу меттера къаьмнашна юкъара схьабохур бу Ас исраилхой. Массо а маьӀӀера уьш схьа а гулбина, шайн лаьтта тӀе схьабалор бу Аса.
[22] ХӀокху лаьтта тӀехь, Исраил-махкарчу лаьмнашкахь, Ас уьш цхьа къам дина дӀахӀиттор бу. Царна массарна а тӀехь паччахьалла деш цхьа паччахь хир ву. Уьш кхин лелар бац шина къоме бекъабелла а, шина пачхьалкхе бекъабелла а.
[23] Цара шаьш кхин бехдийр дац шайн цӀушца а, я шайн дегазчу гӀуллакхашца а, я шаьш мел летийначу зуламашца а. Ас массо а къинойх кӀелхьара а даьккхина, цӀандийр ду и къам. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву.
[24] Сан ялхо волу Дауд церан паччахь хир ву, царна массарна а тӀехь цхьа Ӏу а хир ву. Уьш Сан тӀедехкинаршца лелар бу, цара Сан парзаш, кхочуш а деш, лар а дийр ду.
[25] Уьш Аса Сайн ялхо волчу Якъубана делла долчу лаьтта тӀехь баха ховшур бу. Цу лаьтта тӀехь церан дай а баьхна, цигахь уьш а, церан бераш а, берийн бераш а дехар ду массо а хенахь, ткъа Сан ялхо волу Дауд церан эла хир ву массо а хенахь.
[26] Ас массо а ханна цаьрца машаран барт бийр бу. Ас уьш баха а ховшор бу, дебор а бу, иштта царна юкъахь массо а ханна Сайн еза меттиг дӀа а хӀоттор ю.
[27] Царна юкъахь хир ю Сан хӀусам. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду.
[28] Сан Деза цӀа царна юкъахь гуттаренна а хилча, кхечу къаьмнашна хуур ду, Со Исраилан халкъ Сайна лерина даздеш волу Веза Эла вуйла’“».