[1] «Шаьш, кхаж а тесна, латта доькъучу хенахь, лаьттан еза кӀошт Везачу Элана совгӀатна дӀакъастае. Иза йохалла ткъе пхиъ эзар дол, ткъа шоралла ткъа эзар дол хила еза. Цуьнан гонахарчу дозанна чоьхьара дерриге а латта деза хир ду.
[2] Оцу лаьттах пхи бӀе дол дохаллехь а, иштта пхи бӀе дол шораллехь а долу еакӀов латта шена тӀехь Делан цӀа долуш йолчу езачу меттигна лерина хила деза, ткъа цунна гонах шовзткъе итт дол шена тӀехь хӀумма а йоцуш йолу аре а хила еза.
[3] Ткъа лаьттан езачу кӀошта тӀера ткъе пхиъ эзар дол йохаллехьа а, итт эзар дол шораллехьа а латта схьакъастаде. ТӀехь Делан цӀа долу уггар езачу меттигна лерина хир ду иза.
[4] И даздина латта хир ду, Делан цӀа чохь гӀуллакх деш болчу а, Далла гӀуллакх дан Цунна тӀе богӀуш болчу а динан дайн. Цу лаьтта тӀехь цара шайна цӀенош дийр ду, иштта Делан цӀенна лерина йолу еза меттиг а хир ю цигахь.
[5] Ткъе пхи эзар дол йохаллехь а, итт эзар дол шораллехь а долу лаьттан дакъа Делан цӀийнан керташкахь болх беш болчу левихойн долахь хир ду. Церан цигахь шаьш Ӏаш йолу гӀаланаш хир ю.
[6] ГӀалин дола даккха пхи эзар дол шуьйра а, ткъе пхи эзар дол деха а долу лаьттан дакъа. Иза лаьттан езачу кӀоштана дуьххьал хила деза. И латта дерриг а Исраилан халкъан долахь хила деза.
[7] Элана дӀало лаьттан езачу кӀоштана а, иштта гӀалин дола яьккхинчу меттигна а шинна а агӀор долу латта. И латта гӀалин малхбузерчу дозанна тӀера малхбузехьа а, гӀалин малхбалерчу дозанна тӀера малхбалехьа а дӀасадаьржар ду. Элан лаьттан дохалла малхбузерчу дозанна тӀера малхбалерчу дозанна тӀекхаччалц Исраилан тайпанийн дакъойн дохалле хьаьжжина хир ду.
[8] И латта Исраил-махкахь элан долахь дерг хир ду». «Сан халкъана кхин гӀело йийр яц Сан элаша, амма цара Исраилан халкъана пурба лур ду, шен тайпанашка хьаьжжина, латта шайн дола даккха».
[9] Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Тоьар ду шуна, Исраилан халкъан элий! Нахана ницкъ бар а, царна гӀело яр а сацаде. Цуьнан метта бакъдерг а, нийсо а лелае. Сан халкъ шен лаьтта тӀера арадаккха ма гӀерта». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
[10] «Нийса хуьлийла шун терза а, шун мазал а, шун черма а.
[11] Екъа хӀума узуш лелош болу мазал а, коча хӀума узуш лелош долу черма а цхьана барамехь хила деза. Цхьа мазал хьумаран уьтталгӀа дакъа хила деза, ткъа цхьа черма а хьумаран уьтталгӀа дакъа. Церан барам хьумарца буста беза.
[12] ХӀора шекхал чохь ткъа гер хуьлу, ткъа цхьана мин чохь ткъа, ткъе пхиъ, пхийтта шекхал хуьлу.
[13] ХӀара ял ю аша шайн элана яла езаш: хӀора кӀен я мекхан хьумар тӀера мазалан йолхалгӀа дакъа.
[14] Зайтдаьттанна тӀера дӀаяла езаш йолу ял, черманца узуш йолу: хӀора зайтдаьттан хьумар тӀера черманан уьтталгӀа дакъа (итт черма цхьа хьумар ду).
[15] Исраил-мехкан дикачу дежийлашна тӀехь долчу даьхнина тӀера дӀаяла езаш йолу ял иштта ю: хӀора ши бӀе уьстагӀна юкъара цхьацца уьстагӀ. И массо а ял кӀен сагӀанашна а, дийнаташ дагоран сагӀанашна а, бертан сагӀанашна а лерина ю, адамашна тӀера къинош дӀадахархьама». Иштта боху Везачу Эло.
[16] «Махкахь Ӏаш волу хӀора стаг декхарийлахь ву Исраил-мехкан элана луш йолчу оцу йолана дакъалаца.
[17] Ткъа эла декхарийлахь ву дезачу деношкахь а, бутт цӀинлучу хенахь а, шоьтан деношкахь а – Исраилан халкъан динан массо а дезачу деношкахь – дохуш долчу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна хӀуманаш а, даьхни а дӀадала. Цо даьхни а, хӀуманаш а лур ю къинойх долчу а, кӀен а, дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанашна, Исраилан халкъана тӀера къинош дӀадахийтархьама».
[18] Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь бежана юкъара тӀехь сакхт доцу старгӀа схьаэца, Делан цӀийнан керт цӀанъярхьама.
[19] Динан дас оцу къиношна тӀерачу сагӀанах схьадаьлла цӀий схьа а эцна, иза Делан цӀийнан неӀсагӀанашна а, иштта сагӀа доккхучу кхерчан лакхарчу хӀазаран еа маьӀигна а, чоьхьарчу кертан кевнан неӀсагӀина а тӀетоха деза.
[20] Изза де беттан ворхӀалгӀачу дийнахь хӀора ларамаза я кхетам ца хиларца къа латийначу стеган дуьхьа. Иштта цӀандан деза аша Делан цӀа.
[21] Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь аша „Пасахь“ олу дезде даздан деза. И дезде ворхӀ дийнахь даздеш ду, совсазчу бедах дина бепиг а дууш.
[22] Хьалхарчу дийнахь эло сту бахьар бу, шен цӀарах а, иштта дерриг а Исраилан халкъан цӀарах а къинан сагӀина лерина.
[23] Цу ворхӀ дийнахь Везачу Элана доккхуш долчу дийнаташ дагоран сагӀина цо хӀора дийнахь тӀехь цхьа а сакхт доцу ворхӀ-ворхӀ старгӀа а, ворхӀ-ворхӀ уьстагӀ а дӀабала беза, иштта къинойх доккхуш долчу сагӀина хӀора дийнахь гезаршна юкъара цхьацца бож а дӀаяла еза.
[24] Эло хӀора стараца а, иштта хӀора уьстагӀца а кӀен сагӀина цхьацца мазал кӀа дан деза. Цо иштта хӀора ша деанчу кӀен мазалца цхьацца хӀин зайтдаьтта а дан деза.
[25] ВорхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь, дезде даздечу хенахь, тӀекӀел ворхӀ дийнахь цо изза хӀуманаш дӀаяла еза къинойх сагӀанашна а, дийнаташ дагоран сагӀанашна а, кӀен сагӀанашна а лерина. Цо иштта оццу барамехь зайтдаьтта а схьадан деза».