[1] Нийса ца узу терза Везачу Элана ца деза, ткъа нийса узуш долу терза Цунна тамехь ду.
[2] Куралла йоьссича – юьхьӀаьржачу хӀутту, ткъа эсала болчаьрца хьекъалалла хуьлу.
[3] Шайн хьаналло догцӀена берш дахаран новкъахула дӀабуьгу, ткъа шайн сийсаздаккхаро тешаме боцурш хӀаллакбо.
[4] Бекхам бечу дийнахь хьоло гӀо дийр дац, амма нийсоно Ӏожаллех кӀелхьарвоккхур ву.
[5] ДогцӀена болчеран нийсоно царна нийса некъ боккху, ткъа Ӏесачу нехан Ӏесалло уьш охьаоьгуьйту.
[6] Бакъахьа лелаш верг шен нийсоно кӀелхьарвоккхур ву, амма мекарниг шен Ӏесачу лаамо дӀалоцур ву.
[7] Ӏесачу стеган дӀакхалхарца цуьнан сатийсам а дӀаболу, иштта зуламе стаг хьоьжуш дерг а дӀадолу.
[8] Дика стаг баланех кӀелхьарволу, цуьнан метта цу балано Ӏеса стаг дӀалоцу.
[9] Шен къамелашца Ӏесачо шен уллорачунна бохам боккху, амма Делан лаамехь волу стаг шен хьекъалалло кӀелхьарвоккху.
[10] Хьаналчу стеган аьтто хилча, ерриг а гӀала йоккхаеш хуьлу, ткъа Ӏесачу стеган валарх массарна а ловзар хуьлу.
[11] Дикачу наха декъалъяр бахьана долуш гӀалин аьтто боккху, амма Ӏесачу нехан къамелашца гӀалина бохам боккху.
[12] Хьекъал кӀезиг долчо шена уллораниг емалво, амма хьекъал долчо вист ца хуьлуш собардо.
[13] Мотт бетташ лелачо шега дийцинарг дӀасадаржадо, амма тешаме волчо къайле дӀахьулйо.
[14] Куьйгалла ца тоьуш хиларна, халкъ хӀаллакьхуьлу, амма хьехамчаш дукха хиларо халкъан аьтто боккху.
[15] Шена бала бо кхечу стагах дош делла волчо, амма цу тайпана дош далар шена тӀе ца оьцуш волчунна кхерам бац.
[16] Эсала йолчу зудчо шега ларам кхоллаболуьйту, ткъа къизачара шайна хьал гулдо.
[17] Къинхетаме волчу стага шен дагна синхьаам хуьлуьйту, ткъа къизачу стага ша хӀаллакво.
[18] Ӏесачу стага йоккху ял стаг левеш йоккху, амма, лаьтта тосу хӀу санна, нийсо тосучун совгӀат чӀогӀа лаьтта.
[19] Нийсо леррина кхочушъечарна дахар карор ду, ткъа зуламаш лелочара шайна Ӏожалла лоьху.
[20] Везачу Элана ца беза ямарта дог дерш, амма Иза воккхавоь кхоччуш цӀена лелаш болчарах.
[21] Билггал бакъ ду, вон стаг таӀзар тӀе ца догӀуш вуьсург цахилар, амма дикачу нехан тӀаьхье кӀелхьарйоккхур ю.
[22] Хьакхин мерах боллу дашо хӀоз санна ю, хаза а йолуш, хьекъал доцу зуда.
[23] Хьаналчу нехан лаам кхочушхиларо дика кхин а алсамдоккху, амма Ӏесачу нехан сатийсам кхочушхиларо дералла яхьа.
[24] Комаьрша волчунна кхин а алссам хӀума тӀедогӀу, амма сутара хиларо къоьлла тӀеялайо.
[25] Комаьрша волчун аьтто боккхур бу, ткъа кхечунна хи малош волчунна а хи малор ду.
[26] Шен долахь долу ялта шегахь сецош волчунна наха неӀалт олу, амма декъала хир ву ялта дӀадухкуш верг.
[27] Дика дан кийча верг наха лору, амма вон деш волчунна иза шена юхадоьрзу.
[28] Шен бахамах тешна верг вужур ву, амма диканиг, керла хьаладаьлла гӀа санна, хьалавер ву.
[29] Шен доьзална бала бахьаш волчунна яьссалла кхочур ю, ткъа сонтаниг хьекъалалла долчун лай хилла лелар ву.
[30] Делан лаамехь болчара кхиориг – дахаран дитт ду, хьекъалалла долчо адамийн синош тӀеозадо.
[31] Лаьтта тӀехь а болуш, дикачу нахана царна догӀург луш хилча, Ӏеса а лелаш, къинош летош болчарна цул сов а иза лур ду.