Skip to content
Opens in a new window

[1] Вочу нахах ма хьега, цаьрца цхьаьна хила а ма лаа.

[2] Церан дегнаш чохь къиза хӀума дан Ӏалашо хуьлу, ткъа церан багара схьадолу къамелаш зуламах дуьзна хуьлу.

[3] ЦӀенош хьекъалаллица деш ду, кхетам бахьана долуш ю цуьнан чӀогӀалла,

[4] хааршкахула цуьнан чоьнаш юзуш ю езачу а, хазачу а хӀуманех.

[5] Хьекъалалла долуш верг ницкъ болуш хуьлу, ткъа хаарш дерг чӀагӀлуш хуьлу.

[6] ТӀом бан хьайна лууш хилча, нахах дагавала веза, хӀунда аьлча толам баккха дуккха а хьехамчаш оьшу.

[7] Хьекъалалле кхача йиш яц сонтачийн. ГӀалин кевнехь ладаме хӀума дуьйцучу хенахь, церан ала хӀума ца хуьлу.

[8] Вон дан ойла йолчу стеган, эладитанча ву аьлла, цӀе дӀагӀур ю.

[9] Сонтачу стага дан мел леринарг къилахь ду. Кхечарах кхаьрдарг дегаза хета нахана.

[10] Вон тӀедеанчу дийнахь хьо доьналлех воьхнехь, хьан ницкъ билггал кӀезиг бу.

[11] Ӏожаллина тӀе буьгуш берш кӀелхьарбаха! Харцбахьанина байа хьаьхна берш бойучуьра кӀелхьарбаха!

[12] «Цунах лаьцна ца хаьара тхуна», – ахь алахь, дегнаш Зуьйшволчо оцу хӀуманан тидам ца бо те? Хьан дахар лардеш Волчунна и хӀума дика хууш ду хьуна! Ша динчу гӀуллакхашка хьаьжжина, стагана доггӀург дӀалур ду Цо

[13] Сан кӀант, моз даа, хӀунда аьлча иза дика ду. Алхашна чуьра моз мерза ду хьан маттана.

[14] Иштта хьекъалалла а дика ду хьан синна – иза хаа ду хьуна. Хьекъалалла карадахь, хиндерг хир ду хьан, ткъа хьан сатуьйсийла цкъа а чекхъер яц.

[15] Ӏеса адам санна, хьаналчу стеган цӀенна уллохь кӀелонаш а ма е, цуьнан хӀусам а ма йохае.

[16] Делан лаамехь лелаш верг, ворхӀазза охьавоьжча а, хьалагӀоттур ву, ткъа Ӏесанаш – бохамаша охьаэгор бу.

[17] Хьайн мостагӀчунна вон тӀедеача, сакъераделла ма хьовзалахь, иза, таса а велла, охьавожахь, самукъадаьлла а ма лелалахь.

[18] Везачу Элана хьан сакъерадалар дӀагича, Иза реза хир вац хьуна, тӀаккха Цо Шен оьгӀазалла хьан мостагӀчунна тӀера юхайоккхур ю хьуна.

[19] Зуламечу нахана оьгӀаз а ма эха, Ӏесачарах хьега а ма хьега,

[20] хӀунда аьлча зуламечу нехан сатуьйсийла яц, Ӏесачеран чиркх а дӀабовр бу.

[21] Везачу Элах кхералахь, сан кӀант, иштта паччахьах а кхера, ямартчу нахах дӀа а ма кхета,

[22] хӀунда аьлча хьуна дагахь а доцучу хенахь цаьргара хьуна бохам бер бу. Хьуна хуур а дац цара хьайна хӀун бала бахьа.

[23] Кхузахь хьекъалчеран дешнаш кхин а ду. Кхелахочо озабезам бар дика дац.

[24] Бехке волчуьнга: «Хьо бехке вац», – кхелахочо алахь, халкъаша цунна неӀалташ кхайкхор ду, къаьмнашна иза дегаза а хетар ву.

[25] Ткъа бехке волчунна кхел йийриг дика хир ву, иза чӀогӀа декъал а хир ву.

[26] ДогцӀеначу дешнашца жоп луш верг бета тӀе доттагӀаллин оба йоккхург санна ву.

[27] Цкъа хьалха хьайн керт а, хьайн кха а меттадаладе, цул тӀаьхьа цӀа дан волало.

[28] Бахьана дацахь, хьайн уллорачунна дуьхьал теш ма хила, хьайн багахула харцдерг ара а ма далийта.

[29] Иштта ма ала: «Иза соьца ма-хиллара, со а хир ву цуьнца, цунна доггӀург дӀалур ду аса».

[30] Малончин кха долчухула тӀехвелира со, иштта хьекъал доцучун кемсийн бешана уллохула а тӀехвелира.

[31] Массо а меттехь тӀедаьлла асар дара, иштта коканийн коьллаш а яра тӀеевлла, тӀулгех йина гонахара керт йохийна лаьтташ яра.

[32] Цу массо а хӀумане а хьаьжна, аса ойла йира. Сайна гиначух иштта хьехар хилира суна:

[33] «Жимма вижина Ӏуьллур ву со, – боху малончо, – жимма садоӀуш Ӏийр ву, жимма, куьйгаш тӀекӀел а дехкина, Ӏуьллур ву».

[34] Амма хьо волчу къелла, къу санна, еана схьакхочур ю. Хьан эшар, талорхо санна, деана тӀекхочур ду хьуна.

Кицанаш — Chapters