[1] Ярушалайм-гӀалин паччахь волчу а, Даудан кӀант волчу а устазо дина къамел иштта ду.
[2] «Ма кӀорга къайле ю! – олу устазо, – Ма кӀорга къайле ю! Ма дукха хӀума ду вайн кхетам тӀе ца кхуьуш!
[3] Стигална кӀел къахьоьгуш, ша мел динчу хӀуманах буьсун болу хӀун пайда оьцу адамо?
[4] Адамийн тӀаьхье дӀа а йолу, керла тӀаьхье тӀе а кхуьу, ткъа латта абаденналц лаьтта.
[5] Малх схьа а кхета, малх дӀа а бузу, иза юха а ша схьакхетачу метте баха сихло.
[6] Мох къилбехьа а хьокху, къилбаседехьа юха а боьрзу. Иза, хьийзий, хьийзий, юха а шен метта схьабоьрзу.
[7] Дерриге а хиш хӀорда чу хьовду, амма хӀорд цкъа а тӀех ца болу. Шаьш схьадевллачу метте юхадоьрзу и хиш.
[8] Массо а гӀуллакх саццаза дӀаоьху, Дийца долчух дерриг а цхьаьнгга а дийца лур дац. Хьежарх бӀаьрг а бузур бац хьан, ладегӀарх – лерг а дузур дац.
[9] Хьалха хилларг юха а хуьлу, ткъа хьалха диннарг юха а дийр ду, стигална кӀел керла хӀумма а дац.
[10] Цхьаццаммо олу: „Хьажахьа, хӀара керла хӀума ду!“ Амма иза а хилла ширачу заманахь, вайн заманал дуккха а хьалха.
[11] Хьалха хилла адамаш цхьанна а хӀинца дага а ца догӀу, ткъа хӀинца дуьйна хиндолу адамаш дагадогӀур дац царна тӀаьхьа хир долчу адамашна а».
[12] Устаз волчу аса Ярушалайм-гӀаларчу Исраилан халкъана тӀехь паччахьалла дора.
[13] Сан даго къобалдира кху стигална бухахь адамаша кхочушдо гӀуллакхаш, хьекъалдолчара ма-дарра, кхоччуш таллар. Ма хала бу-кх Дала адамашна кхочушбан белла и болх!
[14] Стигална кӀел деш долу дерриге а гӀуллакхаш а гира суна. Уьш дерриш а, махана Ӏуналла дан гӀертар санна, кхетам тӀе ца кхуьу хӀуманаш ду.
[15] Сеттина йолу хӀума нис а лур яц, ткъа доцург дагар а лур дац.
[16] Ас сайн дагахь элира: «Хьажал, сайл хьалха Ярушалаймана тӀехь олалла деш хиллачу массарал а чӀогӀа хьалаваьлла со хьекъалаллица. Дуккха а кхетамалла а, хьекъалалла а тӀекхетта суна».
[17] Сан даго къобалдира хьекъал довзар а, иштта хьекъалх тилар а, сонталла хилар довзар а. ТӀаккха со кхийтира, иза а, махана Ӏуналла дан гӀертар санна, хӀума дуйла.
[18] Доккхачу хьекъалаллах боккха бала хуьлу, ткъа шена кхетам гулбечо гӀайгӀа гулйо.