[1] Соьга юха а Везачу Элан дош кхечира:
[2] «Адаман кӀант! Исраил-махкарчу лаьмнашна дуьхьал вистхилий, Делера болу хаам бе цаьрга.
[3] Цаьрга ала: „Исраил-махкара лаьмнаш! ЛадогӀа Хьалдолчу Элера долчу даше. Лаьмнашка а, гунашка а, боьранашка а, тогӀешка а Хьалдолчу Эло боху: Шуна тӀе тур хьажор ду, шун сагӀа доккху гунаш дохорхьама.
[4] Шун сагӀа доккху меттигаш яссийна хир ю, ткъа хаза хьожа йогӀу хӀума яго меттигаш хӀаллакйина хир ю. Байъиначеран декъий Ас шун цӀушна хьалха охьакхуьссур ду.
[5] Исраилхойн декъий Ас церан цӀушна хьалха охьадохкур ду, ткъа шун даьӀахкаш шун сагӀа доккхучу меттигашна гонах охьакхуьссур ю.
[6] Шу дехаш йолу массо а гӀала яссийна хир ю, шун сагӀа доккху гунаш дохор ду, иштта шун сагӀа доккху меттигаш яссийна а, йохийна а хир ю, шун цӀуш кегбина а, хӀаллакбина а хир бу, хаза хьожа йогӀу хӀума яго меттигаш кегйина хир ю, аша шайн куьйга мел йинарг дӀаяьккхина хир ю.
[7] Халкъах дукхахберш байъина охьаэгор бу, ткъа бисинчарна хуур ду, Со Веза Эла вуйла.
[8] Амма шух цхьаберш кхечу къаьмнашца бечу тӀамах кӀелхьарбовлуьйтур бу Аса, ткъа уьш хийрачу мехкашкахула дӀасабаржийна хир бу.
[9] Шух дийна бисинчарна, халкъашна юкъахь йийсарехь Ӏаш болчу хенахь, Со дагавогӀур ву. Шайн тешаме доцучу дегнашца Сох дӀадовларна а, церан бӀаьргашца цӀушна тӀаьхьахӀиттарна а Суна халахетта хиларх кхетар бу уьш. Иштта, церан шаьш-шайх дог дер ду, шаьш лелийна вон хӀуманаш а, шаьш мел дина дегаза гӀуллакхаш а бахьана долуш.
[10] Царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла а, Айса царна бохам боккхур бу Аса эрна аьлла доцийла а“».
[11] Цул тӀаьхьа Хьалдолчу Эло соьга элира: «Куьйгаш вовшах а детташ, когаш а бетташ, дӀаала: „Жолам-яӀ!“, исраилхоша лелийна долчу дерриг а вочу а, дегазчу а гӀуллакхашна. Уьш тур а, мацалла а, Ӏожаллин ун а бахьана долуш хӀаллакьхир ма бу.
[12] Генахь верг Ӏожаллин ун бахьана долуш лийр ву, уллохь верг туьро вуьйр ву, ткъа дийна бисинарш мацаллех лийр бу. Иштта охьайоссор ю Аса царна тӀе Сайн оьгӀазалла.
[13] ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла, хӀаллакбина болу уьш шайн цӀушна юкъахь а, шайн сагӀа доккхучу меттигашна гонах а, иштта дерриг а гунашна тӀехь а, лаьмнийн баххьашна тӀехь а, хӀора тӀехь гӀа долчу дитта кӀел а, иштта шен гаьннаш дӀаса дахийтинчу ножан диттана кӀел а – шаьш хаза хьожа йогӀу хӀуманаш цӀушна лерина ягийначу массо а меттехь – шаьш Ӏохкучу хенахь.
[14] Сайн ницкъ царна тӀе а берзийна, къилбехьа йолчу яьссачу аренна тӀера дуьйна къилбаседехь йолчу Дабила-гӀалина тӀекхаччалц Ас дассийна дӀахӀоттор ду уьш бехаш болу дерриг а латта. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла».