[1] Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа ткъе пхоьалгӀачу шеран хьалхарчу беттан уьтталгӀачу дийнахь, бавелхоша Ярушалайм йохийна дейтта шо кхочуш – оццу дийнахь Суна тӀе Везачу Элан ницкъ боьссира, ткъа Цо со оцу гӀала дӀаваьхьира.
[2] Дала хӀиттийначу суьрташкахь Цо со Исраил-махка а валийна, вуно лекхачу лам тӀе дӀахӀоттийра. Ткъа цу лам тӀехь къилбехьа йолчу агӀонгахь гӀала йолуш санна цхьа гӀишлош хеталора.
[3] Везачу Эло со цига схьавалийра. Цигахь цӀаста санна къегаш долу амат долуш волу цхьа стаг вара. Кевнна уллохь дӀа а хӀоьттина, лаьтташ волчу цуьнан карахь хӀума юстуш йолу втанан тӀийраг а, иштта хӀума юстуш йолу гӀаж а яра.
[4] Цу стага соьга элира: «Адаман кӀант, хьайн бӀаьргашца хьажа а хьажа, хьайн лергашца ла а догӀа, хьайн дог ас гойтуш долчу массо а хӀуманна тӀе а дерзаде, хӀунда аьлча хьо и дерриг а гайта валийна ву кхуза. Хьайна мел гинарг Исраилан халкъе дӀадийца».
[5] Суна Делан цӀийнан кертана гонахула бина болу пен гира. Цу стеган карахь суна хӀума юстуш йолу гӀаж гира, ялх дол хиллал еха а йолуш (хӀора дол цхьа шира доллий, цхьа шей лоруш яра). Цу стага пенан шоралла юьстича, иза цхьана гӀожан барамехь шуьйра а, оццул лекха а яра.
[6] Цул тӀаьхьа, малхбалехьа дӀадерзийна динчу кевнна улло а вахана, цуьнан ламеш тӀехула хьала а ваьлла, неӀсагӀа дуьстира цо. Оцу неӀсагӀин шоралла цхьана гӀожан барамехь яра.
[7] ХӀора агӀонгара йолу чоь цхьа гӀаж шуьйра яра. Чоьнашна юккъехь долу пенаш пхи дол дара. Ткъа кевнал тӀехваьллачул тӀаьхьа йолчу ученна уллохь долу неӀсагӀа цхьана гӀожан барамехь шуьйра дара.
[8] ТӀаккха цо Делан цӀийнан агӀор йолчу ученан ков дуьстира, иза цхьана гӀожан барамехь дара.
[9] Цул тӀаьхьа цо ученан ков дуьстира – иза бархӀ дол хилира, ткъа цуьнан пенийн гӀорторан шоралла ши дол яра. И уче Делан цӀийнан ков долчу агӀор яра.
[10] Малхбалехьа дӀадерзийна долчу кевнан хӀора агӀонгахь кхоккха жима цӀа дара, уьш хӀора а цхьана барамехь дара, шина а агӀор йолу пенийн гӀортораш санна.
[11] Кевнийн шоралла цо юьстича, иза итт дол яра, ткъа церан дохалла кхойтта дол яра.
[12] ХӀора чоьнна хьалха схьаеана меттиг яра, цхьа дол лекха а йолуш, ткъа вукху агӀор и санна схьаеана меттиг яра. Цу чоьнийн хӀора агӀо ялх дол яра.
[13] Цул тӀаьхьа цо цхьана чоьнан тхевнна тӀера дуьхьаларчу чоьнан тхевнна тӀе кхаччалц йолу меттиг юьстира, иза ткъе пхиъ дол хилира. Цу чоьнийн неӀарш дуьхь-дуьхьал яра.
[14] Пенийн гӀорторийн лакхалла юьстича, иза кхузткъа дол яра. Ткъа ков кертан пенан гӀорторана тӀекхаччалц гонах догӀура.
[15] Кевнан чуволучу меттигера ученна тӀехьа йолчу меттиге кхаччалц болу барам шовзткъе итт дол бара.
[16] Кевнна чухула а, церан пенийн гӀорторашкахь а массанхьа а дӀакъевлина кораш дара. Иштта ученна чухула массанхьа а изза кораш дара. Ткъа пенан гӀорторана тӀехь диллина хурма-диттан суьрташ дара.
[17] Цу стага со арахьарчу керта валийра. Цигахь суна чоьнаш гира. Ерриге а цу кертахула йиллина тӀулган цӀенкъа яра, уллохь ткъе итт чоь а йолуш.
[18] И цӀенкъа кевнийн агӀонашкахь йина яра, цу кевнийн барамехь еха а яра. Иза лахара цӀенкъа яра.
[19] ТӀаккха цу стага лахарчу кевнан чоьхьарчу меттигера чоьхьарчу кертан арахьарчу агӀор тӀе кхаччалц болу барам буьстира. Иза малхбалехьа а, къилбаседехьа а дӀаюьстича, цхьа бӀе дол хилира.
[20] Цо дохалла а, шоралла а юьстира арахьарчу кертан къилбаседехьа арадолучу кевнан.
[21] Цигахь а хӀора агӀонгахь кхоккха чоь яра, шен пенийн гӀортораш а, шен уче а йолуш. Оцу кевнан барам, хьалхарчу кевнан санна, дохалла шовзткъе итт дол, ткъа шоралла ткъе пхиъ дол яра.
[22] Цуьнан кораш а, схьаеана меттигаш а, хурма-диттан суьрташ а, малхбалехьа долчу кевнан санна дара. Кевнна тӀе воьдуш болчу ламин ворхӀ тӀегӀа дара, ткъа уче цунна дуьххьал лаьтташ яра.
[23] Чоьхьарчу кертан а ков дара. Иза къилбаседехьарчу кевнна дуьххьал лаьтташ дара, малхбалехьарчу кевнах тера а дара. Цу стага цхьана кевнна тӀера дуьххьал лаьтташ йолчу вукху кевнна тӀекхаччалц йолу меттиг юьстича, иза бӀе дол хилира.
[24] ТӀаккха цо со къилбехьа дӀавигира. Цигахь суна къилбехьара ков гира. Цуьнан гӀорторан пенаш а, уче а цо юьстича, церан барам хьалхалерчийн санна бара.
[25] Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара, хьалхалерчийн санна. Кевнан дохалла шовзткъе итт дол дара, ткъа шоралла – ткъе пхиъ.
[26] Кевнна тӀе воьдуш болчу ламин ворхӀ тӀегӀа дара, ткъа уче цунна дуьххьал лаьтташ яра. Шинна а агӀор лаьтташ гӀорторан пенаш дара, шайна тӀехь палма олучу диттийн суьрташ а долуш.
[27] Чоьхьарчу кертан къилбехьа йолчу меттехь а дара ков. Цхьана кевнна тӀера дуьйна вукху кевнна тӀе кхаччалц йолу меттиг бӀе дол яра.
[28] Къилбехьарчу кевнехула чоьхьарчу керта тӀе валийра со цу стага. Цо къилбехьара ков а дуьстира. Цуьнан барам вукхеран санна хилира.
[29] АгӀонгара чоьнаш а, гӀорторан пенаш а, ученаш а хьалхарчеран барамехь яра. Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара. Кевнан дохалла шовзткъе итт дол, шоралла ткъе пхиъ дол дара.
[30] (Чоьхьарчу кертана чуйоьдуш йолчу ученийн барам, уьш юьстича, ткъе пхиъ дол яра, ткъа шоралла – пхи дол.)
[31] Къилбехьарчу кевнан уче арахьарчу керта арайолуш яра, пенийн гӀорторашна тӀехь хурма-диттан суьрташ дара, ткъа кевнан ламин бархӀ тӀегӀа а дара.
[32] Цо со чоьхьарчу керта тӀе воьдучу малхбалехьарчу кевне вигира. Цигара ков дуьстича, цуьнан хьалхалерчийн санна барам хилира.
[33] Оцу кевнан агӀонгара чоьнаш а, гӀорторан пенаш а, уче а хьалхарчеран барамехь яра. Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара. Малхбалехьара ков дохалла шовзткъе итт дол дара, ткъа шоралла ткъе пхиъ дол яра.
[34] Цуьнан уче арахьарчу керта арайолуш яра, шинна а агӀор пенийн гӀортораш яра, ткъа ламин бархӀ тӀегӀа а дара.
[35] Цул тӀаьхьа цо со къилбаседехьарачу кевне валийра, иза дуста а дуьстира. Цуьнан барам хьалхалерчийн санна бара.
[36] Оцу кевнан а агӀонгара чоьнаш а, гӀорторан пенаш а, уче а яра. Кевнна а, ученна а чухула массанхьа а кораш дара. Ков дохалла шовзткъе итт дол дара, ткъа шоралла – ткъе пхиъ дол.
[37] Цуьнан уче арахьарчу керта арайолуш яра, шинна а агӀор пенийн гӀортораш яра, ткъа ламин бархӀ тӀегӀа а дара.
[38] Цигахь цхьа чоь яра, кевнан пенийн гӀорторашна уллохула чувогӀийла а йолуш. Иза динан дайша дийнаташ дагоран сагӀина лерина долу хӀума дуьлуш йолу меттиг яра.
[39] Кевнан ученна чохь шинна а агӀор лаьтташ шишша стол яра. Цу тӀехь дийнаташ дагоран сагӀина лерина долчу а, къиношна тӀера леринчу а, иштта гӀуда такхаран сагӀина лерина долчу а дийнаташна урс хьокхура.
[40] Ученан арахьахула, къилбаседехьара долчу кевнна чуволучу меттехь лаьтташ шинна а агӀор шишша стол яра.
[41] Йиъ стол кевнан арахьарчу агӀор яра, ткъа важа йиъ чоьхьарчу агӀор яра. Уьш ерриг а бархӀ стол яра, дийнаташ дайа лерина йолу.
[42] Дийнаташ дагоран сагӀанашна лерина йолу йиъ стол хьаькхначу тӀулгах йина яра. Цуьнан йохалла а, шоралла а цхьа дол ахдол яра, ткъа лакхалла цхьа дол яра. Цу тӀехь динан дайша дийнаташ дагоран сагӀа а, кхидолу сагӀанаш а дохучу хенахь шайна оьшуш болу гӀирс охьабуьллура.
[43] Гобаьккхина пенех дӀатоьхна куьйггал долу мӀерий дара, ткъа стоьлаш тӀе сагӀа доккхучу хенахь даьккхина долу жижиг дуьллура.
[44] Чоьхьарчу кевнан арахьахула йина илланчашна лерина ши чоь яра. Цхьаъ къилбехьа йирзина яра, ткъа важа, къилбехьарчу кевнна агӀонгахь ерг, къилбаседехьа йирзина яра.
[45] Цу стага соьга элира: «Къилбехьа йолу чоь Делан цӀенна ха деш болчу динан дайшна лерина ю.
[46] Къилбаседехьа йирзина йолу чоь сагӀа доккхучу кхерчана ха деш болчу динан дайшна лерина ю. Уьш берриш а ЦӀадукъин тӀаьхьенах бу. Левихойн тайпанах болчарна юкъара церан бен бакъо яц Везачу Элана уллобаха, Цунна хьалха гӀуллакх дархьама».
[47] Цо чоьхьара керт юьстира. Иза бӀе дол йохалла а, бӀе дол шоралла а яра, еакӀов а йолуш. Делан цӀенна хьалха лаьтташ сагӀа доккху кхерч а бара.
[48] Цо со Делан цӀийнан уче йолчу схьавалийра. ТӀаккха цо массо а пенан гӀортор юьстира, уьш хӀорра а пхиппа дол яра. Ков дейтта дол шуьйра дара, ткъа пенан шоралла кхо дол яра.
[49] Делан цӀийнан ученан шоралла ткъа дол яра, ткъа йохалла шийтта дол яра. Цунна тӀебоьдучу ламин итт тӀегӀа дара, хӀора шина пенан гӀорторна уллохь цхьацца бӀогӀам а бара лаьтташ.