[1] ХӀорш ду, нанас хьехна долу, Ламуал-паччахьан хьекъале дешнаш:
[2] «Дала, ас Шега динчу доӀанашна жоп луш, суна велла волу сан хьоме кӀант!
[3] Зударий бахьана долуш ахьа хьайн ницкъ а ма байалахь, паччахьаш хӀаллакбеш йолчуьнца хьо лела а ма лелалахь.
[4] Ламуал, хьекъале дац паччахьашна чагӀар мийлар, иштта хьекъале дац олахошна а маларш мийла лаар.
[5] ХӀунда аьлча, дукха мала а мелла, царна дицдала тарло бакъонаша хӀун боху, тӀаккха цара Ӏазапехь болчарна тӀехь нийса кхел а йийр яц.
[6] Ахьа и вахош долу малар мискачарна а, шайн дахар къаьхьа долчарна а дӀало.
[7] ТӀаккха, и чагӀар а мелла, царна дицлур ду шаьш миска хилар а, шаьш баланехь хилар а.
[8] Ахьа, шайх дош ца далалуш, багахь мотт боцучаьргахьа а озалахь, бо бисиначаьргахьа бакъонца гӀо а даккхалахь.
[9] Иштта, ахьа цаьргахьа дош а алалахь, царна тӀехь нийса кхел а яйталахь. Къечеран а, мискачеран а бакъонаш ларъяр тӀехь хьайн нийса дош алалахь».
[10] qac Аqac* тта дац дика а, оьзда а йолу зуда каро, ткъа иштта йолчу зудчун мах жовхӀарийн мехал а лакхара бу.
[11] qac Бqac* аланаш хир бац ишттачух а тешна Ӏаш волчу майрачун, къелла бохург хӀун ду а хуур дац цунна.
[12] qac Вqac* ониг шегара ца долуьйтуш, ша мел еха а, дика до цо шен майрачунна.
[13] qac Гqac* о иза, вета а, тӀаргӀа а лелош, шена лаа а лууш, шен куьйгашца цунах бедарш еш.
[14] qac Дqac* аима а, совдегарийн хӀордкеманаша санна, геннара дахьа цо шена рицкъа.
[15] qac Еqac* за иштта йолу зуда сатасале хьалагӀатта. ТӀаккха цо доьзална кхача а кечбо, шен гӀарбашашна дан деза омра а до.
[16] qac Зqac* удчунна латта лело дагадеача, и латта а оьцу цо. ТӀаккха цунах даьллачу беркатах кемсийн таьллангаш а дӀаюгӀу цо.
[17] qac Иqac* штта, цо дукха къа а хьоьгу, цуьнан ницкъ а кхочу муьлхха а болх бан.
[18] qac Кqac* ъеггина стогар летта хуьлу ишттачу зудчун буьйса тӀехтиллалц, ткъа ша ден гӀуллакх дикка пайден дуй а хаьа цунна.
[19] qac Лqac* акхара охьа цо шен куьг урчакхна тӀе а кхийдадо, цу урчакхан гӀад шен пӀелгашца схьа а лоцу.
[20] qac Мqac* искачунна а, гӀо оьшуш волчунна а шен комаьрша куьг кховдадо цо.
[21] qac Нqac* ийсса шен доьзалехь оьшшучул тӀеюха йовха бедарш ша кечйина дела, Ӏаьнан шело тӀеярах а ца кхоьру иштта йолу зуда.
[22] qac Оqac* цу зудчо шен цӀа чохь оьшун болу мотт-гӀайба а бо, цунна шена тӀехь а хуьлу дезачу кӀадинах йина бедарш.
[23] qac Пqac* айденца гӀараваьлла дӀахӀутту ишттачу зудчун майра, иза лараме долчу гӀуллакхех лаьцна а дуьйцуш, къаношца гӀалин кевнехь хиъна Ӏачу хенахь.
[24] qac Рqac* езабеш эцархой, цо шаршуш а еш, уьш а юхку, доьхкарш а духку совдегаршна.
[25] qac Сqac* ин оьздангалла а, доьналла а ду-кх цуьнан духар. Дегайовхо а йолуш, тешамца хьоьжу и зуда кханенга.
[26] qac Тqac* Ӏех хьекъал долу хӀума а олу цо, хьекъале хьехамаш бан а хаьа цунна.
[27] qac Уqac* р-атталла, ша къа а хьоьгуш, баьккхина боцу кхача а ца боу цо, шен цӀахь долчуьнца бала а бу цуьнан.
[28] «qac Хqac* ьо декъалниг ю», – олу цуьнга цуьнан бераша а, хьала а гӀовттуш, цуьнан майрачо а хестайо иза.
[29] qac Цqac* уьнан майрачо иштта олу: «Дукха бу дика а, оьзда а зударий, амма хьоьга кхочуш царах цхьа а яц».
[30] qac Шqac* а коча йолчу зудчо Ӏеха а во, хазалла а – сарралц бен яц. Ткъа хасто хьакъ долуш ю-кх Везачу Элах кхоьруш йолу зуда.
[31] qac Ӏqac* ойла иза, цо динчу гӀуллакхашна цунна доггӀург наха дӀа а луш, ткъа оцу гӀуллакхаша гӀалин кевнехь сий а ойийла цуьнан.