[1] Къен а волуш, кхоччуш цӀена лела стаг гӀоле ву, харц луьйш волчу стагал – иза-м сонтаниг ма ву.
[2] ХӀуманах доллург а ца хууш, иза кхочушдан гӀертар дика дац. ХӀуманна тӀехь сихлуш волчун ког тасабаларна кхерам бу.
[3] Сонта хиларо стеган некъ талхабо, амма шен даг чохь цо Дела бехкево.
[4] Хьоло доттагӀий доьбуьйту, ткъа къен верг шен доттагӀчо а вуьту.
[5] Харцтоьшалла динарг таӀзар ца деш вуьсур вац, аьшпаш буттург а маьрша паргӀатвер вац.
[6] Дукхахболу нах хьолахошна хьесталуш лела, хӀорра а совгӀаташ дечун доттагӀа хила лууш а хуьлу.
[7] Къен стаг шен гергарчарна ца веза – цул сов, доттагӀий а дӀабоьрзу цунах. Царна тӀаьхьа а ваьлла, цо цаьрга гӀо мел дехарх, царна иза хезар вац.
[8] Хьекъалалле кхача лууш волчунна шен са деза. Хьекъалаллица лелаш верг дикане кхочур ву.
[9] Харцтоьшалла динчунна таӀзар дийр ду, ткъа харцдерг дуьйцуш верг а хӀаллакьхир ву.
[10] Сонтачунна хьал долуш вахар ца догӀу, ткъа элашна тӀехь куьйгалла дар лега данне а ца догӀу.
[11] Адаман хьекъалалло иза сихха оьгӀаз ца вохуьйту. Шена дина зулам дукха даре ца деш дитаро адаман сий до.
[12] Паччахьан дарвалар лоьмо гӀигӀ дар санна хуьлу, ткъа цуьнан резахилар – бацана тӀе диллина тхи санна ду.
[13] Сонта кӀант – шен дена докъазаллина хуьлу, ткъа къийсалуш йолу зуда – ца соцу ладар санна ю.
[14] Стеган хӀусам а, бахам а – дайх дисина хуьлу, ткъа хьекъал долу зуда Везачу Элера ю.
[15] Малоно наб йоуьйту, ткъа хӀуманна бала ца хиларо мацалле кхачаво.
[16] Шена тӀедиллинарг кхочушдечо дахар лардо, амма некъаш ца къестош верг хӀаллакьхир ву.
[17] Мискачунна дина дика Везачу Элана делла духалург ду, ткъа Везачу Эло иза цунна юхадерзор ду.
[18] ТаӀзар дарца нисве хьайн кӀант, цо цунах пайда эцаре сатийса йиш хилча. Ахь иза нис ца вахь, цуьнан Ӏожаллина бехке хир ву хьо.
[19] Сихха оьгӀазвоьдург жоьпе озор ву. Цкъа иза баланах паргӀатваьккхича, кхин а изза дан дезар ду хьан.
[20] Хьайна дечу хьехаршка ла а дугӀуш, Ӏама, хиндолчу цхьана дийнахь хьо хьекъале хир ву.
[21] Кхочушдан лерина хӀуманаш стеган даг чохь дукха хуьлу, амма Везачу Эло сацийнарг бен кхочуш хир дац.
[22] Уггар чӀогӀа лоруш дерг тешаме хилар ду, цундела къен хилар гӀоле ду, харцлуьйш хиларал.
[23] Стаг Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хилча, цунна дахар карор ду. Синтем а болуш, буьйса йоккхур ю цо, вон цунна тӀе догӀур дац.
[24] Малончо, шуьнна тӀе а кхевдина, ша схьаэцнарг шен бете хьала а ца кхачайо.
[25] Кхаьрдаш волчу стагана таӀзар дича, бодане нах а меттабогӀу, ткъа хьекъал долчух бехк баьккхича, цуьнан кхетам совбер бу.
[26] Шен деца кӀоршаме а волуш, шен нана дӀалоьллуш верг юьхьӀаьржачу хӀуттуьйту а, эхь тӀедоуьйту а кӀант ву.
[27] Сан кӀант, бехк баккхаре ладогӀа хьо сацахь, хаарш лучу хьехамна тӀера хьо дӀаволу.
[28] Тешаме воцу теш нийса кхел ярх кхаьрда, ткъа Ӏесачу стага зуламе мел дерг дӀакхоллу.
[29] Кхаьрдаш болчу нахана таӀзарш кечдина ду, ткъа сонтачеран баккъашна гӀаж а кийча ю.