[1] Стеган дика цӀе яккхар хьал долуш хуьлучул а деза ду. Нехан ларам детил а, дешил а беза бу.
[2] Хьал долуш верг а, къен верг а, ишттачу хӀумане хьаьжжина, цхьатерра ву: и ший а Везачу Эло кхоьллина ву.
[3] Хьекъал долчо, бохам хир бу аьлла шена хетча, цунах ша ларвойту, ткъа бодане нах, нийсса цу тӀе боьлху дела, жоьпе озабо.
[4] Кхечарал ша лахара а хеташ, Везачу Эле болчу ларамах стаг вуьзна велахь, цунна хьал а, сий а, дика дахар а хуьлуьйтур ду.
[5] Зуламечу нехан некъашна тӀехь коканаш а, гураш а хуьлу, амма шен дахар дезаш верг цига гӀур вац.
[6] Жима долчу хенахь Ӏамаде бер нийсачу новкъахула лела – иза, доккха хилча, цу некъа тӀера дӀадер дац.
[7] Хьал долуш волчо къечу нахана тӀехь олалла до. Юхалург хӀума оьцуш верг и хӀума лучун ялхо хуьлу.
[8] Зуламан хӀу тосучо бохаман ялта гулдийр ду, ткъа кхечарна цо еш йолу гӀело чекхъер ю.
[9] Декъала хир ву комаьрша стаг, хӀунда аьлча цо шен кхача къечу нахаца боькъу.
[10] ДӀалалла шайна уллора нахах кхаьрдарг, иза дӀаваханчул тӀаьхьа вовшашка болу цабезам а, девнаш а, бага еттарш а дӀадевр ду.
[11] ДогцӀеналла езаш а, маттана шера а хьо велахь, паччахь хьан доттагӀа хир ву.
[12] Везачу Эло бакъдолу хаарш лардо, ткъа харцнехан дешнаш Цо дакъазадоху.
[13] Малончо олу: «Арахь лом ду! Урамновкъахь со вуьйр ву!»
[14] Нахаца лелаш йолчун бага йоккха кӀело санна ю, Везачу Эло неӀалт аьлларг цу чу вужур ву.
[15] Шен даг чуьра дуьйна бер сонта хӀума дан кийча ду, амма таӀзаран серо цунна тӀера дӀалоллур ду иза.
[16] Шена са яккхархьама къечу стагана гӀело йийриг а, хьал долчу стагана совгӀаташ дийриг а – и ший а къоьлле кхочур ву.
[17] Хьекъалалла долчийн дешнийн тидам а бе, цаьрга ла а догӀа. Ас хьуна Ӏамор долчун даггара ойла е,
[18] хӀунда аьлча тамехь хир ду хӀара дешнаш хьайн дагахь латтор а, уьш дӀадийцийта кийча хилийтар а.
[19] Хьуна ас тахана Ӏамор ду и хьекъале кицанаш, Везачу Элана тӀетевжаш хьо хилийтархьама.
[20] Ас хьуна ткъе итт хьекъале аьлларг дӀаяздина, хьекъалаллех а, хаарех а дуьзна ма ду.
[21] Цара Ӏамор ду хьуна нийса а, бакъ а дерг, тӀаккха хуур ду хьуна хьо ваийтинчунна нийса жоп дала.
[22] Къечуьнгара иза атта хетарна хӀума схьа а ма яккха, кхел ечу меттехь декъазачунна гӀело а ма е.
[23] Везачу Эло къен болчаьрга гӀо доккхур ду, царна къола динчарна къола а дийр ду Цо.
[24] Сихха оьгӀазвоьдучуьнца гергарло ма леладе, сиха моха йогӀучарна улло а ма гӀо,
[25] церан некъаш ца Ӏамархьама а, хьайна гур ца богӀийтархьама а.
[26] Кхечу стагах дош а ма ло, цуьнан декхарш хьайна тӀе а ма лаца.
[27] Уьш хьоьга дӀа ца такхалахь, ур-атталла хьайн дӀавуьжу мотт-гӀайба а хьуна кӀелара дӀалоцур бу.
[28] Хьайн дайша дӀахӀоттийна болу шира шу дӀа ма хилабе.
[29] Шен говзалла дика хууш волу стаг гиний хьуна? Цо паччахьашна гӀуллакх дийр ду. Боданечу нахана гӀуллакх дийр дац цо.