Skip to content
Opens in a new window

[1] Соьга Везачу Элан дош кхечира:

[2] «Адаман кӀант! Ярушалаймехь болчу нахе цара лелийна мел долчу вочу хӀуманех лаьцна дӀаала.

[3] Ахьа цаьрга иштта ала деза: „ХӀара боху Хьалдолчу Эло Ярушалайме: ‘КанаӀан-махкахь дара хьан схьаялар а, хьан дуьнен тӀе ялар а. Хьан да – эмархо вара, ткъа нана – хьетахо яра.

[4] Ярушалайм, хьо дуьнен чу йолучу хенахь хьан цӀонг дӀахадо стаг вацара, хьо цӀанъялийта хьуна тӀе хи кхарза а стаг вацара, хьуна тӀе туьха хьакха а, иштта хьуна тӀе хӀума хьарчо а стаг вацара.

[5] Цхьаммо а къинхетам ца бира хьох, цхьаммо а хьан дола а ца дира. Хьо дуьнен чу яьллачу дийнахь хьо аренга дӀакхоьссина яра, хӀунда аьлча оцу хенахь хьо дӀатеттинера.

[6] ТӀаккха, тӀехволучу хенахь Суна гира хьо, хьайн цӀийш юкъахь керчачу хенахь. Хьо иштта Ӏуьллуш гича, Ас элира хьоьга: ‹Яха хьайна!› ХӀаъ, хьо цӀийш юкъахь Ӏуьллуш гича, Ас элира: ‹Яха хьайна!›

[7] Эрна арахь тӀедолучу зезагна санна, Ас хьалакхиа гӀо дира хьуна. Хьо, йоккха а хилла, исбаьхьа хаза хилла дӀахӀоьттира: хьан накхош хьалаайаделира, хьан месаш яхъелира, амма хьо, тӀекхоьллина хӀума йоцуш, ерзина яра.

[8] Юха, тӀехволучу хенахь Суна гира хьо – хьо безамна кийча яра. Ас Сайн бедарш тӀеозийра хьуна тӀехула, хьан ерзина хилар дӀа а хьулдеш. Ас чӀагӀо йира хьан хила, иштта Ас хьоьца барт а бира. ТӀаккха хьо Сан хилира’“. Иштта элира Хьалдолчу Эло.

[9] „Ас хьуна тӀе хи а кхерзина, цӀий дӀадаьккхира, тӀаккха хьуна тӀе даьтта хьаькхира.

[10] Ас хьуна тӀе хаза тӀамарш йолу коч юьйхира, тӀаьрсиган кӀархаш а буьйхира, дуткъачу кӀадин йовлакх коьрта тӀе а тиллира, чилланан тӀекхуллург а елира.

[11] Аса хьуна хаза жовхӀарш а делира, пхьаьрсех хӀазарш а доьхкира, коча исбаьхьа туьтеш а тесира.

[12] Ас мерах йолла чӀуг а елира хьуна, лергех тийса чӀагарш а, иштта коьрта тӀе тилла исбаьхьа таж а делира хьуна.

[13] Хьо чӀогӀа хаза яра хьайн дашочу а, даточу а хӀуманашца, дуткъачу кӀадих а, чилланан кӀадих а, тир яьккхинчу кӀадих а йинчу бедаршца. Хьан даар уггар а дикачух дара – уггар а дикачу демах дина бепиг а, моз а, даьтта а. Хьо чӀогӀа хазъелла дӀахӀоьттинера, зуда-паччахьах тар а елла.

[14] Хьан цӀеяхана хилар дерриг а къаьмнашна юкъахь даьржира, хьо хаза йолу дела. Хьо чӀогӀа хаза яра, Ас Сайн сийлаллица хьо хазйина хилар бахьана долуш“. Иштта боху Хьалдолчу Эло.

[15] „Амма ахьа, хьайн хазаллех а, хьайн цӀеяхана хиларх а пайда а оьцуш, хьайна тӀех мел волучуьнца нахаца лелачу зудчун гӀиллакхаш леладора, цуьнга хьайн хазаллех дезар а оьцуьйтуш.

[16] Хьайн бедарех цхьайолу хӀуманаш схьа а эцна, цаьрца бес-бесара сагӀа доккху гунаш кечдира ахьа, цигахь, Суна тешаме а ца хуьлуш, нахаца лела зуда санна а лелаш. Иштта лелар ца магийнарг а, хила ца дезарг а ма ду!

[17] Ас хьайна елла йолчу деших а, детих а йинчу хӀуманех ахьа хьайна боьрша цӀуш бира, нахаца лелаш йолу зуда санна цаьрца а лелаш.

[18] Ас хьайна елла йолу хаза юьйцина кучамаш схьа а эцна, уьш цу цӀушна тӀеюьйхира ахьа, иштта Ас хьайна делла даьтта а, хаза хьожа йогӀу сегӀаз а царна лерина долчу сагӀина охьадуттура ахьа.

[19] Ас хьайна делла долу тоьлла дама а, зайтдаьтта а, моз а ахьа хьайн цӀушна дӀаделира. Иштта хила а хилира“, – боху Хьалдолчу Эло.

[20] „Айхьа Суна бина болу кӀентий а, мехкарий а ахьа, схьа а эцна, царах хьайн харцделанашна сагӀа даьккхира. Иштта, хьан Суна тешаме цахилар тоьуш а доцуш,

[21] Сан кӀентий, цӀерах чекх а бохуьйтий, байъа а бойъий, хьайн цӀушна сагӀина дӀалора ахь.

[22] Айхьа дегаза мел долу гӀуллакхаш леладечу хенахь а, Суна тешаме ца хуьлучу хенахь а хьуна дага ца йогӀура хьо жима а, къона а хилла зама – оцу хенахь хьо ерзина а яра, тӀехь хӀума а йоцуш, хьайн цӀийлахь хьийзаш а яра“».

[23] «Маржа-яӀ! Декъаза ю-кх хьо, ва Ярушалайм! – боху Хьалдолчу Эло – Айхьа мел лелийначул сов,

[24] хӀора майданна тӀехь ахьа хьайна кхахьпаллин цӀа а до, цӀушна Ӏамал ян меттиг а кечйо.

[25] ХӀора некъ болалучохь а кечйина ахьа и меттигаш, хьайн хазаллин сий а дойуш. И хазалла ахьа, хӀора тӀех мел волу боьрша стаг хьайга схьаверзо гӀерташ, хӀаллакйора, хьайн боьха лелар сов а доккхуш.

[26] Цул тӀаьхьа, Мисар-махка а яхана, хьайначу хьайн лулахочуьнца а лийлира хьо цигахь, нахаца лелар сов а доккхуш, хьо бахьана долуш йолу Сан оьгӀазалла сов а йоккхуш.

[27] ТӀаккха Ас хьуна таӀзар дира, хьуна дӀаделла дакъа жим а деш. Ас пурба делира хьан мостагӀий болчу пӀелаштамхойн зудаберашна хьуна шайна луъург дан, ткъа уьш а бара хьан боьха леларх цецбевлла.

[28] Кхечаьрца леларх ца Ӏабарна, хьо ашурхошца лела йолаелира. Цаьрца леллачул тӀаьхьа а, хьо царах а ца Ӏебира.

[29] ТӀаккха совдегархойн латта долчу Хашад-махкана хьо хьайн кхахьпаллица тӀейирзира, амма цунах а хьо ца Ӏебира.

[30] Ма оьгӀазаллех вуьзна ву Со ахь мел лелийначунна, – боху Хьалдолчу Эло. – Хьо маьттаза кхахьпа санна лелаш ма ю!

[31] Ахьа хӀора некъ болалучу меттехь кхахьпаллин цӀа а, хӀора майданахь цӀушна Ӏамал ян меттиг а хьайна кечъечу хенахь, хьо кхахьпа санна яцара, хӀунда аьлча ахьа совгӀаташ дӀа ца оьцура.

[32] Амма хьо, шен майрачун метта, кхиболу божарий тӀе а оьцуш, ямартло еш йолу зуда санна яра.

[33] Массо а кхахьпанаша божаршкара совгӀаташ схьаоьцу, ткъа ахьа совгӀаташ хьайн безаршна дора, уьш массо а маьӀӀера хьайца лела схьаэхийта.

[34] Иштта хьо нахаца лелча, хьо кхечу зударех тера ца хуьлу, хӀунда аьлча божарий хьуна тӀаьхьа ца бовду, хьоьца лела. Хьуна цхьаммо а совгӀаташ а ца деш, ахьа кхечарна совгӀаташ дича, хьо билггал юханехьа лела!»

[35] ЛадогӀа, кхахьпа, Везачу Эло бохучуьнга!

[36] Хьалдолчу Эло иштта боху: «Ахь хьайн боьха лаам дӀагайтира, хьайн безаршна а, дегазчу цӀушна а хьалха ерзина а юьйлуш, хьо цаьрца лелара, иштта хьайн кӀентийн цӀий цӀушна Ӏенадора ахьа.

[37] И хӀуманаш ахьа лелорна, Ас хьуна безна болу а, хьоьца лелла болу а берриге безарш а, хьуна ца безнарш а массо а маьӀӀера схьагулбийр бу. Царна хьалха хьан духарш охьадохур ду Ас, ткъа царна хьо ма-ярра ерзина дӀагур ю.

[38] Цул тӀаьхьа Ас кхел йийр ю хьуна, ткъа хьан таӀзар нахаца леллачунна а, цӀий Ӏанийначунна а доггӀург хир ду. Сайн оьгӀазаллица а, дераллица а Аса хьан цӀий Ӏанор ду.

[39] Ас дӀалур ю хьо хьайн безарийн кара, тӀаккха дохор ду хьан кхахьпаллин цӀенош, дӀасакхуьйсур ю хьан цӀушна Ӏамал ян меттигаш а. Цара хьуна тӀера бедарш дӀайохур ю, хьан жовхӀарш дӀадохур ду, ткъа хьо ма-ярра ерзина юьтур ю.

[40] Цара схьакхойкхур ю адамийн тоба, цаьрга хьуна тӀе тӀулгаш кхиссийта а, таррашца хьо цестийта а.

[41] Хьан цӀенош цара цӀарца дагор ду, дуккха а зударшна хьалха хьуна кхел а йийр ю. Ас сацор ду хьан нахаца лелар, хьо лелар яц кхин совгӀаташ деш.

[42] Со, Сайн дераллех Ӏаьбна ваьлча, Со карзахвуьйлучуьра соцур ву. Суна синтем хир бу, кхин оьгӀаз а гӀур вац Со.

[43] Ахьа, хьо къона хилла хан дага а ца йогӀуш, айхьа мел динчуьнца Со оьгӀазъэхийтина дела, массо а хьан леларна догӀу таӀзар дийр ду Ас хьуна. Айхьа мел лелийна дегаза гӀуллакхашна тӀе кхахьпалла хӀунда туьйхира ахь?» Иштта боху Хьалдолчу Эло.

[44] «Кицанаш далош мел волчо, хьох лаьцна хӀара кица далор ду: „Нана ма-хиллара, йоӀ а ю“.

[45] ЙоӀ йолу хьо хьайн ненах тера ю, шен майрачух а, берех а ца яьшна йолу. Шайн майранаш а, бераш а ца эшна болу хьан йижарий ма-хиллара, хьо а ю. Шун нана хьетахо ю, ткъа да – эмархо ву.

[46] Хьан йоккхаха йолу йиша – Шамран-гӀала ю, хьуна къилбаседехьа шен зудаберашца ехаш йолу. Хьан жимаха йолу йиша, хьуна къилбехьа шен зудаберашца ехаш йолу, Седам-гӀала ю.

[47] Хьо, цара леллийнарг а лелош, церан дегазчу некъашкахула лелла а ца Ӏаш, кӀеззиг хан ялале, царал а телхина лелара.

[48] Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, – боху Хьалдолчу Эло, – хьан йиша йолчу Седам-гӀалано а, цуьнан зудабераша а ца леладора ахьа а, хьан зудабераша а лелийнарг.

[49] ХӀара бу хьан йишин Седам-гӀалин а, цуьнан зудаберийн а бехк: уьш кура бара, церан дукха даа хӀума дара, церан маьрша синтем а бара, амма цара къечарна а, мискачарна а гӀо ца дора.

[50] Уьш, кураллаш еш, дегаза хӀуманаш деш лелара Суна хьалха, цундела Ас, Сайна и дерриг а ма-гиннехь, уллора дӀабехира уьш.

[51] Шамран-гӀалано ахьа диначул ах а вон ца дина. Хьо ю дегаза хӀуманаш деш царал а тӀехъяьлларг. Хьоьца нисбича, хьан йижарий цӀена хета.

[52] Хьо нахала яккхар кхидӀа а ла, ахь хьайн йижарий цӀена хетийтина дела. Цара летийначу къинойл ахьа мел летийнарг сов дегаза хиларна, уьш хьол цӀена хийтира. ХӀинца эхь хетарна, цӀий а луш, юьхьӀаьржачу а хӀоьттина лела хьайна, ахь хьайн йижарий цӀена хетийтина дела».

[53] «Ас юхаметтахӀоттор ю Седам-гӀала а, цунна гонах йолу жима гӀаланаш а, иштта юхаметтахӀоттор ю Шамран-гӀала а, цунна гонах йолу жима гӀаланаш а. Ас юхаметтахӀоттор ю хьо а, Ярушалайм,

[54] айхьа лелийна долу массо а вон хӀуманаш бахьана долуш хьайн нахала яккхар кхидӀа лайтархьама а, хьо юьхьӀаьржачу хӀоттийтархьама а. Иштта хьайн йижаршна синтем бийр бу ахьа.

[55] Хьан йижарех лаьцна аьлча – Седам а, цуьнан зудабераш а, Шамран а, цуьнан зудабераш а – уьш шайн хьалхалерчу хьоле юхаметтахӀиттийна хир бу. Иштта хьо а, хьайн зудаберашца хьалхалерчу хьоле юхаметтахӀоттийна хир ю.

[56] Хьо кураллех юьзначу хенахь, хьан вон лелар массарна а дӀахаале, хьайн йиша йолу Седам хьан багахь беламе дош ца хилира те? Ткъа хӀинца хьох кхаьрдаш бу арамхойн а, пӀелаштамхойн а зударий а, царна гонах хьох ца бешаш берш а.

[58] Хьо вон лелар а, дегаза гӀуллакхаш а бахьана долуш жоп дала дезаш ма ю хьо!» – боху Хьалдолчу Эло.

[59] Хьалдолчу Эло иштта элира: «Со хьуна доггӀучу тайпана хир ву хьоьца, хӀунда аьлча Аса йинчу чӀагӀонах хьо ца ешира, ткъа ахьа Сан барт а бохийра.

[60] Амма Суна дагахь лаьттар бу хьо къона йолчу хенахь Ас хьоьца бина болу барт. Ас хьоьца массо а ханна лерина болу керла барт бийр бу.

[61] ТӀаккха хьуна айхьа дӀакхехьна некъаш дагадогӀур ду. И некъаш бахьана долуш хьуна эхь хетар ду, Ас хьол баккхий а, хьол жимах болу а йижарий – Седам а, Шамран а, – хьуна йоӀарий санна дӀалучу хенахь. Иза вай бинчу бартана юкъадогӀуш дацара, амма Ас иза дийр ду.

[62] Ас и керла барт хьоьца бийр бу, тӀаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла.

[63] Ахьа мел лелийначух Аса хьо цӀанъечу хенахь хьуна и вон хӀуманаш дагадогӀур а ду, хьуна эхь а хетар ду, хьо юьхьӀаьржачу хӀоттарна бага хьалагӀатто аьтто а хир бац хьан». Иштта элира Хьалдолчу Эло.

Яхьазкхиал-пайхамаран тептар — Chapters