Skip to content
Opens in a new window

[1] ХӀара хьекъале а, Делера долу а дешнаш Якхайн кӀентан АгӀуран ду. Итиале а, Укале а дӀадийцина ду хӀорш:

[2] «Адамах тера а воцуш, сонтачу хьайбанах тера ву со, соьгахь адамехь болу кхетам а бац.

[3] Хьекъалалла аса Ӏамийна а дац, Везачу Делах лаьцна сан хаарш а дац.

[4] Мила ву, стигала хьала а ваьлла, юхавирзинарг? Мила ву шен карахь мох сацийнарг? Мила ву шена тӀекхоьллинчу обанна юкъахь хи сацийнарг? Мила ву дуьненан доза хадийнарг? Муха ю цуьнан цӀе? Муха ю цуьнан кӀентан цӀе? Хьуна хууш дуй иза?

[5] Делан хӀора дош зийна бакъ ду: Иза Шена тӀевеанчунна турс хуьлий дӀахӀутту.

[6] Цуьнан дешнашна тӀе хӀумма а тӀе ма тоха, иза ахьа дахь, Цо хьо гучу а воккхур ву, хьо харцдерг дуьйцуш хилар дӀа а гойтур ду».

[7] Ши хӀума ду ас Хьоьга доьхуш, со валале тӀеэцахьа сан дехар, Веза Эла.

[8] Даьссаниг а, харцдош а суна гена даккхахьа, суна я къоьлла а, я бахам а ма лохьа, Суна доггӀучул кхачанан дакъа схьадустахьа.

[9] Суна догӀучул дукха хӀума сан хилахь, со Хьох дӀакъаста мега, «Веза Эла мила ву?» – бохуш. Амма со къен хилахь, аса хӀума лачкъо мега, тӀаккха Хьан цӀе аса бехйийр ю.

[10] Олахочунна хьалха цуьнан лех лаций вон дош ма ала, цуьнга хьайна неӀалташ ца кхайкхадайта а, хьо цу гӀуллакхна жоьпе ца озавайта а.

[11] Шайн дайшна а неӀалт боху нах хуьлу, ткъа цара шайн наной декъал а ца бо.

[12] Шаьш цӀена бехаш бу моьтту нах а хуьлу, ма-дарра аьлча, шайн боьхучух уьш цӀан ца бинехь а.

[13] Кура а, шаьш лакхара хеташ болу нах а хуьлу, уьш, шайн кортош хьала а айдина, лаккхара хьоьжу.

[14] Тарраш санна, цергаш йолу нах а хуьлу. Церан моччагӀалш арсаш санна хуьлу. Церан Ӏалашо хуьлу къен нах дӀакхалла а, адамашна юкъара пекъарш цистина дӀабаха а.

[15] ЦӀубдаран ши йоӀ ю, цара гуттар а боху: «Схьало, схьало, схьало». Кхо хӀума ду, цкъа а дузур доцуш, «Тоьар ду!» цкъа а эр доцу диъ хӀума ду:

[16] Иза адаман каш а ду, бер ца хуьлу зуда а ю, догӀа даре сатуьйсуш долу дакъаделла латта а, иштта йогуш йолу цӀе а ю, цкъа а «тоьар ду» эр доцуш йолу.

[17] Цавашарца дега хьоьжуш волчун бӀаьргашна тӀе ломъаьрзунаша зӀакарш еттар ю, ткъа ненан доладар дӀатоттуш волчун бӀаьргаш тогӀин хьаргӀанаша дӀакхоллур бу.

[18] Сан кхетам тӀе ца кхуьу кхо хӀума ду, диъ хӀума а ду со ца кхеташ:

[19] стигалахь лелачу аьрзунан некъ, тархашна юкъахь лелачу лаьхьанан некъ, хӀорда тӀехула дӀадоьдучу хӀордкеманан некъ, иштта стеган йоӀе боьдучу безаман некъ.

[20] Ткъа ямарта хуьлучу зудчун некъ иштта бу: хӀума а кхаьллина, бетах куьг а хьаькхна, цо олу: «Ас цхьа а вониг ца дина».

[21] Кхо хӀума ду, дуьне дегош долу, цуьнга лалуш доцу диъ хӀума а ду:

[22] паччахь хилла дӀахӀутту волу лай, муьлххачу кхачанах вуьзна волу сонтаниг,

[23] хьалха ца езаш хилла йолу, ткъа хӀинца маре йоьду зуда, иштта шен хӀусамненан метта оьцуш йолу гӀарбаш.

[24] Дуьнен чохь йиъ жима хӀума ю, амма уьш хьекъал долчарна юкъахь уггар хьекъал долуш ю:

[25] кӀезиг ницкъ болуш ду зингатий, амма цара аьхка дуьйна шайна кхача кечбо;

[26] лаьмнийн дехкий, шаьш нуьцкъала дацахь а, цара херонашкахь шайна Ӏойла кечйо;

[27] цӀазана тӀехь паччахь ца хуьлу, амма уьш нийсачу могӀаршкахь лела;

[28] моьлкъа куьйгашца а схьалацало, амма иза паччахьан цӀа чохь а беха.

[29] Кхо хӀума ду, хаза лелаш долу, майра болар долу диъ хӀума ду:

[30] лом, акхарошна юкъахь уггар ницкъ болуш долу а, цхьана а хӀуманах ца кхоьруш долу а;

[31] кура болар долу нӀаьна а, бож а, иштта шен эскарна коьртехь лелаш волу паччахь а.

[32] Нагахь, хьо лакха а воккхуш, хьо сонта хиллехь, я зулам дан хьайна ахьа дагадаийтахь, бета тӀехь долчу куьйгаца хьайн вистхилар сацаде!

[33] ХӀунда аьлча шура лийсаро даьтта кхолларе терра а, мерах тохаро цӀий кхолларе терра а, оьгӀазалла карзахъяккхаро къийсар кхуллу.

Кицанаш — Chapters