Skip to content
Opens in a new window

[1] Дала соьга элира: «Тийжам бе Исраилан халкъан элех лаьцна:

[2] „Хьан нана стенах тера ю? Иза стен лом санна ма ю! Лоьмашна юкъахь Ӏуьллуш а яра иза, циггахь шен кӀорнеш а кхиайора цо.

[3] Царах цхьаъ йоккха хилла, цунах нуьцкъала лом хилла. Иза шена ижу лаха Ӏемина, ткъа цо адамаш, цеста а цоьстуш, доура.

[4] Халкъашна цунах лаьцна хезира, тӀаккха цара иза ор чу а эккхийтина, цунах чӀагарш чекх а яьхна, Мисар-махка дӀайигира.

[5] Ша эрна хьоьжуш дуй а хиъна, шен сатийсар кхочуш ца хилча, иза, шен кхин кӀорни схьа а эцна, и кхио йолаелира, цунах нуьцкъала лом хилийта.

[6] Нуьцкъала лом а хилла, иза кхечу лоьмашна юкъахь лела доладелира. Иза ижу лаха а Ӏемира, цо адамаш, цоьстуш, даа а доура.

[7] Иза дисина Ӏаш долчу стечу лоьмех а кхетара, ткъа церан гӀаланаш цо ясса а йора. Цу махкахь долу дерриг а халкъ цуьнан гӀигӀ дарх кхоьрура.

[8] ТӀаккха цунна дуьхьалдевлира гонах дехаш долу дерриг а къаьмнаш. Цара и схьалацархьама, бойнаш а тесна, иза ор чу дожийра.

[9] Цунах чӀагарш чекх а яьхна, иза гур чу хаийра. Бавелан паччахь волчу дӀа а дигна, иза набахти чу доьллира, Исраил-мехкан лаьмнашкахь кхин цуьнан мохь шайна ца хазийта.

[10] Хьан нана хийистехь дӀайоьгӀна кемсийн таьлланг санна яра. Цо дуккха а стоьмаш а, таьллангаш а делира, шена уллохь шортта хи хиларна.

[11] Цуьнан гаьннаш чӀогӀа дара, царах паччахьашна Ӏасанаш йора. Иза ша леккха хьалаяьллера кхечу гаьннашна юкъахь. Дуькъачу гаьннашна юкъахь иза геннара гуш яра лекха йолу дела.

[12] Амма, оьгӀазаллехь лаьттара хьала а даьккхина, и таьлланг лаьтта охьакхоьссира. Малхбалехьара схьахьаькхначу мохо цуьнан стом бакъийра. Цуьнан онда га дакъаделира, ткъа цӀеро иза дӀа а кхаьллира.

[13] Ткъа хӀинца иза яьссачу аренгахь дӀайийна, хих хьоьгуш долчу декъачу лаьттахь.

[14] Цуьнан гаьннашна юккъера араяьллачу цӀеро багийна цуьнан стоьмаш. Цуьнан шех паччахьан Ӏаса ян мегаш долу онда га кхин ца дисина“. ХӀара тийжам бу, тийжам санна лелош а бу».

Яхьазкхиал-пайхамаран тептар — Chapters