Skip to content
Opens in a new window

[1] «Ткъа ахьа, адаман кӀант, ира шаьлта схьа а эций, цуьнца, маж йошучун уьрсаца санна, хьайн маж а, коьртара месаш а дӀаяша. Терза схьа а эций, и месаш кхаа декъе екъа.

[2] Цу месех кхозлагӀа долу дакъа, гӀалина го бина долу денош чекхдевлча, айхьа динчу гӀалин суьртана юккъе охьа а диллий, дагаде. Важа дакъа гӀалина гонах шаьлтанца хедадай, охьадилла. Месийн тӀаьххьара дакъа мохехь дӀасадаржаде, ткъа Со хьалаайинчу туьраца цунна тӀаьхьавер ву.

[3] Ткъа ахьа, ваха а гӀой, цу месех долу жима дакъа схьа а эций, хьайн бедаран дуьхах дӀадехка.

[4] Хьайн бедарх дӀайихкинчу месех жимма месаш схьа а эций, уьш цӀерга кхийса, цигахь ягийтархьама. Оцу декъара яьлла цӀе дӀасаяржор ю Исраилан массо а халкъана тӀекхаччалц».

[5] Цул тӀаьхьа Хьалдолчу Эло элира: «ХӀара ю Ярушалайм-гӀала. Мехкаш гонах а долуш, иза кхечу къаьмнашна юккъе дӀахӀоттийра Аса.

[6] Ур-атталла кхечу къаьмнел а, гонах мел долчу халкъел а Ярушалайман бахархой Сан тӀедехкинаршна, Сан парзашна а дуьхьалбевллера. Сан тӀедехкинарш цара дӀатеттира, ткъа Сан парзаш лар ца дора цара».

[7] Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «Кхечу къаьмнел а чӀогӀа аьрха хиларна а, Сан парзаш лар ца дарна а, Сан тӀедехкинарш кхочуш ца дарна а, ур-атталла шуна гонах долчу халкъаша тӀелаьцна бакъонаш лар ца ярна а,

[8] Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „ХӀинца Со шуна дуьхьалваьлла. Кхечу къаьмнашна хьалха Ас шуна тӀехь кхел йийр ю.

[9] Аса шуна тӀехь Айса цхьанна а тӀехь ца динарг а, я цхьанна а тӀехь кхин цкъа а дийр доцург а дийр ду, аша мел дина дегаза гӀуллакхаш бахьана долуш.

[10] Иштта, мацалла хӀоьттинчу хенахь дайша шайн бераш дуур ду, ткъа бераша шайн дай буур бу. Ас йийр ю шуна тӀехь кхел, ткъа бисинарш массо а маьӀӀехула дӀасалохкур бу“.

[11] Иштта дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Хьалдолу Эла волчу Аса, шайн боьхачу цӀушца а, шаьш мел лелийначу дегазчу гӀуллакхашца а аша Сан еза Меттиг сийсазъяккхарна, Аса Сайх дӀахадор ду шу. Со шуьга къинхетам боцуш хьожур ву, шу кхоа а ца деш.

[12] Хьан бахархойх цхьа дакъа, Ярушалайм-гӀала, Ӏожаллин ун а, мацалла а бахьана долуш лийр ду хьуна чохь, шолгӀа долу дакъа мостагӀийн туьро хӀаллакдийр ду хьуна гонах, ткъа кхоалгӀа долу дакъа Аса массо а маьӀӀе дӀасадаржор ду, церан лорах карахь тарраш долу мостагӀий а бохуьйтур бу.

[13] ТӀаккха, Сан оьгӀазалла чекхъяьлча а, Сан дералла царна тӀехь йисча а, Со Ӏебар ву. Царна тӀехь йолу Сан моха чекхъяьлча, царна хуур ду Со – Сайн эмгараллехь вийцина волу Веза Эла хилар.

[14] Ярушалайм, Ас хьох къапалг йийр ю. Гонах долчу кхечу къаьмнашна хьалха хьо юьхьӀаьржачу хӀуттур ю, ткъа хӀора хьуна тӀехволург хьох кхаьрдар ву.

[15] Сайн оьгӀазаллехь а, дераллехь а хьуна тӀехь, кхел а йина, таӀзар дича, хьох эхье хӀума хир ю, хьох кхаьрдар а бу, гонах мел долчу халкъашна хьо дӀахьединарг я масална ялош ерг санна хир ю. Иштта боху Веза Эла волчу Аса.

[16] Ас шуна тӀе мацаллин къиза пхерчий лохкур ду, шу хӀаллакдархьама. Аса шуна тӀехь йолу мацалла совйоккхур ю, ткъа шун кхачанан бух Ас хӀаллакбийр бу.

[17] Шуна тӀе мацалла а, къиза акхарой а хьажор ю Аса. Цара шун бераш хӀаллакдийр ду. ГӀалахь Ӏожаллин ун а, баларш а хир ду, иштта Аса шуна тӀе тӀом хьажор бу. Иштта боху Веза Эла волчу Аса».

Яхьазкхиал-пайхамаран тептар — Chapters