Skip to content
Opens in a new window

[1] Паччахьан дог Везачу Элан карахь ду, хорша чуьра хи санна, Шена луъучу метте дӀахьажо йиш ю Цуьнан иза.

[2] Шен бӀаьргашкахула стагана дерриг а шен некъаш нийса хета, амма Веза Эла цуьнан дог зуьйш ву.

[3] Бакъдерг а, нийсо а лелор Везачу Элана тамехь ду, сагӀанаш дохучул.

[4] Адам сийсаздоккхуш долу бӀаьргаш а, кура дог а – Ӏесачу нехан дахарехь къилахь хӀума ду.

[5] Хьаналчу стеган Ӏалашонаша иза шортонна тӀе кхачаво, ткъа сиха леларо адам къоьлли тӀе кхачадо.

[6] Харцлерца гулдеш долу хьал Ӏожалла лоьхучеран сихха къайлайолу Ӏаь санна ду.

[7] Ӏесачу наха еш йолчу къизалло уьш шаьш дакъазабоху, хӀунда аьлча царна нийсонца лела ца лаьа.

[8] Харцонца лелаш волчун некъаш галморзаха дуьйлуш хуьлу, ткъа хьаналчу стеган лелар нийса хуьлу.

[9] Шерачу тхевнна тӀехь сонехь Ӏар гӀоле ду, къийса лууш йолчу зудчуьнца цхьаьна цӀа чохь Ӏачул.

[10] Вон стаг вонаш лело лууш хуьлу, цо шена уллорачух къинхетам а ца бо.

[11] Кхечу нахах кхаьрдаш волчунна ахьа таӀзар дича, бодане нах а хьекъалалле кхочур бу. Хьекъал долчунна ахьа хьехар дича, цуьнан хаарш совдевр ду.

[12] Нийса лелаш волу Дела Ӏесачеран цӀенош тергал деш хуьлу, Цо дакъазабоху Ӏеса нах.

[13] Мискачара доккху орца хезча, шен лергаш дӀакъовлуш волчунна, цо орца доьхуш мохь хьаькхча, цхьа а стаг цунна орцах вер вац.

[14] Къайлаха динчу совгӀато оьгӀазалла дӀайоккху. Цхьанна а ца хоуьйтуш беллачу кхоо оьгӀазвахар дӀадоккху.

[15] Нийсонца йинчу кхело хьаналчу нахана хазахетар дахьа, амма харцонаш лелораш цо къемате кхочуьйту.

[16] Хьекъал долчун некъа тӀехь тилавелларг беллачеран дуьнен чохь соцур ву.

[17] Сакъерар дезачунна къоьлла тӀейогӀур ю. ЧагӀар а, токхе кхача а безарг цкъа а хьал долуш хир вац.

[18] Хьаналчеран метта, бохам Ӏесачарна тӀе богӀур бу, ткъа догцӀеначеран метта, иза тешаме боцучарна тӀе богӀур бу.

[19] Яьссачу арахь вахар гӀоле ду, къийсаяла а, яппарш ян а луучу зудчуьнца вехачул.

[20] Хьекъалечун цӀа чохь дика кхача а, деза даьтта а хуьлу, ткъа сонтачо шен ерг а чӀанайоккху.

[21] Массо а хенахь нийсонца а, безамца а леларна тӀегӀерташ верг дуккха а вехар ву, цуьнца нийса лелар ду, цундела цуьнан сий дийр ду.

[22] Хьекъал долчуьнга ницкъболчаьргара гӀала а схьаяккхало, церан бӀобулуш хилла долу пенаш а дохало.

[23] Шен бага а, мотт а ларбечо ша вочу хӀуманах кӀелхьарвоккхур ву.

[24] Кхечу нахах кхаьрдарг кура а, ша лакхара хеташ а ву. Доза доцуш долчу кураллица лелаш ву цу тайпана стаг.

[25] Малонча шен лаамаша хӀаллакво, хӀунда аьлча цуьнан куьйгаша болх бан ца туьгу.

[26] Де дийне мел долу, цу сутаралло са доу цуьнан, ткъа хьаналчу стага шен долахь дерг, кхоа а ца деш, дӀало.

[27] Везачу Элана ца деза Ӏесачу наха дохуш долу сагӀанаш, уьш мекарлонца дохуш хилча – муххале а ца деза.

[28] Харцтоьшалла дийриг хӀаллакьхир ву, ткъа дикка ладоьгӀна волчу тешо чаккхенна тӀекхаччалц дуьйцур ду.

[29] Ӏесачу стага моттаргӀанаш лелайо, ткъа хьаналчу стага ша лелачу некъан ойла йо.

[30] Цхьа а хьекъалалла а, я кхетам а, я Ӏалашо а лаьттар яц Везачу Элана дуьхьал.

[31] ТӀом болучу дийнахь говр кечйо, амма толам Везачу Элера бу.

Кицанаш — Chapters