Skip to content
Opens in a new window

[1] Къилбаседехьарчу некъа тӀехула арахьарчу керта а ваьккхина, цу гӀишлонна а, цунна дуьхьал йолчу майданна а хьалха къилбаседехьа йолчу чоьнашна тӀе вигира цо со.

[2] И чоьнаш йохалла бӀе дол яра, ткъа шоралла шовзткъе итт дол яра, къилбаседехьа чуволу меттиг а йолуш.

[3] Чоьхьарчу кертан ткъа дол шораллехь долчу меттигна хьалха а, арахьарчу кертан цӀенкъанна хьалха а лаьтташ яра и чоьнаш. Чоьнийн цхьа могӀа вукху могӀанна дуьхьал бара, кхоккха гӀотахь а болуш.

[4] Цу чоьнашна хьалха цхьа чекхволийла яра итт дол шуьйра а йолуш, бӀе дол еха а йолуш. Цу чоьнан неӀарш къилбаседехьа йирзина яра.

[5] Лакха тӀера чоьнаш готта яра, хӀунда аьлча ученаша дӀалаьцна йолу меттиг йоккхаха яра, юккъерачу а, лахарчу а чоьнех цара дӀалаьцначул а.

[6] Чоьнаш кхаа гӀотехь лаьтташ яра. Керташкахь санна, царна хӀиттийна бӀогӀамаш дацара. Цундела лакхара чоьнаш готто яра юккъерачу а, лахарчу а могӀанашкахь йолчу чоьнел.

[7] Арахьара цхьа пен цу чоьнашца нийсса бина а, арахьарчу керта тӀе кхочуш а бара. И пен шовзткъе итт дол беха бара.

[8] Арахьарчу кертара чоьнийн могӀаран йохалла шовзткъе итт дол яра, ткъа Делан цӀенна дуьхьал болу чоьнийн могӀа бӀе дол бара.

[9] Лаха чохь цу чоьнашна чувоьду неӀ яра. Арахьарчу кертахула чувогӀуш хилча малхбалехьара чувогӀийла дара.

[10] Кертарчу пенан шораллехь, къилбехьа, майданна дуьхьал а, йоккхачу гӀишлонна дуьхьал а яра чоьнаш.

[11] Царна хьалха а чекхволийла яра. Уьш къилбаседехьа йирзина йолу важа чоьнаш санна яра, церан санна йохалла а, иштта шоралла а йолуш. Къилбаседехьа йолчу чоьнийн чувогӀийла а, куц а, неӀарш а

[12] къилбехьа йолчу чоьнийн санна яра. Чекхволийла дӀайолалучу меттехь чувоьдийла яра. Малхбалерчу лардаран пенехула чуван йиш яра.

[13] Цо соьга элира: «Майданна хьалхара къилбаседехьара а, къилбехьара а чоьнаш еза ю. Цу чохь Везачу Элана сагӀанаш дохучу динан дайша уггар деза сагӀанаш доу. Цу чу цара уггар деза сагӀанаш – кӀен сагӀа а, къинан сагӀа а, гӀуда такхаран сагӀа а – хӀиттор ду, иза еза меттиг йолу дела.

[14] Динан дай цу чу бахча, церан арахьарчу керта бовла йиш яц, шайна тӀера Далла гӀуллакх дечу хенахь лелош йолу бедарш охьаяхккалц, хӀунда аьлча и бедарш а еза ю. Цара шайна тӀе кхин бедарш юха еза, ткъа цул тӀаьхьа бен халкъ долчу арабовла йиш яц церан».

[15] Ша Делан цӀийнан керташкара чоьхьара юьстина ваьлча, цо со малхбалехьа лаьттачу кевнехула аравалийра, цул тӀаьхьа иза Делан цӀийнан кертал арахьара меттиг юста волавелира.

[16] Малхбалехьа йолу агӀо цо шен гӀожаца юьстира. И агӀо пхи бӀе дол хилира.

[17] Цо иштта къилбаседехьа йолу меттиг а юьстира, иза а пхи бӀе дол хилира.

[18] Къилбехьара агӀо юьстича, иза а пхи бӀе дол хилира.

[19] Малхбузерчу агӀонга а вахана, иза а цо юьстича, иза а пхи бӀе дол хилира.

[20] Иштта Делан цӀийнан керташна гонах болу пен цо еа а агӀонгара буьстинера. И пен бохалла а пхи бӀе дол бара, иштта пхи бӀе дол шоралла а бара иза. Цу пено еза меттиг еза йоцучу меттигах дӀакъастайора.

Яхьазкхиал-пайхамаран тептар — Chapters