Skip to content
Opens in a new window

[1] Айхьа куьйгалхошца хӀума юучу хенахь, хьо хьаьнца хиъна Ӏаш ву диц ма де.

[2] Дуккха а хӀума яа хьан лаам хилахь, хьайн логана дуьхьало хӀоттае.

[3] Чам болчу цуьнан кхачанах хьоьгуш ма хила, хӀунда аьлча цо хьо Ӏехо мега.

[4] Хьал долуш хилархьама, хьайн сих валлалц къа ма хьега. Болх сацо беза хан йовззал хьекъале хила.

[5] Ахь хьайн бӀаьргаш хьоле дӀахьажошшехь, цуьнан дукха сиха тӀемаш а довлу, аьрзу санна, иза стигала хьала а доьду.

[6] Саьхьарчу стеган шуьн тӀера яа хӀума ма яа, цуьнан мерзачу кхачанах вуьзна хила лууш ма хила,

[7] хӀунда аьлча цуьнан са, догӀа а тоьхна, дӀакъевлина ду. Цо хьоьга: «Яа а яа, мала а мала» эр ду, амма цуьнан дог хьоьца дац.

[8] Айхьа дӀакхаьллина цуьрг схьаӀеттор ду ахьа, ткъа ахьа аьлла мерза дешнаш а эрна хир ду хьан.

[9] Хьекъал доцучуьнга хӀумма а ма ала, хӀунда аьлча хьекъалечу къамелах иза воьлур ву.

[10] Ширачу заманахь баьккхина шу цкъа а меттах ма баккха, боберийн кха а схьа ма даккха,

[11] хӀунда аьлча церан нуьцкъала ГӀодаккхархо ву, хьуна дуьхьал долу гӀуллакх Цо къастор ду.

[12] Хьайн дог хӀума Ӏамарна тӀе дерзаде, хьайн лергаш хаарш хаза схьаделла.

[13] Бер таӀзар ца деш ма диталахь, цунна иза догӀучохь. ГӀаж еттарца цунна таӀзар дарх бер лийр дац.

[14] Ахь сара беттарца берана таӀзар дахь, иза эхарте кхачарх кӀелхьардоккхур ду.

[15] Сан кӀант, хьо даг чохь хьекъал долуш хилахь, со даггара ирс долуш хир ву.

[16] Сан кийрахь мел дерг а синкъераме хир ду, хьоьгара суна догцӀена долу дешнаш хазахь.

[17] Къа летош болчу нахах ма хьега, амма массо а ханна Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хила.

[18] Хьан хиндерг-м хьуна хьалха билггал хир ду, ткъа хьан сатуьйсийла цкъа а дӀадер дац.

[19] Ла а догӀа, сан кӀант, хьекъале а хила, хьайн дог нийсачу некъа тӀе а дерзаде.

[20] ТӀехдаьккхина чагӀар муьйлучаьрца а, жижиг даар тӀехдоккхучаьрца а гергарло ма леладе,

[21] хӀунда аьлча маларш муьйлучунна а, сутара гай долчунна а къоьлла тӀейогӀур ю, ткъа наб озоро царна тӀе тӀелхигаш юхур ю.

[22] Хьо дуьнен чу ваьккхинчу хьайн дега ладогӀалахь. Хьайн нене а ларамах вуьзна хилалахь, иза къанъелча а.

[23] Бакъдерг лаха хьайна, цунах дӀа ма къаста. Иштта хьекъалалла а, хьо Ӏамор а, кхетам а лаха.

[24] Хьаналчу стеган да чӀогӀа самукъадолуш хуьлу. Нагахь бераш хьекъалалла долуш делахь, да царах воккхавеш хуьлу.

[25] Хьан дай-наний ирс долуш хуьлийла, хьан нана самукъадолуш хуьлийла.

[26] Сан кӀант, дикка тидам бе сан, со лела некъ тамехь хуьлийла хьуна.

[27] Нахаца лела зуда – бух боцу Ӏин санна хуьлу хьуна, ткъа шен йоцу зуда – готта гӀу санна хуьлу хьуна.

[28] Иза кӀело йина Ӏаш волу талорхо санна ю, цуьнан леларо божаршна юкъахь йолу ямартло алсамйолуьйту.

[29] Мила ву ахӀ-ухӀ деш? Мила ву девнаш дохуш, аьрзнаш деш? Хьенан ю, мичара яьлла а ца хууш, бӀаьргкӀелош Ӏаржйина? Хьенан бӀаьргаш ду, даьржина хи санна?

[30] Уьш чагӀарш муьйлучохь дуккха а хан йоккхучеран, чӀогӀа маларш муьйлучеран ду.

[31] ЧагӀар цӀен делахь а, цунах Ӏеха ма ло. Иза пхьегӀи чохь хаза ловзу, атта мала а ло.

[32] Амма цул тӀаьхьа цо, мерзлаьхьано санна, це туху, дӀаьвше лаьхьано санна, цергаш а юхку.

[33] Хьан бӀаьргашна хьалха хийра хӀуманаш хир ду, хьайн дагахь ахь кхетаме доцург дуьйцур ду.

[34] Хьуна хьо сихачу хӀорда тӀехь волуш санна хетар ду, хьуна хьо хӀордкеманан лакхарчу декъехь Ӏуьллуш санна хетар ду.

[35] Ахьа эр ду: «Цара йиттира суна, амма суна зе ца дина, чӀогӀа йиттира, амма суна иза хаа а ца делира. Со маца самавер ву те? И малар аса кхин а лохур ду».

Кицанаш — Chapters