Skip to content
Opens in a new window

[1] Сан кӀант! Сан хьехам биц ма бе, сан весеташ хьайн даг чохь а латтаде,

[2] хӀунда аьлча цара хьан дахаран денош дахдийр ду, дахарехь хьуна беркат а лур ду.

[3] Безам а, тешаме хилар а хьох цкъа а дӀа ма доьрзийла. Хьайн логах уьш дӀа а хьарчаде, хьайн даг тӀехь уьш дӀа а язде.

[4] ТӀаккха Дела а, нах а реза хир бу хьуна, цара хьо къобал а вийр ву.

[5] Хьайн доллучу дагца Везачу Элах тешна Ӏаш хила. Хьайн долчу хьекъална тӀетевжаш а ма хила.

[6] Айхьа дӀа мел кхоьхьуш долчу некъаш тӀехь Иза вовза, тӀаккха Цо хьан тачанаш нисдийр ду.

[7] Хьайн хьекъалаллех тешна ма Ӏе, Везачу Эле ларамах вуьзна а хила, зулам дарх лар а ло.

[8] Иштта лелар хьан дегӀана дарбане хир ду, цо хьан даьӀахкашка ницкъ юхабалор бу.

[9] Везачу Элан сий де хьайн долахь мел долчуьнца. Айхьа мел бинчу белхан дуьххьарлерчу ялтица сий де Цуьнан.

[10] ТӀаккха хьан кӀа чохь латтош долу цӀа тӀех дуьзна хир ду, ткъа керла чагӀар пхьегӀийн йистошкахула тӀехъоьхуш хир ду.

[11] Сан кӀант, Везачу Эло хьо нисвар дӀа ма татта, Цо хьайна дечу таӀзарна аьрзнаш а ма де,

[12] хӀунда аьлча Шена везаш верг нисво Цо, дас шена дукхавезаш волу кӀант нисваре терра.

[13] Декъала ву хьекъалалла карийна волу стаг, кхетаме кхаьчна волу стаг.

[14] ХӀунда аьлча хьекъалалла карадар дети карадарал а деза ду, ткъа цунах дешил а чӀогӀа боккха пайда болу.

[15] Иза жовхӀарел а деза ду, хьуна мел дезачу хӀуманна юкъахь цуьнца дуста хӀума а дац.

[16] Хьекъалаллин аьтту куьйгахь дахаран дуккха а шераш ду, ткъа аьрру куьйгахь – бахам а, сийлалла а ду.

[17] Цуьнан некъаш ирсе некъаш ду, ткъа цуьнан массо а тачанаш машаре ду.

[18] Иза дахаран дитт санна ду цунна тӀекхиа лууш болчарна. Цуьнан дола деш верг декъала хир ву.

[19] Хьекъалаллица Везачу Эло латта дӀахӀоттийна, ткъа стигалш кхетамца чӀагӀйина Цо.

[20] Шен хааршца Везачу Эло кӀорга хиш дӀа а хецна, мархашка чӀогӀа догӀа охьа а даийтийтина.

[21] Сан кӀант! Хьекъалалла а, хӀума къасторан хьуьнар а Ӏалашде. Хьайна уллора уьш гена ма довлийта.

[22] Уьш хьан синна дахар хилла дӀахӀуьттур ду, царах хьан вортанна жовхӀар а хир ду.

[23] ТӀаккха хьайн некъа тӀехула кхерам боцуш дӀагӀур ву хьо, хьан ког а тасалур бац.

[24] Хьо дӀавижча, хьуна кхерам хир бац, ткъа хьуна наб кхетча, иза синтеме а йийр ю ахьа.

[25] Ма кхера цӀеххьана тӀебогӀучу бохамах я Ӏеса нах хӀаллакьхилар хилча,

[26] хӀунда аьлча Веза Эла хир ву хьан гӀортор, Цо хьан ког гурах а ларбийр бу.

[27] Шайна диканиг дан догӀучарна диканиг ца деш ма виса, иза дан хьайн таро елахь.

[28] Хьайн уллорачуьнга ма ала: «Тахана дӀа а гӀой, юхавола, ас кхана лур ду ахьа дехнарг», нагахь санна цо доьхург хьайгахь делахь.

[29] Хьайна уллорачунна ямартло ма е, хьох тешна иза хьуна уллохь Ӏаш волчу хенахь.

[30] Бахьана доцуш стагаца дов ма даккха, цо хьайна вон ца динехь.

[31] Къизалла лелош волчух ма хьега, цуьнан некъех хьайна цхьа а некъ ма харжа,

[32] хӀунда аьлча мекара стаг дегаза хета Везачу Элана, ткъа Цо хама бо догцӀена болчийн.

[33] Везачу Элан неӀалт ду Ӏесачун цӀенна тӀехь, амма бакъахьа лелачеран цӀа Цо декъалдо.

[34] Кхечу нахах кхаьрдачех Иза а кхаьрда, амма ша кӀезиг хеташ Ӏаш волчунна Шен дика ло Цо.

[35] Шайгахь хьекъалалла долчарна сийлалла кхочу, ткъа сонтачарна – юьхьӀаьржо.

Кицанаш — Chapters