Skip to content
Opens in a new window

[1] Веза Эла, тхуна хилларг дага а лаций, тхоьгахьа а верзий, хьажахьа тхан юьхьӀаьржачу хӀиттаре.

[2] Тхан хӀусамаш а кхечу махкарчу нехан караяхана. Тхан долахь мел хилларг а хийрачу нехан каракхаьчна.

[3] Да а воцуш, байлахь дисна тхо. Наной а бу тхан, бисина Ӏаш болу зударий санна.

[4] Тхешан долу хи а детих эца деза тхан. Тхешан долу дечиг а ахчанах бен ца кхочу тхуна.

[5] Тхуна тӀаьхьабевлларш тхан коча баьхкина. Ткъа тхо гӀел а делла, синтем а бац тхан.

[6] Бепигах дузархьама, мисархошца барт бира оха, дийна дисийтархьама, ашурхошка бертан куьг дӀакховдийра оха.

[7] Тхан дайша къинош летадора. Уьш хӀинца бан а бац. Ткъа уьш Делан лаамехь ца леларна, тхо таӀзар токхуш ду.

[8] Тхан мостагӀчун леша олалла до тхуна тӀехь, цхьа а вац церан карара тхо кӀелхьардаха.

[9] Яьссачу арахь тхаьшна тӀе айина тур долу дела, даларна а кхоьруш, сискал йоккху оха.

[10] Луьра хӀоьттинчу мацаллина, дагар а деана, дӀахӀоьтти тхан чкъор, цӀе санна хилла.

[11] Тхан зударий а хьийзабо мостагӀаша Цийонехь. Тхан мехкарий а хьийзабо цара ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь.

[12] Тхан элий а мостагӀаша ирхъоьхкина, тхан къаной а хӀинца ларам боцуш бу.

[13] Къоначаьрга а цара хьеран тӀулгаца ялта охьуьйту. Ткъа дечиган мохь беза хиларна, кегий нах охьаоьгу.

[14] Къаной а ма бац хӀинца гӀалин кевнашкахь охьаховшуш. Кегий нах а ма бац шайн зурманаш лоькхуш.

[15] Тхан дегнийн хазахетар а дӀадаьлла хӀинца. Тхан халхарш а белхаре дирзина хӀинца.

[16] Тхан кортош тӀера таьжнаш а охьаэгна. Оха къинош летадарна, тхо Ӏазапехь ду!

[17] Цундела тхан дегнаш а ду доьлхуш. Цундела тхан бӀаьргаш а ду гӀелделла.

[18] Цийон-лам бассабаларна, чангӀалкхаш ю цу тӀехула лелаш.

[19] Ткъа Хьо, Веза Эла, даим а олалла деш ву. Хьан Ӏарш тӀаьхьенера тӀаьхьенгахь лаьтташ ду.

[20] Кхоччуш диц хӀунда дина те Ахь тхо? Еххачу ханна тхо дӀа хӀунда теси те Ахьа?

[21] Дерзадехьа тхо Хьайгахьа, Веза Эла, оха чӀогӀа доьху Хьоьга! Карла а дахий, дӀахӀиттадехьа тхан денош, Айхьа хьалха уьш дӀахӀиттош ма-хиллара.

[22] Гуттаренна а дӀатесна-м хир ма дац Ахь тхо? Доза доцуш оьгӀазвахна-м ма вац Хьо тхуна?

Тийжамийн тептар — Chapters