[1] «Адаман кӀант, кибарчиг схьа а эций, иза хьайна хьалха дӀахӀоттае, ткъа цунна тӀехь Ярушалайм-гӀалин сурт дилла.
[2] ТӀаккха гӀалина го лаца: иза схьаяккхархьама тӀеман гӀирс а дӀахӀоттабе, лаьттан гунаш а де, меттаметтанаш а де, царна гонах кевнаш дохош долу бӀогӀамаш а хӀиттаде.
[3] Цул тӀаьхьа бепиг дотту аьчка у схьа а эций, хьайний, цу гӀалиний юккъе дӀахӀоттаде. Цу гӀалина тӀе а верзий, цунна го а бай, иза схьаяккха хьажа. Иза Исраилан халкъана билгало хир ю.
[4] Юха ахьа, аьрру агӀор охьа а вижий, Исраилан халкъан къинош хьайна тӀеэца. Хьо цу аьрру агӀонна тӀехь мел Ӏуьллу, оццул ханна и къинош хьуна тӀехь хир ду.
[5] Аса хьуна тӀехь и къинош хила деза денош, цхьа де цхьана шарца а нисдеш, терахь хӀоттийна. Кхо бӀе дезткъе итт дийнахь хир ду хьуна тӀехь Исраилан халкъан къинош.
[6] Иза хьо дина ваьллачул тӀаьхьа, аьтту агӀор а верзий, шовзткъа дийнахь Ӏилла. Цу деношкахь ахьа ЯхӀудан халкъан къинош хьайна тӀеоьцу, цхьа де цхьана шарца а нисдеш: оццул хан ю Ас хьуна билгалъяьккхинарг.
[7] Хьайн бӀаьргаш го лаьцначу Ярушалаймана тӀе а хьажабай, берзинчу пхьаьрсаца цунна дуьхьал Делера болу хаамаш бе.
[8] Ткъа хӀинца хьажал, Ас хьо машшашца дӀавоьхкур ву, хьо цхьана агӀора вукху агӀор верза йиш йолуш вац, ахьа гӀалина го бина долу денош чекхдовллалц.
[9] Хьайна кӀа а, мукх а, кхоьш а, хьозийн кхоьш а, Ӏов а схьа а эций, уьш цхьана пхьегӀи чу а йохкий, царах дама даккха. Цу демах хьайна баьпкаш де, хӀора хьайн цигахь аьрру агӀор Ӏилла везачу дийнан цӀарах цхьацца бепиг а деш. Ахьа уьш кхаа бӀе дезткъе итт дийнахь даа деза.
[10] Ахьа хӀора дийнахь юуш йолчу хӀуманан барам ткъа шекхал хила еза. Иза дийнан дохаллехь шен-шен барамехь яа еза.
[11] Дийнахь сарралц кхо кад хи мала йиш ю хьан, билгалъяьхначу хенашкахь а молуш.
[12] Адамах дӀакъаьстинчу якъаеллачу боьхаллашна тӀехь датта а доттуш, хьайн кхача, мекхан демах бина хьокхам санна, баа беза ахьа, адамашна дӀа а гойтуш».
[13] Цул тӀаьхьа Везачу Эло элира: «Оцу хӀумано гойтур ду, Исраилан халкъо хьарам кхача муха боу, Ас, шаьш цӀера ара а даьхна, кхин къаьмнаш долчу дӀалаьхкича».
[14] ТӀаккха аса элира: «Ва Хьалдолу Дела! Ас цкъа а ца йиъна Хьуна боьха хеташ йолу хӀума, ас иштта цкъа а ца диъна урс хьакхаза долчу я акхароша дийначу бежанан жижиг. Сан багахула, со жима волчу хенахь дуьйна хӀокху хене кхаччалц, хьарам кхача чекх ца баьлла».
[15] ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Дика ду, Ас пурба лур ду хьуна адамийн боьхаллийн метта бежанийн кхо даго, хьайна кхача бечу хенахь».
[16] Цул тӀаьхьа Цо элира: «Адаман кӀант! Ас Ярушалаймехь болу кхача берриг а чекхбаьккхина хуьлуьйтур бу. Шаьш буьстина бууш болу кхача наха кхерамца буур бу. Ткъа шаьш дуьстина молуш долу хи цара шайн доьхначу дагца мер ду,
[17] хӀунда аьлча цигахь адамашна даъал бепиг а, маллал хи а хир дац. Уьш инзарбевлла вовшашка хьоьжур а бу, уьш телхар а бу. Иза хир ду церан къинош бахьана долуш».