[1] ХӀорш ду Сулиман кицанаш. Хьекъалечу кӀанта шен ден дог даккхийдедо, ткъа сонтачу кӀанта ненан дог дохадо.
[2] Хьарам даьккхинчу ахчанах пайда ца болу, ткъа нийсоно Ӏожаллех кӀелхьарвоккху.
[3] Хьаналчу стаге Везачу Эло мацалла хьоьгуьйтур яц, ткъа Ӏесачу нехан лаам Цо дӀатотту.
[4] Мало ечу куьйгаша стаге къоьлла хӀоттайо, ткъа къахьоьгуш долчу куьйгаша хьал гулдо.
[5] Аьхка ялта чудерзориг хьекъале кӀант ву, амма ялта чудерзочу хенахь вижина Ӏиллинарг эхье кӀант ву.
[6] Декъала хилар хьаналчу нахаца ду, амма Ӏесачу стеган дешнаша нахана еш йолу къизалла къайлайоккху.
[7] Дикачу стагах лаьцна диканна дагадогӀу, амма Ӏесачу стеган цӀе дӀаер ю.
[8] Хьекъал долчо хьехамаш тӀеоьцу, ткъа сонта къамел дийраш хӀаллакьхир бу.
[9] Нийса лелаш волчунна кхерам хир бац, ткъа шен некъаш талхош верг жоьпе озор ву.
[10] Шен бӀаьргаш мекарлонца теӀабеш волчу стага бала бахьа, ткъа сонта къамел дийраш хӀаллакьхир бу.
[11] Хьаналчу стеган дешнаш – дахаран хьоста ду, амма Ӏесачу стеган дешнаша нахана еш йолу къизалла къайлайоккху.
[12] Цабезамо девнаш довлуьйту, амма безамо массо а зуламаш дӀахьулдо.
[13] Къастош долчун багахь хьекъалалла карадо, ткъа гӀаж еттар хьекъал доцучун букъана лерина ду.
[14] Хьекъалалла долчара хаарш лахьадо, ткъа сонтачара дуьйцучо бохам гергабалабо.
[15] Хьалдолчун бахам – цуьнан чӀагӀйина гӀала ю, къен волчу стеган бала цуьнан къен хилар ду.
[16] Хьаналчу нахана йогӀу ял дахар ду, Ӏесачу стеган кхиам къиношна тӀебоьрзу.
[17] Шена бечу тӀехбеттаме ладугӀуш верг дахаран новкъахь ву, амма ша нис ца войтург тилавелла лела.
[18] Шен цабезам къайлабохуш верг – аьшпаш буттург ву, ткъа эладита даржош верг сонта ву.
[19] Дукха луьйш волчуьнгара гӀалат дала мега, амма шен бага сацо хууш верг хьекъал долуш ву.
[20] Хьаналчу стеган дош цӀена дети ду, ткъа Ӏесачу стеган дог пайда боцуш ду.
[21] Хьаналчу стеган дешнаша дуккха а нахана кхача ло, амма сонтанаш хӀаллакьхуьлу, шайн хьекъал ца тоарна.
[22] Везачу Эло декъалваро хьал дахьа, ткъа къахьегаро цунна хӀумма а тӀе ца туху.
[23] Сонтаниг вон леларх воккхавеш хиларе терра, хьекъал дерг хьекъалаллех воккхавоь.
[24] Ӏеса стаг кхоьруш дерг цунна тӀедогӀур ду, ткъа хьаналчу стага сатуьйсуш дерг цунна хир ду.
[25] ШайтӀанан мох хьаькхча – Ӏеса нах кхин бац, ткъа хьанал нах онддачу бух тӀехь лаьтташ бу.
[26] Шен олахо малончо шагво, къонзано цергаш шагъяр санна я хьийзош болчу кӀуьро бӀаьргаш къийзор санна.
[27] Везачу Эле ларамах вуьзна хиларо стеган денош дахдо, ткъа Ӏесачу нехан шераш дацдина хир ду.
[28] Дикачу нехан сатийсам ирсе бу, ткъа Ӏесачу нехан дегайовхо кхочушхир яц.
[29] Везачу Элан некъ кхачаме лелаш волчунна гӀап санна бу, амма харцонаш лелочарна и некъ бухур бу.
[30] Хьанал нах цкъа а бегийна хир бац, амма Ӏеса нах дуьнен тӀехь буьсур бац.
[31] Хьаналчу наха дуьйцург хьекъалалла ду, ткъа харц луьйш болчеран къамел сацор ду.
[32] Дикачу нахана догӀу хӀума ала хаьа, ткъа Ӏесачу нахана дегаза хӀума ала бен ца хаьа.