Skip to content
Opens in a new window

[1] ХӀорш ду Сулим-паччахьан кхидолу кицанаш, яхӀудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхӀун ялхоша схьагулдина долу.

[2] Нах Делан сийдеш бу, Цо цхьадолу хӀуманаш къайладахарна. Нах паччахьан сийдеш бу, цо хӀуманаш талларна.

[3] Стигалан лакхалле а, лаьттан кӀоргалле а кхачалург цахилар санна, паччахьан дагах а кхета йиш яц.

[4] Боьхачух цӀанде дети, говзанчина кад бан гӀирс лур бу ахьа.

[5] Паччахьна уллора Ӏеса стаг дӀаваьккхича, нийсонехь чӀагӀлур ду цуьнан паччахьалла.

[6] Паччахьна хьалха айхьа хьо хеста а ма ве, сийлахь болчийн метта охьа а ма хаа.

[7] «Схьавола!» – аьлла, паччахьо хьо тӀекхайкхича дика хир ду, цхьана элана хьалха хьо сийсазваьккхина хуьлучул. Хьан бӀаьргашна гинарг бахьана долуш

[8] стаг кхеле озо сих ма ло. Ахь хӀун дийр дара, хьайна уллорачо гӀуллакх къастийначул тӀаьхьа хьо юьхьӀаьржачу хӀоттийча?

[9] Уллораниг хьайн гӀуллакхна кхеле озийча, кхечу стеган къайле гучу ма яккха.

[10] Хьо иштта лелаш велахь, иза хезначо хьо юьхьӀаьржачу хӀоттор ву, и юьхьӀаьржо хьо мел веха хьоьца хир ю.

[11] Даточу пхьегӀи чохь Ӏуьллучу дашочу Ӏежех тера хуьлу доггӀучохь аьлла долу дош

[12] Хьекъал долчу стеган нисваран дош дашочу чӀагарал а, уггар цӀеначу деших динчу туьтел а деза ду ладогӀа хуучу лергана.

[13] Ялта чудерзочу хенахь лайн шело санна хуьлу ша дӀахьажийначунна тешаме волу геланча – шен олахочун дог ойу цо.

[14] ДогӀа ца луш йолу марханаш а, мох а санна ду, совгӀат дийр ду а аьлла, иза цадар.

[15] Собарца куьйгалхочун ойла корчуьйту, ткъа эсалчу къамело кхоччуш чӀогӀа йолу ойла а хуьйцу.

[16] Хьайна моз карадахь, шен барамехь даа иза, тӀех дукха а диъна, и моз схьа ца Ӏетторхьама.

[17] Иштта хьайн доттагӀчун цӀа эхар а лагӀде, хьо кӀорда а вайтина, цуьнан хьайга цабезам ца кхоллабалийтархьама.

[18] Чхьонкар я тур, я ира пха санна хуьлу шена уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла деш волу стаг.

[19] Вон тӀедеанчу хенахь тешаме воцучунна тӀетовжар – лозуш йолу церг я астагӀа ког санна хир ду хьуна.

[20] Баланехь волчу стагана ирсе эшарш лекхар цуьнгара шийлачу дийнахь тӀера бедар схьаяккхар санна ду, я чевнна тӀебутту туьхаберам санна ду.

[21] Хьайн мостагӀа меца велахь, цунна бепиг ло, иза хьогах велахь – хи ло:

[22] иштта дерг дарца цуьнан коьрта тӀе догуш долу кӀегий гулдо ахьа, ткъа Везачу Эло хьуна ял лур ю.

[23] Къилбаседехьара схьахьоькхуш болчу мохо догӀанаш дахьаре терра, эладита дечун матто оьгӀазе хьежар дахьа.

[24] Шерачу тхевнан цхьана сонехь Ӏар гӀоле ду, къийса лууш йолчу зудчуьнца цхьаьна цӀа чохь Ӏачул.

[25] Генарчу махкара болу хаза кхаъ хьогах волчу стагана шийла хи санна бу.

[26] Даьржина хи санна я бехдина шовда санна ву Ӏесачу стагана хьалха къарлуш волу дика стаг.

[27] Моз тӀех даар вон хӀума хиларе терра, нуьцкъаш шен сий дайтар сий хилар дац.

[28] Гонахара пен бохийна лаьтташ йолу гӀала санна ву са ца тохалуш волу стаг.

Кицанаш — Chapters