Skip to content
Opens in a new window

[1] Аьхка диллина ло а, ялта чудерзочу хенахь догӀу догӀа а санна товш доцуш хуьлу сонтачун сий дар.

[2] Хьоза дӀасаэккхар санна а, чӀегӀардиг дӀасаэхар санна а, иштта бахьана доцуш боьллина болу сардам, тӀех а баьлла, кхочушхир бац.

[3] Шад – говрана, дуьрста – вирана, ткъа гӀаж сонтачун букъана лерина хуьлу.

[4] Сонтачун сонталле хьаьжжина ма ло жоп, хьо а цунах дӀа ца тарвалийтархьама.

[5] Сонтачунна цуьнан сонталле хьаьжжина дала деза жоп, шен бӀаьргашкахь цунна ша хьекъале ву ца моттийтархьама.

[6] Сонтачуьнгахула хабар дохьуьйтуш верг шен когех дӀахедаш я дӀовш молуш верг санна ву.

[7] Хьекъал доцучун багара долу кица, астагӀчун когаш санна, ледара ду.

[8] Сонтачун сий дар ширдолагца тӀулг дӀабехкар санна ду.

[9] Сонтачун багара долу кица, мелла волчу стеган куьйгах дахана кӀохцал санна, жима хуьлу.

[10] Массарна а чевнаш еш, пхерчий кхуьссург санна ву, сонтаниг я мила ву а ца хууш волу стаг шена болх байта лоцуш верг.

[11] Шен Ӏетторашна тӀе юхадоьрзу жӀаьла санна, сонтаниг а шен сонталлина тӀегӀерта.

[12] Ша хьекъал долуш вацахь а, ша иштта хеташ верг сонтачу стагал а оьшу.

[13] Малончо олу: «Некъа тӀехь лом ду! Экха ду урамнекъашкахула лелаш!»

[14] Шен кӀажаш тӀехь дӀасаетталуш йолу неӀ санна, иштта малонча а хуьлу шен меттахь дӀасакерчаш.

[15] Малончо шен куьг бошхепа тӀе хьо, ткъа иза шен бете хьаладаьхьна валале, иза кӀадло.

[16] Кхетамца къамелаш дечу ворхӀаннал а ша хьекъале хета малончина.

[17] Шен гӀуллакх доцучу нехан девнна юккъе гӀортар тӀехдолучу жӀаьлин лергаш озор санна ду.

[18] Хьераваьллачо нах хӀаллакбеш кхуьссуш долу а, догуш долу а пхерчий кхийсар санна хӀума ду,

[19] шена уллораниг Ӏеха а вина, цуьнга: «Ас бегаш бира!» алар.

[20] Дечиг дӀадаьлча, цӀе а дӀайов, эладита чекхдаьлча, дов а дӀадолу.

[21] КӀегашна тӀера йовхо хьалайолу, дечигах – цӀе хьалайолу, ткъа къиссавалар дезаш волчун хабар бахьана долуш дов долу.

[22] Лере аьлла дешнаш мерза даар санна хуьлу. Уьш нийсса адаман кийра дуьссу.

[23] Дато басахь долу басар хьаькхначу поппаран кхабанах тера ву вон дог долу эсала къамелаш дийриг.

[24] Хьо ца везаш волчу стага хесторан къамелаш дахь а, шен дагахь цо тешнабехк латтабо.

[25] Цуьнан аз эсала делахь а, цунах ма теша, хӀунда аьлча цуьнан дог тӀех дегазаллах дуьзна ду.

[26] Шен цабезам иза Ӏехорца дӀалечкъош велахь а, цуьнан мекарло массарна а гучуер ю.

[27] Кхечунна ор доккхург цу ор чу ша вужур ву, ткъа цхьанна тӀе боккха горга тӀулг охьакарчийта гӀертачунна и тӀулг цунна шена тӀекерчар бу.

[28] Харцматтаца дуьйцучунна ша лазабо нах ца беза, иштта томана дуьйцучо а бохам бо.

Кицанаш — Chapters