Skip to content
Opens in a new window

[1] Хьекъалалло, шена цӀа а дина, ворхӀ бӀогӀам а хьаькхна, уьш дӀахӀиттийра.

[2] Дийнатна урс а хьаькхна, чагӀар а доьттина, цо пхьор охьахӀоттийра.

[3] ГӀалин уггар лекхачу меттера мохь туххуш дӀаалийта шен ялхой бахийтира цо:

[4] «Бодане верг кхуза схьавола!» Хьекъалх эшна болчаьрга а боху цо:

[5] «Схьадуьйла, даа сан бепиг, мала ас даьккхина долу чагӀар.

[6] Дита шайн бодане лелар, тӀаккха шу дехар ду. Кхетамечу новкъахула лела дуьйлало».

[7] Кхаьрдаш верг нисван гӀертахь, цо хьуна кхиссарш йийр ю. Ӏесачу стагана тӀехтохам бахь, цо хьо нахала воккхур ву.

[8] Цундела нахах кхаьрдаш волчух бехк ма баккха – цуьнан хьоьга цабезам кхоллалур бу. Амма ахьа хьекъал дерг нисвахь, цуьнан хьоьца ларам хир бу.

[9] Хьехар де хьекъал долчунна, цуьнан хьекъалалла кхин а совдер ду. ДогцӀена долу стаг Ӏамаве – цуьнан хаарш кхин а алссам хир ду.

[10] Везачу Эле ларамах вуьзна хилар – иза хьекъалаллин юьхь ю, ткъа Веза Дела вовзар – иза кхетам бу.

[11] Хьекъалалла долчу соьгахула хьан оьмар а яхлур ю, хьан дахаран шераш а совдевр ду.

[12] Хьо хьекъале велахь, хьуна пайда бахьар бу оцу хьекъалалло, амма хьо кхаьрдаш велахь, оцу кхардаро хьуна зе дийр ду.

[13] Сонталла чӀогӀа аз долуш йолу зуда санна ю. Иза бодане ю – цунна хӀумма а ца хаьа.

[14] Шен цӀенна чуволучу меттехь, гӀалин уггар лекхачу меттехь, гӀанта тӀехь Ӏаш ю иза.

[15] Цо шена уллохула тӀехбуьйлучу а, нийсса шайн новкъахула дӀабоьлхучу а нахе мохь бетта:

[16] «Со йолчу схьавола, бодане волу массо а стаг!» – бохуш. Хьекъална кӀорге боцучаьрга а цо боху:

[17] «Лачкъийна долу хи а мерза ду, къайлаха доу бепиг а мерза ду».

[18] Ткъа царна ца хаьа, цуьнан цӀа чохь белла нах буйла а, цо схьакхайкхинарш беллачу нехан дуьнен чу биссина буйла а.

Кицанаш — Chapters